ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-на-Дону гIалахь Кадыровна кхерам тесинчу "Азов" тIемалочунна кхел йеш йу


"Азовсталь", Мариуполь, Украина
"Азовсталь", Мариуполь, Украина

Къилбехьарчу гонан тIеман кхеле кхаьчна "Азов" полкан 24 эскархочунна долийна бехктакхаман гIуллакхаш. Уьш 2022-чу шеран охан-баттахь Маруиполехь йийсаре лаьцна бу. Бехке леринчарлахь ву шоллагIа цIе "Химик" йолу Касаткин Давид. Цо Нохчийчоьнан куйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийссина аьлла ду.

Украинин Къоман гвардин лейтенант, "Азов" тобанан буьйранча Касаткин Давид тIеман йуьххьехь социал-машанийн жигархо вара. Шен цхьана йозанехь цо сийсазвира Кадыров Рамзан. И пост оьрсийн пропагандисташа шуьйрра йаржийра. Цуьнца "Азов" тобанан тIемалойн агресси гайта лерина бара уьш. ТIаьхьо оьрсийн эскархоша "Азовсталь" завод схьайоккхуш йийсаре лецира буьйранча Касаткин. Дийца даьккхира, украинхойн тIемало Соьлжа-гIаларчу СИЗО дIахьажор ву бохуш. Пропагандисто Кедми Якова бахарехь, Касаткин Нохчийчу дIавуьгуш, новкъахь дог сацар бахьана долуш дIакхелхина.

Касаткин Давид санна бехктакхаман гIуллакхашкахь нисбелла "Азов" тобанан тIемалой а. Оьрсийн ресурсашкахь долчу церан карташка хьаьжча, гуш ду, уьш 2022-чу шеран чиллин-баттахь дуьйна тIамехь цахилар. Уьш "Азовехь" лаьттина бу, амма йийсаре лоцучу муьрехь эскархой ларалуш ца хилла. Иштта йийсархошлахь нисбелира бехке лерина "Азов" полкан кинолог, масех йуург лелийна зуда, 2015-2017-чу шерашкахь цу декъехь хилла эскархой а.

  • "Йолахой" артиклаца Оьрсийчохь бехкевечу кхечу пачхьалкхашкара пхеа тIемалочун гIуллакхаш кхаьчна Ростов-на-Дону гIаларчу кхеле. Къилбехьарчу гонан тIеман кхело толлур ду Густавссон Матиасан, Пребеги Векославан, Хардинга Джонан, Хили Диланан и Хилл Эндрюн гIуллакхаш - Швецин, Хорватин, Великобританин махкахойн.
  • "Азовсталь" заводера дIабигина украинхойн тIемалой Ростован, Таганроган СИЗОШ-кахь чубоьхкина бу, меттигерчу хаамийн гIирсаша стигалкъекъа-беттан йуккъехь дийцира. Ростов мехкан ГУФСИН белхалоша Кавказ. Реалии сайтана шаьш цу тайпа долчунна комментареш ца йо аьлла, жоп делира. Амма редакцин хьостанаша дийцарехь, Ростован №1 СИЗО-хь латтош тIамера вадарна дIалаьцна масех оьрсийн эскархо бен вац. Йийсаре лаьцна украинхойн эскархой Таганрогехь бу. Цхьана къамелахочо дийцарехь, цигара камераш адамех йоьттина йу.
  • Украинин пхеа махкахочунна долийна бехктакхаман гIуллакхаш Ростов-на-Дону гIалара Къилбехьарчу гонан тIеман кхеле кхаьчна. Уьш бехке лоруш бу террорхойн йукъаралла вовшахтохар, дуьненайукъарчу терроризман акт артиклашца.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIир кхайкхина Украинехьа тIом бечу къобалйанза йолчу Ичкерин агIончашна. Политико а, цуьнан гонерчу хьаькамаша а шайн оппоненташна кхерамаш дуьххьара туьйссуш бац. Амма хIинца ичкерхой цецбевлла. Кадыровс кхин цкъа а нохчийн ламасташца цадогIурш дуьйцу, боьдуш тIом болуш чIир кхайкхайар цхьа а лар йолуш хIума дац, дIахьедина ичкерхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG