Оьрсийчоьнан тIеман хIордан гIашсалти ву Шемахь вийнарг. Цуьнан цIе ю Бордов Сергей, хаам бо Reuters агенталло, цуьнан тIеман накъостана Павлюченко Вячеславана тIе а тевжаш.
Цо дийцарехь Бордов а, кхин а цхьа оьрсий а, ткъа иштта Шеман ши эскархо а вийна уллехь йоккхачу тоьпан хIоъа эккхар бахьана долуш.
Майоран Бордовн дакъа пIераскан дийнахь Севастополе дIакхачор ду боху Павлюченкос.