ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Румынин дозанехь нохчийн зуда дIалаьцна Оьрсийчоьнан тIедилларца


Украинера мухIажирш бу Румынин доза хадош
Украинера мухIажирш бу Румынин доза хадош

МухIажарийн декъехь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалаьцна 36 шо долу Нохчийчуьра схьаяьлла Гериханова Амина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира "Вайфонд" цхьакхетараллехь.

Бакъоларъярхойн хаамашца, Гериханова лаьцна Румынин полицино Оьрсийчоьнан а, Германин а тIедилларца.

"Гериханова Амина Туркойчу кхача гIерташ яра, цуьнца ворхI шо долу кIант вара – иза берийн хIусаме дIавигина. ХIинца цуьнан гергарнаш беранна тIаьхьа бахана. Гериханова Интерполаца а, Шенгенан хаамийн системехула а (SIS) лоьхуш хиллера", - дийцина ассоциацехь.

Шенгенан хаамийн системе Германис хIоттийна хилла Гериханова, ткъа Интерполехула лехамашка Оьрсийчоьно елла хиллера – мухIажир бехкейина Шемарчу тIамехь дакъалацарна.

"Хууш ду, Оьрсийчоьно хьалхо Гериханована Украинера экстрадиции йар дехна хиллар, амма иза къобал ца дира. Цуьнан гIуллакхна тIехь шортта болх бу бан безаш", - дийцина ассоциацехь.

ХIинца лаьцначуьнца зIе яц – бакъоларъярхоша оцу гIуллакхна тIехула болх дIаболор бу цуьнца зIе нисъелча, аьлла фондехь.

  • Хьалхо Нохчийчуьрчу Бакаев Iелин гIуллакхехула экстрадицин талламбар дIадахдан сацамбина Киеверчу кхело, хаамбина бакъоларъяран "Вайфонд" организацино. Бакаев бехкево даймахкахь оьрсийн тIаман базана 20I7-чу шарахь тIелатарна. Нагахь санна, ша Оьрсийчоьне дIалахь, маса Нохчийчу а вигина, ша Iазапехь валлорна, йа кхел йоцуш верна кхоьру Бакаев.
  • Чиллан-баттахь кхелхира Францера депортаци йина, тIаьхьо Оьрсийчохь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо Мурадов Дауд. Бехктакхаман кодексан терроризмехула йолчу артиклана тIехула бехке а вина Москварчу СИЗО-2 Лефортово чувоьллира иза. Гергарчарна хетарехь, цунна дIовш делла хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG