ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-ГIаларчу колонехь тутмакхаша дуьхьало еш, шайна тIерачу бедарх цIе тесна


Колони. Гайтаман сурт
Колони. Гайтаман сурт

Номер 14 йолчу Ростоврчу шогачу рожан колонехь шина тутмакхо шаьш шайх цIе тесна, набахтен хьаькамийн тIедахкаршна протест кхайкхош, яздо "Интерфаксо". Дуьйцурш хIун тIедахкарш ду агенталлан хаамехь хоуьйтуш дац.

Федералан таIзар кхочушдаран урхаллан (ФСИН) комментарехь яздина ду, пхьорах кхеттачул тIаьхьа хантоьхначу шиммо "кафен тховтIе а ваьлла, шайн хечех цIе теснера, цул тIаьхьа шаьшиммо дIа а йойуш" аьлла. Кхечу тобане дехьавала ца лууш дина хIума дара боху цара.

ФСИН-н хаамашца, тутмакхашна "тIеххулара жимма чевнаш йина", лоьрийн гIо кхачийнера царна тIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG