ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тоьхна йоцу" бомбанаш юьйцуш Iедална балеваьлларг


Тахана цхьанха а хаьхош дац 1999-чу шарахь Веданан кIоштарчу ХIинжи-кIотарахь хилларг, оцу бохамехь 9 стаг вийнехь а.

Нохчийчуьрчу прокуратуран а, талламан комитетан а белхахошна а гина хир ву и заьIап къано шаьш долчу веана. Оцу хьукматашка кест-кесста воьду иза, ша чубеллачу латкъамах хIун хилла хьажа. Салаватов Лом-Iелин дегIан цхьа агIо сецна ю. Иза хилла цунна юьртарчу маьждиган тIе кеманно тIе бомбанаш тоьхча.

Тахана цхьанха а хаьхош дац 1999-чу шарахь Веданан кIоштарчу ХIинжи-кIотарахь хилларг, оцу бохамехь 9 стаг вийнехь а. Салаватов Лом-Iелас иштта дагалоьцу и де.

Салаватов: «1999-чу шарахь маьждиган ракета тухучу хенахь мархийн беттан 3-гIа де дара. Байина дуккха а нах бара цигахь. Цхьа а стаг вац цигахь беллачу гергарчарех соьца хIинца уллехь араваьлла. Со со ву. Цабаьхьа нах».

Салаватов Лом-Iела шен могашалла дика йоццушехь бакъо а, нийсо а лоьхучура соцуш вац.

Цо Москох кхаччалц аьрзнаш дина. ХIоразза а цуьнга жоп кхочу, хилларг къасто йиш яц, я воккхачу стеган дог Iовжош долу „и саннарг Нохчийчохь хилла дац” олий.

Муха дац, шена ган а гуш, оцу юккъера ша бен кхин дийна стаг а ца вуьсуш? хилла ма ду иза, бохуш цецвуьйлу Лом-Iела.

Салаватов: «Талламан комитете дIаделла ас арз. Цара эскархошка дIахьажийна иза. Москоха а, Ханкала а яздина ас. И хIумма хилла а дац олий, жоп доуьйту».

Салаватов Лом-Iелана нийсо лохуш хьехамца гIо деш ву Хаджимурадов Сулейман. Иза цхьана хенахь оцу Веданан кIоштан префект хилла ву. Шена герга бу боху цо шен юьртахойн а, махкахойн а баланаш. Лакхахь дуьйцучуьнах къаьста и гIуллакх цхьанна а агIор талла а, листа а лууш, я эскархой а, я меттигера Iедалш а дац аьлла вистхилара иза.

Хаджимурадов: «Талламан комитете арз дIаделла 2-3 шо ду. Цхьанна а меттехь яздина дац оцу маьждиган тIе бомбанаш тоьхна хилар. Бехке берш карош бац олу».

Амма шайга кхийдочу гIуллакхах Iедалхоша а, низамхоша а пебеттарх иза бакъонца чакхене ца кхачош Iийр вац ша боху Хаджимурадов Сулеймана. Эшахь, дуьненаюкъарчу цхьаьнатохараллашка а кхочур ву ша, элира цо.

Хаджимурадов: «Масатоп карахь ерг «схьало суна яа хIума», аьлла цхьана нехан чувахча, иза а важа а кара ма во кхарна дукха сиха. Со Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле кхаччалц дIагIур ву-кх эшахь».

Эзарнашкахь бу Салаватов Лом-Iела санна бохам а лайна, чуьра нах байина, я докъаза байна, оцу харцоно дегнаш Iийжош, легашкахь къурдаш а деш Iаш болу доьзалш.

Царах кIеззиг дакъа бен дац Iедалшкара мелла кхаьчна а гIо кхаьчна. Ткъа хIара воккха стаг мелла лела веза нийсо лоьхуш? Иза хууш дац. Воккха стаг Салаватов а, цуьнан юьртахь хилларг а дицдина дерриг а дуьнено.

XS
SM
MD
LG