ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура мехах гIуллакх деш хилла эскархо Ялпаев Дмитирий вийна Эрмалойчохь Гюмрихь Охан-беттан 22-чу дийнахь. Иза тIечIагIдина Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Прокуратуро толлуш ду бехктакхаман гIуллакх. Полисхоша лаьцна меттигера вахархо. Иза коьртана дика воцу стаг хилла, хаам бо Интерфаксо.

Оьрсийчоьнан тIеман базера эскархо вийна карийнера Гюмри гIалахь цхьана туькана уллехь. Иза велла, урс деттар бахьана долуш.

XS
SM
MD
LG