ТIекхочийла долу линкаш

Деношкахь Воронежехь, «Левый Берег» олучу декъехь, шайн чуьра берашца мохе яьлла нохчийн ши къона зуда лаьцна, полице йига хьавзинчу низамхоша а, гонаха гулбеллачу меттигерчу бахархоша а гайтина шогалла, шовинизм йийцина бовлаза бу нах социалан машанашкахь.

Масала, вевзаш волчу адвоката Мусаев Мурада, Оьрсийчоьнан низамашца а дустуш, йовзийтина шен дуккха а болчу Фейсбукан «френдашна» стенна шена бехке хета Воронежера полисхой а, тIегулбелла, нохчашка багаетта нах а, муьлха низамаш ду цара талхийнарш а.

Полисхоша шаьш ма-аллара, духар бахьанехь шаьш сацийначу зударех каеттар а, церан цIера бевдда орцанна баьхкина божарий хьийзош, етташ дIабигар дийцарал сов, гIараяьккхина емалйо Кавказерчу фейсбукхоша шина нохчийн зудчуьнга, «Чурканаш, яхийта шайн Чуркистане!», бохуш, мохь биттина меттигера бахархой а.

Умаров Джамбулата доьху...

Цхьана зудчуьн сурт, тIе фашистийн свастика а латийна, наха даржор, цо а, цуьнца хиллачу воронежхоша а баьхнарг бахьанехь нохчий юха а Оьрсийчуьрчу ксенофобина леткъар тергоне эцна Кадыров Рамзанан гонехь коьртачу идеологан меттиг шегахь кхобучу министра Умаров Джамбулата.

Шовинизм яржочу зудчуьнга къинхетаме хиларе, иза а, и саннарш а бахьанехь, дерриг а оьрсийн къоманна дегабаам цабар доьху махкахошка Умаровс.

«Со чурка яц!»

Амма дуккха а Нохчийчуьра а, арахьара а нах ца кхеташ хIума ду кху деношкахь Воронежехь иккхинчу ксенофобин хьуна дуьхьал Соьлж-ГIаларчу евзаш йоцчу хьостано яржийна видео-флешмоб.

Актера Исраилов Хож-Бавдис а, кхечу массех а стаго а боху оцу акцехь доцца: «Со чурка яц!».

Цу барамна вуно резабоцуш хаало нах социалан машанашкахь.

«Стенна оьшу шуна шаьш эмкалш яц баха?»

«Эхь дац иза, шаьш чурканаш яц, аьлла, шу делха хIиттар, ма дийла кхетамчохь боцчу нахана хьалха бехказа!»

Иштта бу интернетехь флешмоб яржийначарна бохку бехкаш.

Нохчийчуьрчу адвоката Бетризовс жоп доьху

Воронежерчу хиламна гонах лела ойланаш, бен болх тергонехь кхобучу Маршо Радиона карийра инцидент йижорехьа массарел а мехала гIулч яьккхина стаг – Соьлж-ГIалара адвокат, бакъоларъярхо Бетризов Iайнди.

Шайца полисхоша эккхийтина инцидент шегарчу телефонехула 17 шо бен а доцчу Абдулаева Мархас интернете йилларцана, Воронежерчу талламан комитетан урхалле, нахаца телефонехула зIе кхаба декхаре йолчу инспекторе Дробышевага телефон туьйхира Бетризов Iайдис.

Цо шен цIарх Воронежехь нохчийн зударшца а, церан гергарчу божаршца а низамехь йоцчу кепехь полисхой хьовзар а, цхьаболчу бахархоша ксенофоби яржош лелийначух а лаьцна шегара дIахьедар чуэцийтира.

Стенна дина цо арз Талламан комитете, муьлхачу тIаьхьалоне сатуьйсу? Оцу хьокъехь къамел хилира тхан Бетризов Iайндица.

Маршо Радио: «Хьан арз тIе а эцна, таллам а болор бу", аьлла, хаам биний хьоьга Воронежера?

Бетризов: «Арз чуэцна хир ду, ца эцна баха меттиг яц церан. Ас тахана-кхана телефон а тоьхна, кхидIа хIун дина сайн арзах, хоттур ду.

Воронежехь вайн мехкан векалшца а хилла сан къамел. Цара суна баркалла элира, хьо дика ларавелла, шайгара-м арз дIа а ца ийцира Iедало, бохура.

Ткъа цхьаццаболучара, вон тоьхна ахь телефон, хьан гIуллакх дацара, олу. … Хаац, айса нийса дина аьлла-м хета суна».

Цхьа Воронеж хилла ца Iа нохчашца гома

Воронежехь инцидент иккхинчул тIаьхьа, цул а оьшушдерг нисделла нохчашца Сибрех а, Кавказан ков ларалучу Ростов-гIалахь а.

Нижневартовскехь кафехь хевшина Iачу нохчийн кегийнахана, герзаш а детташ, йиттина, царех массех лазийна. Хиллачун бахьанех а, етта баьхкинчех а дицарш кеп-кепара лела, амма официалехь цкъачунна дац даржош бакъдерг.

Кирандийнан сарахь иштта тIелатардина Ростовхь, Горькийн паркехь. Меттигерчу прессо яздарехь, бехна нах бу цигахь шина нохчочунна тIелеттарш.

Бакъду, нохчаша маса духьалойина, йиттина шайна тIелеттачарна. Амма ала деза, цигахь хьовса гулбелла лаьттина меттигера оьрсий кхетта ситуацех, цара нохчаша шайх бехк гунахь а доцуш леттачарна еттар къобалдина.

Ксенофоби Кремло сацош яцахь а

Ксенофобино Оьрсийчоьнан массех гIалахь корта айбар дуьйцу массо а тIегIанашкахь. Амма ца дуьйцу я Кремлехь а, я Пачхьалкхан Думехь а, я Оьрсийчоьнан Iедалан телевизионашкахь а.

Социалан машанашкарчу могIархойн долахь и тайпа хиламаш битар, Iедалдайша иштаниг ца даржийта деш хIумма дацар нийса дац, аьлла хета Воронежера инцидент низамашца а юстуш, бехкенаш жоьпе озор дехначу Нохчийчуьрчу адвокатна Бетризов Iайндина.

Бетризов: «Низамехь хилча-м, федералан тIегIанехь, «хIара мегар дац шуна» аьлла хила дезара.

Сан Iалашо ю, хила ма-деззара кехташ а кечдина, харцболучарна таIзар дайта, цунах прецедент хилийта, тIаккха кхечунхьа а лела ксенофобин боламаш кхеле бала.

Нижневартовскехь хиллачух, «вай лата деза, вай тапча етта еза» бахар нийса дац, зуламе ду. Шайца харцо лелочохь, Iедале язде, харц болучарна таIзар ден агIо е! Вай когаш кIел хи кхаччалц, хIумма а ца до. Ткъа цул тIаьхьа зулам хуьлу.

Сан дуккха а иштачу меттигашна юкъагIертар нисделла, сайгахь дарж дацахь а. Соьца кху пачхьалкхан вахархочун позици ю, цундела ца Iало гIо оьшучохь ца олуш, яз ца деш, гIара ца доккхуш».

Оцу юкъанна. Хаам баьржина Ростовра, нохчийн ши кIант реза ца хилла шайна тIелеттарш кхеле бала, аьлла...

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG