ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовн кӀоштара йахархо лаьцна пачхьалкхана йамартло йина аьлла шеко йолуш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростовн кӀоштарчу Донецк гӀалахь ФСБ-н белхахоша лаьцна меттигера йахархо, Оьрсийчоьнан эскарех лаьцна информаци Украинан Кхерамзаллин сервисе дӀакхачорна шеконаш хилла. Цу хьокъехь пачхьалкхана йамартло йарна гӀуллакх долийна.

Лацарх хаам бина "Коммерсант - Юг Оьрсийчоь" гIирсо, регионерчу урхаллина тӀе а тевжаш. Кхерамзаллин векалша дийцарехь, зазадокху-баттахь цу зудчо Украинан лерринчу сервисе информаци йелла, "тӀеман инфраструктуран коьртачу гIишлона даккхий зенаш дан тарлуш йолу". Схьадийцарехь, Украинан агӀоно дош делла хилла боху цунна, и дийриг шайн пачхьалкха йуьтур йу, пачхьалкхалла а лур ду аьлла.

ФСБ-но цхьа а тӀечӀагӀдар ца дина шен версина. СБУ-на дӀайелла бохучу информацина тIекхача муха аьтто баьлла зудчун, билгалдаьккхина дац. Лоцуш йаьккхина, Don Mash телеграм-канало йаржийначу оперативан видео тӀехь цуьнан юьхь къайлайаккхина йу, цӀе а йоккхуш йац.

"I1РнД" зорбанан гӀирсо, хьостанна тӀе а тевжаш, хаам бо "лаьцнарг 35 шо долу болх беш йоцу, жимачу шина беран нана йу бохуш. Цуьнан гергарчех цхьаъ Украинан ТIеман ницкъашкахь болх беш ву, бIастенан йуьххехь цуьнан петарехь талламаш дӀабаьхьна а хиллера.

  • Марсахьокху-баттахь Ростов-на-Дону гӀалара ФСБ-н оперативан белхахоша лаьцнера Къилбаседа тӀеман эскаран белхахо. Цунах шеко хиллера, пачхьалкхана йамартйаьлла аьлла – Iедалан версица, лаьцначо къайлах информаци дӀакхачийна Украинан тӀеман къайлахчу сервисийн векалшка.
  • Товбеца-баттахь ФСБ-но дIакхайкхира Ростов-кӀоштан вахархочо пачхьалкхана йамартло йина хилла, оцу шеконашца лаьцна хиларх. Иза "Украинан лерринчу сервисийн агент" ву аьлла, лаьцначун цӀе хууш яц.
  • КӀира хьалха ФСБ-н регионерчу урхалло хаам бира Дон-тӀерачу Ростов-гӀалин вахархо лацарх, Оьрсийчоьнан эскаран меттигах информаци Украинан агӀонна дӀасакхехьийтарх шеко йолуш. Цунна дуьхьал а долийна пачхьалкхана йамартло йарх гӀуллакх.
  • Стохка Оьрсийчоьнан кхелашка кхаьчна 63 бехктакхаман гӀуллакх, пачхьалкхана йамартло йарна – иза историхь лаккхара терахь ду аьлла, хьесап дина бакъонашларъяран "Первый отдел" организацино. Цу тайпачу гӀуллакхашкахула ладегӀарш къевлинчу неӀаршкахь дӀахьо, журналисташ дакъалоцуш а боцуш. Ткъа бехкебечийн цӀераш йовзуьйтуш ца хуьлу дукха хьолахь, боху бакъонашларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG