ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-махкахь доза хадош дехьавалан лерийначо ша эккхийтина - зорбанаш


Дозанхойн пункт, гайтаман сурт
Дозанхойн пункт, гайтаман сурт

Ростов-махкахь стигалкъекъа-беттан 23-хь сарахь цавевзарг эккхачу гIирсаца дозанал дехьа вала гIоьртина. "Весело - Вознесенска" зерийн лоттийлехула - иза "Донецк къоман республикин" дозанехь йу. Ша сацон бохкийла хиъча, стага ша эккхийтина, боху хаамийн гIирсаша.

Цавевзарг кертал дехьаваьлла, хьуьнахула Максимов кIотар йолчу агIора дIаведда хилла, шайн хьосташна тIетовжарца, йаздо Shot телеграм-канало. Ведда воьду иза гича, дозанчаш тIаьхьабевлла цунна. ТIаккха стага ша эккхийтина, боху Mash телеграм-канало. Baza гIирсо дийцарехь, цавевзарг ахкорта боцуш, цхьа куьг доцуш схьакарийна - хетарехь, цуьнгахь хилларг карахь лелон граната йу.

Оьрсийчуьра Iедалхоша хилларг цхьанна а кепара комментари ца йеш, дитира. Талламан комитетан урхаллин, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин, Ростов-махкарчу декъан сайташкахь цу хиламах цхьа а хаам бац.

  • Ростов-махкахь дIалаьцна полисхошна тIелатарна шеконехь верг. Ницкъахошна карийна иза Новошахтинскана уллохь, дIатесна лаьттачу гIишлочохь, дIахьедина меттигерчу Iедало. Новошахтинскехь йу Оьрсийчоьнна, Украинин Луганск-махкана йуккъерчу дозанчийн лоттийла. 2014-чу шарахь дуьйна Украинин агIора иза ларйеш Оьрсийчоьнна муьтIахь болу сепаратисташ бара. Гурахь Оьрсийчоьно Луганск-мохк шайн латта ду аьлла дIакхайкхийра. ТIаккха лоттийла дIайаьккхира, йаздо Свобода Радионо.
  • Шо доладелчхьана герзаца, эккхачу гIирсашца дина пхи эзар гергга зулам гучудаьккхира Оьрсийчохь. Иза стохкалерчул 29, 7 процент сов йу, дIадаханчу шарчохь оццул йолчу йукъанна лерича. Цу терахьашца хьалхарчу меттехь лаьтта Украинин дозанца йолу Курск, Белгородск мехкаш, тоьшалла до МВД чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зераша.
  • Стохкалерчу аьхка Ростов-мехкан ФСБ урхаллин белхалоша хаамбира, фильтрацин зераш деш, Украинин цхьана махкахочун талламхошца уьйр хилар шайна гучудаларах - иза Оьрсийчу тIеман техникех дерг талла веана вара, боху цара. Шпионаж лелон мегаш цахилар дIахьедира цуьнга.
  • Украинин националистийн агIончаш жоьпе озарехь болу шайн болх жигарабаьккхина ницкъахойн урхаллаша. Цунах дийцира Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG