ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIамна кечлуш ю Оьрсийчоь" – Швецерчу институтан таллам


Бучнева Екатерина

"Оьрсийчоь тIамна кечлуш ю" – иштта цIе ю Швецерчу тIеман министран турсан талламийн институто арахецначу артиклан.

Оьрсийчохь дебаш лаьттачу тIеман Iаморех а, хIоразза а хийцалучу церан Iалашонех а лаьцна дуьйцу институто.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума реза яц Швецерчу эксперташна хетачунна. "Дац тхо тIамна кечлуш, ца дохку цхьанненна а тIелата", дIахьедина Думерчу тIеман комитетан куьйгалхочун гIовсо Красов Андрейс. " Оьрсийчоьно дIа мел хьочу тIеман Iаморийн Iалашо цхьаъ ю – эскарш духьаллатта кечдар", аьлла цо "Интерфаксе".

Оьрсийчоьно дIахьо Iамораш тIаьххьарчу 10 шера чохь дуккха а совдевлла, шорделла, Швецерчу институте бахарехь. Iилманчаш шаьш бинчу тергамашкахь тIетевжа Оьрсийчоьно ша дIахьочу тIеман Iаморех лаьцна официалехь бечу хаамашна. 2009-чу шарера дуьйна схьа ю институто Iаморех лаьцна гулйина информаци.

2009-чу а, цул тIаьхьа даьхкинчу а шерашкахь Iамо арабоху эскархой 10-20 эзар хуьлура, ткъа 2017-чу шарахь и терахь 100 эзарне хьаладелира. Стохкалерачу "Малхбале-2018" Iаморашкахь дакъалецира 300 эзарно – уггаре доккха терахь ду иза тIаьххьарчу 40 шера чохь, боху талламо.

Эскаршкахь оццул шуьйра дIахьочу Iамораша тIамна кечйина Оьрсийчоь, аьлла хета артикл кечйинчу Швецерчу институтан белхахочунна Нюрберг Юханна. "Билгалдаккха деза, шаьш эскарш доцуш, тIеман дог – буьйранчийн центр а ю тIемаш дIакхехьа Iемаш. Ша Iамораш дIахьош йохучу хаарийн гIулчех Оьрсийчоьнан тIеман министралло олу "стратегин операцийн тIегIанаш". Тидам бича вай кхета, континентан масийтта дакъа дIалоцуш буйла оцу термино буьйцу барамаш", боху Iилманчас.

ТIаьххьарчу 10 шера чохь Оьрсийчоьно шен ницкъаш юкъабаьхна Гуьржийчоьнца бинчу Пхеа дийнан тIаме, ГIирманна аннекси еш, Шемахь. Делахь а, оцу конфликтийн доза дуккха а жима ду Оьрсийчоьно ша Iамораш дIахьош хIитточу ловзаршкахьчул.

Тергамчаш цецбуьйлу Оьрсийчоьно шен Iамон арадохучу эскарийн тайпанаш зийча: гIашсалтий, хIордан, хIаваан ницкъаш, шайца генна дIакхочу стратегин кеманаш а долуш. Регион дIалоцу тIемаш бан кечлуш ю Оьрсийчоь – бехха лаьтта, мостагIчун гIора дIаоьцу тIемаш. Хууш дац, мила хила веза Оьрсийчоьнна дуьхьалхIуттунверг, амма "конфликтан" шоралле хьаьжча го, иза я Китай, я НАТО хила езийла, боху шведийн артикло.

"Дац тхо Малхбаленах лата дохкуш, пачхьалкх Iалашъен сценареш ю Iаморийн, эшна меттиг ягIахь тIом бан а, сихха операцеш дIакхехьа а кечдо эскарш. Иза ца дича цадериг ду. Го вайна дуьненах хуьлуш лаьттарг: буьззина гIурт, галдаьлла низам, АфхIанистано туьйсу кхерамаш, исламан терроризм. Хьелашка хьажча, тIеман ницкъаш сема Iан кечбар – иза парггIат хьалха дIагIерта йолчу бакъонан закъалт ду", яздо "Къоман турс" журналан коьртачу редактора Коротченко Игора.

Швецин турсан талламийн институтна гарехь, Iамабо Оьрсийчоьно шен ницкъаш ма-хуьллу сиха тIом боло а, иза боьдучу муьрехь пачхьалкхера бахархой герза кIел хIитто а, ткъа иза ду эскарш кестта цхьаннах лата арадаха а сахьт дац бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG