ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черменера пост. Оьший кавказхошна юкъахь гIопаш латто?


Оьшу я ца оьшу Къилбаседа Кавказехь блокпосташ латто? Дийцаредо и хаттар тахана а. Оцу хьокъехь шена хетарг довзийтина деношкахь Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин куьйгалхочо Денильханов ИсмаьIала. Некъаш тIехь ницкъхоша дечу зераша нах сийсазбо, боху цо. Масал далош ша хьахийначу Черменерчу блокпостах "низамах маьрша территори" аьлла цо.

Некъа тIехь латточу хаша тIебаьхкинчу нехан бIаьргаш чохь эрчайоккху регион, новкъарло йо Къилбаседа Кавказах юкъара туризман кластер ян, аьлла Денильхановс. "Харцонна тIекарло йийраш" бу, боху цо, "Чермен" блокпост кхидIа а латто еза аьлла хета нах.

Денильханов тIетов кхо бутт хьалха Къилбаседа Кавказера блокпосташ дIаяха еза аьллачу Кадыров Рамзанна. Блокпостех пайда ца хуьлу, зуламхошна, шайна эшначохь, хала дац муьлхха а кхин некъаш каро, бохура хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Блокпосташа тодина хIума дац

Дуй Къилбаседа Кавказера блокпосташ дIайохийла, хеназа-м дац те?

Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкхан гIуллакхаллин а академехь а (РАНХиГС), Гайдаран Институтехь а болх бечу Iилманчина Казенин Константина дагайохкуьйту Къилбаседа Кавказерчу блокпосташа хийлаза нах карзахбаьхна меттигаш.

"Меттигерчу бахархоша дукха а елхийна оцу посташкахь лела харцонаш. Бакъду, цхьайолчу меттигашкахь и проблема кIадйина, масала, Дагестано шен чоьхьарчу некъаш тIехь. Цигахь йисина блокпосташ, амма бахархой итт шо хьалхачул кIезиг леткъа хIинца", билгалдоккху Iилманчас.

"Чермен" пост дика ца юьйцу, тергоне эца беза цуьнан болх, аьлла хета Казенина.

"Оцу постах бовлий, дийнахь массийттаза дIасабоьлху БуьрийтIехь, цунна гонах беха я Несарахь доьшуш болу гIалгIай. Уьш хIора дийнахь, хан а йойъуьйтуш, латтабо блокпостехь. И пост мел лаьтта, дижаза ду регионехь иккхина хилла дов, аьлла хета нахана. Пост хIета а, вета а латтош елахь, ца беза цуьнга ницкъ байта низамехь бехачу бахархошна, иза нахана кIезиг хаалуш хила еза", боху говзанчас.

Амма Казенинна ца го, Кадыровс а, цуьнан гоно а ма-баххара, блокпосташа Кавказан имидж йохайо аьлла. "Туристашна Кавказ езар, я цаезар дац посташца доьзна. Данза дуьсучу кхечу гIуллакхаша къастадо иза, боху Казенина.

"Оптимизмах буьзина болучийн а дац Къилбаседа Кавказехь кхерамзалла лакхаяьлла ала. Дикачу агIор хийцаделла хьал тIаьххьарчу 10 шера чохь, амма тIех хаздина дийцар хир ду, "ларъян а ца оьшуш, хьалаяьлла кхерамзалла", вай баьхча", элира Москварчу Дуьненан юкъаметтигийн институтерчу (МГИМО) Iилман институтан белхахочо Муханов Вадима.

" Федералан центро регионна белла мах бу блокпост"

"Блокпост – иза яхна зама дагайоуьйту гIирс бу. Кхиина техника а, зIе а йолчу 21-чу бIешера чохь блокпостан мах ца хадабо хьалха, 19-чу а, 20-чу а бIешерашкахь санна", чIагIдо Мухановс.

Цунна хетарехь, лаьттинчу Iедалера, дIабирзинчу тIемашкара схьаэцна кхобу тахана блокпосташ. Конфликташ йирзина хилча, аттачу хорша евлла хилча, блокпостех дерг а деза къасто.

" Регионерчу администрацин, ницкъаллин урхаллийн стенца хийца торо ю блокпосташ? Суна ца хаьа, я кхечаьргара а ца хезна жоп", боху Мухановс.

Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказан сурт цхьана блокпосташа талхийна ца Iа. Туристашна къехка бахьанаш дуккха а ду. "Регионера хьал ду бехке. Блокпосташ бахьана доцуш хIиттийна ма яц. Цара довзуьйту Москварчу хьаькамашний, регионан куьйгалхошний юкъахь йолчу зIенан хатI. Федералан центро регионна белла мах бу блокпост. Вуно дукха проблемаш ю Къилбаседа Кавказехь. Блокпосташ церан могIара ехкича, итталгIачу меттиг кхача а мега царна". Нохчийчуьрчу хьаькамаша гIаттийначу гIуллакхан иштта мах хадабо Мухановс.

Комментареш

New Comments Available

Ичкерин векалш нохчех дIа а хадош, царна неIалт кхайкхийна муфтийс. Къоман цIарах оцу кепара дIахьедан бакъо юй цуьнан?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG