ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерке богIучарах лаьцна указ тIеэцна Трампа


Iамерка -- Iамерке богIучарах хьакхалуш хьалхарчу указана тIе куьгтаIош ву Трамп Доналд, Дечк. 27, 2017
Iамерка -- Iамерке богIучарах хьакхалуш хьалхарчу указана тIе куьгтаIош ву Трамп Доналд, Дечк. 27, 2017

Iамеркан президент Трамп Доналда юхакечдина указ тIеэцна, цхьана ханна доьхкуш долу коьртачу декъана бусулбанаш бехачу 6 пачхьалкъара махкахой Цхьаьнатоьхначу Штаташка чубитар. Хьалхо иза сацийнера Iамеркан федералан суьдхоша.

Iамерке богIучу кхечу пачхьалкхашкарчу махкахойх лаьцна, хийцина указ тIеэцна Трамп Доналда Зазадоккху-беттан 6-чу дийнахь. Цуьнца а догIуш, 90 денна сацийна ГIажарийчоьнан а, Шеман а, Суданан а, Либин а, Сомалин а, Йеменан а махкахошна керла визанаш ялар.

Цу ялх пачхьалкхашкарчу, хIинцале а Iамеркан визанаш йолчу нехан аьтто хир бу, царах пайда эца. Хийцинчу кепехь болх бан йолалур ю Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь дуьйна.

Трампан указца 120 денна сацош ду Iамерко мухIажирш тIеэцарца йоьзна программаш кхочушъяр а.

Дечкен-беттан 27-чу дийнахь цо тIеэцначу иммиграцех лаьцначу буьйрано 90 денна дихкира, оцу ялх пачхьалкхан а, ткъа иштта Иракъан а махкахошна Iамеркан визанаш ялар.

Керлачу кепаца а догIуш, доьхкуш дац керла визанаш ялар Иракъерчу нахана.

Трамп тешна ву Iамерке бахка луучу цхьаболчу нахана иза дехкар оьшуш ду аьлла, мехкан кхерамазалла ларъярхьама.

Оцу юкъанна, Трампан критикаша бехк буьллу цунна, динца доьзна цхьаболчу нахана цо эшам бо бохуш. КIайн ЦIа президентан омра цу кепара тигарна дуьхьал ду.

Associated Press а, Reuters а агенталлаша хаам бина, Иракъ цу буьйрана юкъаряьккхина хилар Пачхьалкхан департаменто а, Пентагоно а Iаткъам бар бахьана долуш.

Иракъан Iедалан векало ал-Хадити Саада дIахьедар дина, цу хийцамо гойту, Иракъ а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а баккъалла а цхьаьна къахьоьгуш хилар.

XS
SM
MD
LG