ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Румынин кхел реза ца хилла нохчийн зудчунна Гериханова Аминина тховкIело яла


Гериханова Амина шен кIантаца
Гериханова Амина шен кIантаца

Румынера кхел реза ца хила нохчийн зудчунна Гериханова Аминина тховкIело яла – миграцин сервисан сацамна цо бина латкъам тIе ца лаьцна. Апелляци йаран бакъонах пайда а оьцуш, Сучава гIалан кхелан сацам къовса дагахь ю иза.

Гериханова Аминина экстрадици йарна дуьхьала бина латкъам иштта Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь толлуш бу. ДIалаьцначо хьажийна иза цига Amnesty International организацин гIоьнца, дийцина Кавказ.Реалиига нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь.

Кхел хилале хьалха румынхойн зорбанашкахь арахецар дира, Гериханована, дийцарехь, Мангал-беттан 5-хь экстрадици йина бохуш, Нохчийчуьра Iедало цо кхелехь еллачу кийтарлонаш бахьанехь иза дийна юьтург ца хилар тидаме а ца оьцуш.

Кавказ.Реалиино хаам бина ма-хиллара, 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.

  • Стигалкъекъа-беттан 5-хь Гериханована экстрадици йарна бинчу сацамна дуьхьала чуделла арз тIе ца лецира румынхойн лаккхарчу кассацин кхело.
  • Аминина экстрадици ярна дуьхьал къуьйсуш волчу цуьнан кIентан деден вашас Бахарчиев Амруддис Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира Гериханова Аминех лаьцна, хаийтира Нохчийчохь цунна мича бахьанашца тIаьхьабевллера а, шена хетарехь, Румынин Iедалхошна цунна тховкIело яла стенна ца лаьа а.
  • Румынин дозанехь дуьххьара дIалацар дац иза – Чиллан-беттан чакхенера дуьйна Къилбаседа Кавказера схьабевллачу Оьрсийчоьнан бахархоша меттигерчу миграцин сервисо къоман а, динан а тIехула дискриминаци йарна саццанза латкъамаш до. Бакъоларъярхоша бахарехь, уггар чIогIа нохчех хьакхделла иза: уьш дIалаца мега, йа депортаци йан мега, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, ткъа Румынех транзитаца чекхбовлуш балахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG