ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жигархошна, журналисташна дуьхьал – наркотикаш. ГIарадевлла девнаш


Пинчук Алина, Маршо Радио (оьрсийн сервис)

Голунов Иванна дуьхьалбаьккхина бехк юхаэцна. Наркотикаш цунна бухакхийсина хиларх а тешаш, эзарнаш бевлира орцах. Зуламдина ала тоьшаллаш дацарх къерахилла полици. Дукха дац иштта дирзина девнаш. Шех "халкъан артикл" олучу 228-гIачу бехктакхаман артиклца хIора шарахь набахте хьажаво 100 эзар сов стаг. Iедало оппозицина а, шена товш боцчу журналисташна а духьалбоккху гIирс бу и артикл. Наркотикаш бухакхийсинийла гойту билгалонаш Iорайовлу юкъархойн, политикийн девнаш луьстуш дукха хьолехь. Амма оцо новкъарло ца йо кхелашна юкъараллера жигархой набахтешка хьийсо.

Маршо Радионо дагалоцу тIаьххьарчу шерашкахь Бехктакхаман кодексан 228-чу артиклца набахте хьийсийначу юкъархойх цхьаберш.

Кочесоко Мартин

ГIебарта-Балкхаройчоь, юкъараллин "Хабзэ" организацин куьйгалхо

Кху деношкахь, беттан 8-чохь, наркотикаш лелорна бехкевеш лаьцна Кочесоко. Caucasus Times портало дийцарехь, чIерий леца бахана богIучу новкъахь совцийна полисхоша иза а, цуьнан накъостий а. Машенах хьаьвсича карийна наркотикаш. Кочесокоца хилларш дIахецна, гена дIаса цабовла куьйгаш а яздайтина, ткъа политикан жигархо кхачийна Нальчикерчу изоляторе.

Кочесокон го тешна бу, иза нахах дIа а къастийна, цунна а, цуьнан гергарчарна а тIеIаткъам бу беш, цуьнга бехк тIелоцуьйтуш бохучух.

"Кавказ.Реалиин" хьасташа бинчу хаамца, юкъархо шен жигараллах вохорхьама бухакхийсина хила тарло цунна наркотикаш, боху цуьнан уьйраша.

Кочесокос критика йира "лаамехь ненан меттанаш Iаморах" долчу низамна, къамелдира Оьрсийчоьнан къаьмнийн Демократин конгрессехь, емалдира Оьрсийчоьно кхечу пачхьалкхашкахь беха чергазий даймахка юхаберза цабитар.

ДIадахначу кIирандийнахь регионийн юкъараллин сагIадаран "Бахархойн бакъонашкахьа йолу комитет" организацин куьйгалхочо Бабушкин Андрейс дехна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу омбудсмене Зумакулов Борисе, Кочесоко муха, муьлхачу хьелашкахь кхачийна, латтаво изоляторехь таллахьара, аьлла.

Ши эзар сов стага куьг яздина ГIебарта-Балкхаройчоьнан прокуроре Кочесоко Мартинан гIуллакх тидаме эцар, иза маьршаваккхар доьхуш дахьийтинчу кехатна буха.

Титиев Оюб

"Мемориал", Нохчийчоь

Бакъоларъяран "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу офисан куьйгалхочунна Титиев Оюбна набахтехь даккха 4 шо туьйхира наркотикаш лелорна. Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъен хьукматаш дIалекъначу хьелашкахь дара иза – белхахой кхерамна кIел ца тийса, дIакъевлина цара цигара шайн офисаш.

2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнан Iуьйранна машенахь шен балха воьду иза сацийра полицино, салон чохь, хьалхарчу пассажиран гIента кIел карийра кIомал чохь йолу жима тоьрмиг.

Дукха галморзахаллаш, низамца боцу битамаш бара Титиевн девнца. Масала, цхьана дийнахь шозза лаьцна бакъоларъярхо – тешаш боцуш цкъа а, юха – тешаш буьгуш а. И харцо Iорайоккхийла дара полицерчу видекамерийн тоьшаллашка хьаьжча – гойла дара Титиев полице шозза кхачийна хилар. Амма адвокатех къайлаяьхьира шен камерашкара видео полицино, дIахьедира, болхбеш яцара камераш Титиев лоцучу хенахь, аьлла. Цул сов, "болх цабинарш" хилира Титиев лаьцначу меттигна гонах, Iедалан гIишлошца, банкашца лаьтта видеокамераш а. "Ца бина" хиллера болх иза лоцуш уллехь нисъеллачу машенийн видеорегистраторша а.

Наркотикаш шена бухакхийсина, бохура Титиевс, амма иза талла ца хIоьттира цхьа а. "Мемориале" Нохчийчохь болх цабайтархьама лаьцна ша, чIагIдора бакъоларъярхочо. Лацале хьалха Титиев, "Мемориалерчу" кхечу накъосташца цхьаьна, толлуш вара Нохчийчохь 27 вахархо доьза вар. "Новая Газето" ("Керла Газета") яздира, и нах, йина кхел а йоцуш, байина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша Соьлж-ГIалахь, аьлла.

ДIадахначу оршоьтадийнахь Титиевна набахтехь яккха тоьхна хан яцйина кхело. Ша таIзар такха дIахьажийначу Устрада-ГIаларчу набахтехь кхо бутт баьккхина цо.

Ярст Николай

"Общественное телевидение России" ("Оьрсийчоьнан Юкъараллин телегойтийла"), Сочи

2013-чу шарахь Ярст Николайн машена чохь наркотик карийра. Журналиста ша дийцарехь, цо а, цуьнан коллегаша а "Сочехь боберийн доладечу системехь йоккха корруцин маша" Iораяьккхинчу деношкахь лецира иза. Ярстехь йолчу информацица, коррупционерашлахь вара гIалин мэр а, берашна верасалла дечу урхаллин белхахой а, кхелаш а, полици а, гIалара кхиболу хьаькамаш а.

Талламан комитетерчу цхьана белхахочуьнгара интервью эца боьлху журналисташ совцийна полицино, хьаьвсина машенах, 2,94 грамм "спайс" карийна.

ДIаса ца вала куьг а яздайтина, дIахецна Ярст, амма полисхоша тIаьхьабевлла, сихха кхин цкъа а дегIах хьавсина цунна – хечин тIехьарчу кисанахь карийна кхин а 0,01 грамм "спайс". Бакъду, экспертиза ечу юкъанна, кIезиг хиларна, хIонехула яьржина, доьза яйна иза, боху полицерчу кехаташа.

ЦIахь лаьцна латточу кепехь шен хIусаме а верзийна, ара-чу вала йиш йоцуш, итт бутт баккхийтина Ярсте. Цул тIаьхьа цIеххьана тIерабаьккхина бехк.

Ярст Николайна хетарехь, 2014-чу шеран Сочера дуьненаюкъара Олимпиада ю иза "къелхьараваьккхинарг" - Оьрсийчохь демократи ю моттийтархьама ша политика бахьанехь хьийзочу нахах цхьаберш таIзарх хьалхабехира Iедало хIетахь.

Шена духьал гIаттийна дов дIакъовллушехь, бакъоларъярхошца дагавала Москох вахара Ярст а, цуьнан цхьа коллега а. Амма цигахь цуьнан адвокато хаамбира цуьнга, Сочехь юха а дов айдина цунна дуьхьал, аьлла. ТIаккха Ярст а, цуьнца волу накъост а ведира Оьрсийчуьра, Iамерка кхечира, политикан тховкIело яккхира цигахь шайна.

Журналистах "наркоман" вина полисхой бисина шайн балхахь, бакъду, кхел йина цхьанна – Ярстца доьзна дац иза, балха тIехь кхаъ эцна боху.

Резников Сергей

Коммунистийн агIор "Вернадскийн майда" цIе йолчу къоштан харжамийн комиссин декъашхо, Москох

Харжамашкахь лела харцо Iорайохуш хьийзачу жигархочуьнгахь 9 кехатан ботт карийра, яьккхира цуьнгара 8,06 грамм кокаин.

Сергейс а, цуьнан накъосташа а хIетахь, 2013-чу шарахь, Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле арздинера, "цIахь Iачу нехан аьзнаш лехьорца" харжамийн комиссеша бозбуунчаллаш леладо, аьлла. Кхело юхаяьккхира пачхьалкхехь харжамаш дIахьочу муьрехь цIахь севццчу нехан кхаьжнаш гулдаран кеп.

Резников хьийзор Оьрсийчоьнан компартино дуьйзира цуьнан зудчо харцонашца латточу къийсамца. Пачхьалкхан Думин депутат Iийна Гребенков Олег ша куьйгалла дечу гIишлошъечу фирмин долаерзош ву берийн бошмаш, бохуш, аьрзнаш даржадора Резниковн зудчо, коммунисто, муниципалан депутато Ободина Стеллас.

Бехке озийначу Резноковна юьхьанца дуьхьалдеттара, нехан машенашна тIера ноьмарш схьа а йохуш, уьш цо оцу машенийн дайшна юхку, бохуш. Талламчаша дийцарехь, ша ноьмарш схьаяьхначу машенийн корех, шена ахча далийта, телефон тIеязйина кехаташ дуьтуш хилла цо. Амма Резниковн ю боху телефон цунна тIеязйина полици цIийнах хьажа иттех де дуьсуш. Гергарнаш тешна бу, телефон а, наркотикаш а полицино бухакхийсина хиларх. ТIаьхьо телефон дIаяьккхира тоьшаллера – дукха бара цуьнца боьзна цакхетамаш. Наркотикаш лелорна кхел йира Резниковна.

Эксперташа чIагIдора шаьш бинчу белхан кехаташкахь, яц Резниковца, цуьнан духарца наркотикан ларш бохуш. Полиграфо, ца лелийна цо наркотикаш, аьлла делира жамI. Цуьнгара яьккхинчу ларча тIехь яцара цуьнан пIелгийн лар. Ткъа 3 шо хан туьйхира цунна набахтехь такха.

2018-чу шеран гурахь араваьлла иза набахтера. Рязанерчу мехкан кхело тIерадаьккхина тоьхна хилла 350 эзар сом гIуда а.

Осипова Таисия

"Кхин Оьрсийчоь" боламан жигархо, Смоленск

2010-чу шарахь наркотик карийра цуьнан цIахь, бехкейира лелорна а, йохкарна а. Лимонов Эдуардан национал-большевикийн партин гуламашкахь дакъалоьцура цо, ткъа цIийнда Фомченков Сергей вара низамца йоцчу "Кхин Оьрсийчоь" тобан лидерийн могIарахь.

Осипован девна юкъайоьлла кхелашка леларца билгалъялла йолу теш – цунна, иза къайлахьош, "Тимченкова Л.И. цIе тиллина полицино. Оцу "Тимченковас" дина тоьшалла ду бехктакхаман орамехь – Осиповагара наркотикаш эцна ша, аьлла цо. "Кхин Оьрсийчоь" низаме яккхар юстицин министраллехь листа а дезаш, майра хьадда-ведда хьийзачу юкъанна хьаьвсира Осипована цIийнах. Наркотикаш лаха баьхкинчу полисхошца вара зудчун майра Фомченко охкуш хьийза экстремизмна духьалоечу Центран оперативан белхахо Пьянченков а. "Мемориалан" материалаша дийцарехь, изоляторе дIайигина Осипова шен майрачунна тIелейта гIиртина Iедалхой.

10 шо хан туьйхира Осипова Таисияна. 6,5 шо чохь даьккхича араялийтина иза набахтехтера.

Гериев Жалауди

"Кавказский узел", Нохчийчуьра корреспондент

Москох семинаре кхача дагахь аэропорте воьдучу новкъара вадийра журналист ницкъхоша. Автобус чуьра ваьккхина, коьртах хIума тоьхна, кхетамах тилийна, шайн машена хаийра цара иза. Хьуьнха а вигина, хьийзийра Гериев, Нохчийчуьрчу Iедална дуьхьал бохбо бохуш. Букъ тIехьа тосу тоьрмиг баьккхира цуьнгара иза лоцучу хенахь, цу чохь тIаьхьо карийра кIомал. Лахьа а еш, цIахь лелайо ша наркотик, аьлла дара цуьнга буха куьг яздайтина кехат.

Даре шега ницкъаша дайтина, элира Гериевс кхелехь. Цуьнан накъосташа иза балхаца доьзна хьийзаво, бохура, ткъа "Мемориало" политикан тутмакхийн могIаршка язвира иза.

​3 шо хан туьйхира Жалаудина набахтехь даккха. 2019-гIа шо доьрзуш мукъаваьлла иза лаьцначуьра.

Савостин Михаил

Минеральные Воды гIалара оппозиционер, Кавказан къаьмнийн Ассамблеян политикан кхеташонан декъашхо

2018-чу шеран Охан-баттахь шен накъостца цхьаьна Вильнюсе, "Маьрша Оьрсийчоь" форуме воьдуш вара иза. Минеральные Воды юьтуш воьду и шиъ сацийра полицино, Савостинан кисанахь карийра 11,69 грамм кIомал. Карийра изза коьчал машенал арахьа а – цунах къайлах мукъвала гIоьртина иза, чIагIдора талламо.

Хьалхо акцешкахь жигара дакъалаьцна вара Савостин – коррупцина а, Iедало еза машенашкара йоккхучу "Платон" йоланна дуьхьал а. 2012-чу шарахь, Путин Владимирна президентан дарж охьадиллар тIедожош, мацалла а кхайкхийра жигархочо.

Савостин лоцуш полисхоша лелийнарг шина кеп-кепара дуьйцу шаьш полисхоша а, адвокато а. Минеральные Воды гIалара иза а, цуьнан накъост а араволучу хенахь, церан машенна духьал автобус а тесна, охьалилхина, гобина туьтмIаьжигашкахь болчу герзхоша. Куьйгаш дихкина Савостинан, кисана таIийна цхьа хIума, шайгарчу автобус чуваьккхина. Юха оцу чуьра ша охьаваьккхича цунна гина шен машенан чкъурга кIел Iуьллу кIомалан тоьрмиг. Полисхоша оццу муьрехь яьккхина цуьнан кисанара наркотик юкъахьарчийна шолгIа тIуьйлиг а.

Экспертизина ца карийна Савостинан цIийца наркотикан ларш, хаамбира хIетахь "Кавказский узело". Лаьцна кхобу жигархо 2018-чу шеран Охан-беттан 6-чохь дуьйна.

Кутаев Руслан

Кавказан къаьмнийн Ассоциацин президент, Нохчийчоь

Нохчийн къам махкахдаккхарх лаьцна хIоттийначу конференцехь Кадыров Рамзанна критика йира Кутаевгахь. Ткъа хан ялале карийра цуьнгахь 3 грамм героин.

Къомо даима а ша махкахдаьккхинчу Чиллан-беттан 23-чохь билгалдоккху Дагалецамийн Де, шен да Кадыров Ахьмад эккхийтинчу денца а дузуш, Стиглкъекъа-беттан 10-че дехьатеттира мехкан куьйгалхочо 2012-чу шарахь, дихкира Нохчийчоьнна Чиллан-беттан 23-чохь дагалецаман барамаш хIитто. Амма жигархоша бохийра и бехкам.

2014-чу шеран Чиллан-беттан 18-чу дийнахь дара Кутаевс конференци хIоттийча. Цигахь дакъалаьцнарш лехьон болийра ницкъхоша. "Кхетош-кхион" ​Кадыровна тIебигира уьш, дов дира вукхо. Оцу дийнахь Пятигорске вахана вара Кутаев, цундела ца кхаьчнера Кадыровна тIе. ЦIаварца лецира Кутаев, наркотикаш карийра цуьнгахь.

Ша шена евзаш йоцчу метте вигира машенахь, тIехь ницкъ бира, коьртах тоьрмиг а боьллина, ток йиттира, элира оцу муьрехь Кутаевс шен адвокаташка. Билггал хууш дацара, хьан вигина, стенгахь латтийна иза, амма дуьйцура, мехкан куьйгалхочунна йинчу керлачу резиденцехь хилла бохуш. Бакъду, Кутаев левеш хIиттийначу кехаташа боху, цуьнан дегIа тIера ларш, "бегаш беш" иза къийзийначу накхосташа" йитина ю.

Ша бехке вац, тешна ву Нохчийчоьнан Iедал шега политика, нехан бакъоларъяр дитийта гIерташ хиларх, элира Кутаевс кхелехь. Амма кхело иза 4 шарахь набахтехь а, цул тIаьхьа 1 шарахь маршо лакъийна а кхаба сацамбира.

В 2017 шарахь набахтера араваьлла Кутаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG