Шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьединера, Луганскан кIоштарчу Рубежное гIалахь тIемаш беш бу Росгвардера нохчийн эскархой аьлла. Оцу юкъанна Украинан ТIеман ницкъаша бакъ ца дина политикан дIахьедар, ткъа шайн лаамехь вовшахкхеттачу батальонан куьйгалхочо Осмаев Адама пиар ю аьлла, яздо Кавказ.Реалиино.
Рубежное гIалех лаьцна хIоттийначу постехь Кадыровс билгалдаьккхина, цу чохь нохчийн эскархой бу аьлла. Кадыровн постаца цхьаьна Луганскан кIоштан тIеман администрацин урхалхочун Гайдай Сергейн хаам гучубелира: "Ма теша Оьрсийчоьнан пропагандех! Рубежное гIала Iалашъечара мифаш дIасаяржор ю! Рубежное – Украина ю! Хилла а ю, ян а ю, хир а ю!" Иштта видео зорбане яьккхина цо, Рубежное гIалахь лаьттачу украинхойн тIемалочо, эскаро йоллу гIалана тIехь деш Iуналла ду бохуш.
Бакъ доцург дуьйцу Кадыровн посташ гучуевлла хила тарло "хаза хаамаш бан луучу цунна муьтIахь болчаьргара дезинформаци" а, социалан машанашкахь терго эшар а цхьаьнадарца аьлла, билгалдаьккхина Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан командиро Осмаев Адама.
Рубежное – Луганскан кIоштара гIала ю, цигахь вехаш ву 57 эзар стаг. Донбассехь тIеман конфликт йолаелчхьана а, 2014-чу шеран Товбеца-беттан 22-чуьра схьа а Рубежное луларчу эвлашца Оьрсийчоьнан сепаратисташкахь яра, цул тIаьхьа маьршаяьккхира иза Украинан Къоман гвардино. Украинехь Оьрсийчоьно тIеман агресси дIахьочу хенахь, Зазадокху-беттан 12-чохь, Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедира Рубежное гIалина блокировка ярх, ткъа Зазадокху-беттан 17-чу дийнера схьа гIали чохь беш тIемаш бара. Делахь а хIинццалц схьа украинхойн тIемалойн долахь ю Рубежное.
- Кадыров Рамзана кест-кеста видеош хIиттайо махкарчу эскархойх лаьцна, украинхойн тIемалошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъян, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчашна а кхерамаш туьйсуш, кхайкхамаш бо конфликт кхин а тIе чIагIъян. Украина Iалашъечу тIемалоша а, нохчийн батальонийн декъашхоша а Кадыров а, кадыровхой а тIеоьцу Оьрсийчоьнехьара агрессин символ санна.
- Украинана Оьрсийчоьно динчу тIелатарехь дакъалоцуш хиллачу Нохчийчуьра эскархойх бIе стаг вийна, Зазадокху-беттан 13-чохь бисинарш Соьлжа-ГIала юхабирзина. Украинан кхерамзаллин сервисо бина и хаам.
- Чиллан-беттан 24-чохь тIелетира Оьрсийчоь Украинан дозанна, президентан Путин Владимиран омраца. Iалашонаш а лоьцуш, шайн бахархойн инфраструктура хIаллакъярна Москва бехкейо Киево. ТIеман объекташна бен шаьш йетташ яц бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьнан агIоно.