ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовн кIоштарчу заводехь бохам иккхина нах багийна


Ростовн кIоштарчу Каменск-Шахтинский гIаларчу "Комбинат Каменский" химин заводехь еарин сарахь цIе яьлла, 100 процент догIмаш дагийна ворхI белхалочун. Дарбан цIийнерчу реанимаци кхачийначийн цIераш тIехь йолу тептар ду Кавказ.Реалиин редакцигахь, 31 шарера 55 шаре бевлла- пхи стаг а, ши зуда а ю царлахью

Хиллачух дийца дуьхьал ю Ростовн кIоштара официалан органаш. Регионерчу могушалла Iалашъяран а, орцан а министраллаша а, Каменск-Шахтинскан администрацйино а, коьртачу дарбан хIусамо а жоп ца делира Кавказ.Реалиино дахьийтинчу хаттарна. ТIаьхьо регионерчу Iедалхойн векало лач хъахийра, билггал бохам хиларх, официале комментарий заводан куьйгалло лур ю аьлла, билгалдоккхуш.

Керла хаам зорбане боккхучу юкъанна компанино дIахьедар ца дира хиллачу инцидентах.

Baza ресурсан хаамца, заводехь бохам хиларна бахьана "хууш дац". Шайн хьостанна тIетевжина, "Интерфакс-Юг" ресурсо яздо, комбинатехь цIе ялар чухоамаш дIабузучу хенахь нисделла ду, цхьа тата хезира аьлла.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь комбинатан белхахоша информаци я тIе а ца чIагIйира, я бакъ дац а ца элира- цара бахарехь, цуьнах лаьцна зорбанашна дийцар дихкина царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG