ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: «Кхело хIинца наггахь а ца бо стаг бехказвоккху сацам»


Юкъараллин Ойла Толлучу Фондо (Фонд общественного мнения) кхелех лаьцна Оьрсийчуьрчу бахархошка ша динчу хеттарийн жамI арахецна. 43 % наха боху, кхелаша харцо тIейоккху, 29 % хетарехь, иштаниг хуьлу, амма - наггахь.

56 % нах тешна бу кхелахоша кхаьънаш оьцу бохучух, ткъа 21 % бен ца хета кхел эцалуш яц аьлла. Юкъара аьлча, 32 % адамаша кхелашкахь нийсо лела аьлла, 34 % - ца лела.

Оцу терахьашна комментари еш, адвокато Ахильгов Калойс, коррупци ца Iа, боху, кхелашкахула лелла, яьржина иза массанхьа. «Ткъа кхелаш вай йийцахь, цигашкахула къаьсттина лела. Кхелаша кхаьънаш боху аьлла болу и 56 % нах лайначех бу и хьал шайна тIехь, я гина бу гергарчаьрца лела харцо. Коррупцин яржар цхьабосса ду ерриг а пачхьалкхехь», - элира цо Къилбаседа Кавказан сервисца къамелдеш.

ГIебарта- Балкхаройчуьрчу бакъоларъяран Центран куьйгалхочо Хатажуков Валерийс элира: «И хаттам тхан кхузахь бича, изза терахьаш хир дара. Бакъдац кхелаш цайозу бохург».

Стагера 800 сом мах болу телефон яккхарна 7 шо хан тоьхна дагестанхоша. Юй иза нийсо?

Адвокат Хадисов Муса цец ца волу хаттаман терахьех – Оьрсийчохь лаккхара Iедал а ду коррупцин декъахь, масала, министраш.

«Цецвала дац вайн пачхьалкхехь къаьънаш эцарх. 56 % логикехь ду, кхаьънаш эцарна мел хьаькамаш махкахь чубухку тергалдича. Ткъа деккъа Къилбаседа Кавказехь и хаттар дина хиллехь, кхин а лакхара хир яра процент», - элира Хадисов Мусас Къилбаседа Кавказан сервисе.

«Ас сайна зеделларг эр ду. Дагестанхочо стагера 800 сом доьху телефон яьккхинна. Цунна 7 шо хан тоьхна. Нийса бина сацам буй иза?» - хоьтту адвокато.

Цуьнан коллегас Джамалутдинов Муслима а элира иштта: «Бух боцуш дац терахьаш. Суна а дукха го харц бина сацамаш».

Шена шен балхахь нисделларг а дийцира Джамалутдиновс. «Мещанский кхело Дербентерчу вахархочунна кхел яра еш. Иза ша галваьлла гайтира бехкениг ву аьлла, кIадвелла вара цуьнга хьажа ша валийча, иза вац зуламдинарг, тоьшалле кхайкхинчо боххушехь, 4,5 шо хан туьйхира дербентхочунна», - дуьйцу адвокато.

Джамалутдиновс къевсира кхелан сацамца, велира лакхарчу инстанце. Цигахь харц бу элира сацам, амма бакъ ца вира кхеле ваькккхинарг. Кхелахочунна наггахь а бац нийса сацам бан некъаш, шена стаг бехке вац аьлла хетча а вац иза маьрша. Амма иштта бечу сацамо кагво стаг, то ца во, боху адвокато.

XS
SM
MD
LG