Румынин Iедалхоша нохчочунна Гериханова Аминана мухIажаран статус йала барт ца бина. Цунах лаьцна селхана хиина – сацамах лаьцна Аминас шен гергарчу стаге дийцина. Румынин Iедалхоша дIалаьцнера иза Оьрсийчоьнан орзана тIехула. Цул хьалха Гериханова масех шарахь Киевехь яьхнера, амма Украинан ницкъаллин хьукматийн цуьнга цхьа а хеттарш дацара.
МухIажаран беран ден дешичо Бахарчиев Амрудис дийцира Кавказ.Реалиига, Стигалкъекъа-беттан 10-хь Амина изолятор чуьра цуьнца зIене елира, аьлла, Румынин Iедалхой реза ца хилла шена тховкIело йала, дийцина цо. И хаам ООН-ан мухIажарийн гIуллакхашкахула волчу Лаккхарчу комиссаран урхалле (UNHCR) дIакхачийна.
Украинхой бакъоларъяран "Правое дело" вовшахкхетараллин программин координатора Яковенко Валерийс дийцина, ООН-ан мухIажарийн гIуллакхашкахула волчу Лаккхарчу комиссаран урхаллера "Кхерамазаллин кехат" даккха хьажа йиш ю Гериханован.
"Оцу кехатан хьехар даран кеп ю, халкъан Iедалхоша кхочуш ца дан а йиш ю иза, амма оцу тIехь ООН-о дIахьедо – и адам организацин кхерамазаллина кIелахь ду, цуьнан могушаллина а, дахарна а кхерам лаьттачу махка нуьцкъаха дIахьажорах Iедало лардан деза иза. Дукхачу хьолехь Евробертан пачхьалкхаш кхочушдо и хьехарш", - тIетоьхна Яковенкос.
Румынин Iедало Гериханован мухIажаран статус ца яларан официалера аьрзнаш, процессуалан кехаташ хIинца а ца гайтина.
Стигалкъекъа-беттан 9-хь бакъоларъяран Amnesty International организацига Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелера тIечIагIдар кхечира, нохчочун Гериханован кхерамазаллица доьзна 39-гIа бакъонах пайда эцна, аьлла. Оьрсийчоьнан дехарца Румынин Iедало Гериханован экстрадици йар сацийна Товбецан-бутт юккъе кхачалц.
- Кавказ.Реалиино хаам ма-барра, Зазадоккху-беттан 13-хь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо хьалха Нохчийчуьра дIаяхна Гериханова, Киевехь ехаш яра иза.
- Зазадокху-беттан 25-хь Сучава гIалин кхело кхин а цхьана баттана чохь латтон хан яхйира Нохчийчуьрчу яхархочун Гериханова Аминин. Цуьнан гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллаца цуьнан гIуллакх деана дац аьлла. Стигалкъекъа-беттан 4-хь Румынин Лаккхарчу кассацин кхело тIе ца ийцира Гериханова Оьрсийчу хьажоран хьокъехь бина латкъам.