ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь ца йоьхчхьана…


Пачхьалкх кризисехь юйла гойту кавказхошна юкъабуьйлучу цакхетамаша

Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний цIеххьашха юкъадоьллачу дар-дацарша Оьрсийчоь йоха хьагIна юйла гойту, аьлла хета цхьаболчу экспертпшна.

Эзарнашкахь адам Магасан майданашка даьккхира шина республико лаьттан коржамаш вовшашка дIасаяларо. Дагахь а доцуш иккхина протест шен пачхьалкхехь йоцуш санна, тийнна дIалатта йисира Москох.

"Уьш регионаша луьсту гIуллакхаш ду, хIунда аьлча, юьйцург ГIалгIайчоьнан векалша лаьцна позици ю, цундела хьал луьстург а ГIалгIайчоьнан Iедал ду", дIахьедира президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс.

"Арадаьккхинарг чекхдаллалц" аьлла хIоттийна митинг зен доцуш йирзина. Амма дац иза къаьмнашна юкъара проблемаш дIаевлла бохург.

Хьалхо йохийра Кавказера тийналла гIебартошний, балкхарошний юкъадоьллачу девно. Адыгаш говрашкахь Канжалан тIом дагалеца арабовлар цатайра балкхарошна. Цхьана агIор уьш а, полици а, вукху агIор гIебартой а болуш, иккхира конфликт.

Дац хьелаш

ХIоьттинчу суьрто дагадоуьйту Советан Iедал доххале иккхина хьал – къаьмнашна юкъадоьлла девнаш листа де доцу пачхьалкх – Карабахера, Гуьржийчуьра тIемаш.

Гойтий таханлерчу хиламаша Оьрсийчоь йоха хьагIна хилар? Дуккха бу хIетахьлерчу Советан пачхьалкхний, хIинцалерчу Оьрсийчоьнний юкъахь вовшашца тера богIу битамаш. Амма цхьатерра ца хила а тарло церан тIаьхьало.

Магасера болам, иза хьаша Москох ца хIоьттинехь а, цо шен куьйга кIелхьара балийтина бац. Республике а даьхкина, петаршкахула къайладевлла лаьттара центрера кхаьчна полицин дакъош. Хьашт хилахь юкъебевр болуш, сема Iара кхиболу ницкъаш.

ГIебарта-Балкхаройчуьра конфликт (оццу гIалгIайн полицица) гуттар атта тейойла хилира. Ткъа ГIалгIайчохь магийтира нахана дегнашкахь IаьIнарг арахеца, амма шина мехкан дозанца куьйгалхоша хьаькхна сиз дитира цара ма-хьаккхара.

Советан пачхьалкхерчу хьолаца дуьстича, дац Оьрсийчонан элиташлахь дар-дацар – уьш массо а бертахь лаьтта лелаш йолчу политикан системина кIел. Горбачевна духьалваьлла хьовза стаг волуш вара Советан пачхьалкхехь – Ельцин, ткъа Путинна духьалвала вац цкъачунна цхьа а. Лидерийн кризис ю ала а дац иза, хьаькамашна герга ю Оьрсийчохь "болхбеш" лела идея.

Советан пачхьалкхера хьал дара шеца шен башхалла йолуш. Социализман чарх харжамийн демократица хийца еза, аьлла арабевлла лелара интеллигентийн го. Ткъа Оьрсийчуьрчу оппозицино тахана Iедале кхийдош йолу претензеш ца йовлу коррупцица къовсам латторрий, адамийн бакъонаш шоръяррий дехарал сов.

Оьрсийчоь, Советан пачхьалкхца юьстича, яц цкъачунна экономикан коллапсе йоьжна а. РогIера президент хир ву - ур-атталла иза хийцалучу даьлча а – Путинах тераниг.

"Iедалан партина" ("Цхьааалин Оьрсийчоь") халкъо ен дуьхьало кхуьуш юйла гайтира бутт хьалха регионашкахь хиллачу харжамаша. Делахь а, бац тахана протестехь Оьрсийчохь бIеннаш эзарнашкахь болу хьаькамаш. Пачхьалкх тIех йоккха хиларо хьал урхаллин кризисе кхачош нислахь а, ницкъ бу Кремлан шегара архаш ондда карахь латто.

Латта а, ахча а!

Вуно лазаме ду Кавказехь халкъашна тоъал доцчу лаьттаца доьзна лелха девнаш. Цу тIе, республикийн карахь ю "тIевеъначунна" латта ца дала бакъо а. Цундела кийча ву кавказхо шен латта къовсуш вала а.

Атта ду Оьрсийчоьнна Кавказера протесташ, резадацарш лакъо – ницкъаций, ахчанций.

Советан пачхьалкхехь националех лаьттара ах гергга бахархой, ткъа Оьрсийчохь 80% бу оьрсий, кавказхой – 5% гергга.

Бакъду, идеологин бух къаьсттина луьра бара Советан пачхьалкхан, ишта олийла дац Оьрсийчоьнан идеологех. Оьрсех доцу къаьмнаш Iеха ца ло "Оьрсийчоь – оьрсашна", я и санна маьIна долчу кхечу лозунгех. Амма ахчано ерриг а, я ерриг а санна проблемаш кхочушйо Кавказехь. Цундела Кремлна тIех хала а дац шен урхалла, дешица чIагIдеш, карахь кхаба, Оьрсийчоь йохарх Iалашъян.

Хьал, политикехь, экономикехь, къаьмнийн юкъаметтигашкахь, ца лаьтта цхьабосса, иза хийцалуш лела, тарло тахана Кавказехь лелхачу конфликташа Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллин кхане кхоло а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG