ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РСЕ/РС Радионо емалдо журналисташ "арахьарчу агентийн" тептаре бахар


Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин президент Флай Джейми саготта ву Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентех" дIатохарна оьрсийн сервисан журналист Маетная Елизавета.

"Аудиторина ма-дарра бакъдерг довзийтархьама, шайн корматаллехь карадирзинчух пайдаоьцуш болу, Оьрсийчоьнан бакъболу патриоташ бу тхан белхахой. Бозуш боцчу хаамийн гIирсашна Кремло шен тIелатарш чIагIдарца Оьрсийчоьнан бахархойн аьтто ца хуьлу шайн пачхьалкхехь кхераме хьал тIехIоьттича, хуьлучух хаа", - дIахьедина Флайс, яздо оьрсийн Радион Свобода сервисо.

Карарчу беттан 15-чохь "арахьарчу агентех" хIоттийначу тептаре Маетная йоцург а, кхин а оьрсийн ворхI журналист вазвина: "Открытые медиа" гIирсера Ярош Юлия а, Гликин Максим а, иштта "Проектан" белхахой Баданин Роман а, Маняхин Петр а, Чуракова Ольга а, Железнова Мария а, Лукьянова Юлия а.

Арахьарчу агентийн тептарехь ву тахана 28 журналист а, редакци а, царлахь - Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин оьрсийн маттахь йолу 10 проект а ю, оьрсийн сервисца болх беш волу виъ журналист а ву.

Кхушеран Дечке-беттан 12-хь дуьйна Оханан-беттан 15-чу кхаччалц Роскомнадзоро 390 протокол хIоттийра, 100 миллон сов соьмана гIуданаш тухуш. Оцу урхаллао дIахьедира шаьш кхин а 130 протокол хIотто Iалашо йолуш хиларх лаьцна, хIораннан а мах шозза алсам а боккхуш. ООО "Радио Маьрша Европа/Маршо Радио" юкъаралло къевсина и дерриг гIуданаш Оьрсийчоьнан низамаш билгалъяьхначу кепашца, амма кхело бух болуш ца лаьрра цхьа а таханлерчу денна йина йолу апелляци.

ТIаьхьарлерчу шерашкахь Радио Свободан а, кхийолчу а проектийн а гӀapaйоьвлар дӀа схьа ца теӀаш кхуьуш ду. ХIора кIиранах лаьрча, Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацин аудиторин терахь ду 7 миллион стаг. Маршо Радион Оьрсийн сервисан сайташка хьажаран терахь ду 16 миллион.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG