ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпин Игорь: Нохчашка бен хийцалур дац шайн махкара хьал


Каляпин Игорь.
Каляпин Игорь.

ТIемалоша лелочунна жоьпаллехь церан гаргара нах бу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина дIахьедар догIуш дац низамашца аьлла дIахьедар дина адамашна ницкъ барна духьал йолчу комитетан куьйгалхочо Каляпин Игора. Оьрсийчоьнан инарлин прокуроре Чайка Юрийга а, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а дехар дина цо цу дIахьедаран мах хадабе аьлла.

Маршо Радио: Дуккха а нах хиллачо эргIад бахийтина белахь а, хIусамаш а ягош, арабохуш болу нах орцах вала стаг воцуш бисина бу. Хьан хIун ойла ю цу хьокъехь?

Каляпин Игорь : "Ас йовзуьйтур ю шуна цу хьокъехь йолу сайн уггаре а гIайгIане ойла. Ма-дарра аьлча, нагахь Нохчийчоьнан юкъараллехь цхьа а дуьхьало ца хилахь, цхьа а цу хьокъехь нах эргIад бахар ца хилахь, арахьара нах эргIадбахаро хьал хуьйцур дац. Арахьара аьлча, аса дуьйцург ду Нохчийчоьнан арахьара бохург. Москохара а, Петарбухера а, Лахарчу Новгородера а цигара и хьал тодалур дац".

Маршо Радио: Хьо еххачу хенахь Нохчийчохь болх бина ву. Цигара хаьл дика девза хьуна. Цхьа а нах буй харцонна дуьхьал бовла лаам хир болуш цигахь, масала, парламентера халкъан олу депутаташ? Царна хетарг хIун ду?

Каляпин Игорь: "Хьовсал шу тIаьххьара нохчийн парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас динчу къамеле. Цо боху Каляпин къайлах террорхо ву, цо оьшуш дац нохчийн юкъаралла Iамо хIун дан деза бохучунна. Шаьш ширчу ламасташца, шайн Iадаташца лелаш ду боху цо. Амма суна дагацадогIу нохчийн Iадаташ полисхошна, аса билгалдоккху юха а, полисхошна цхьаъ ара ваккха а, цIенош даго а бакъо ло бохуш дуьйцуш хилар. Цу тайпаниг цкъа а хилла дац".

Маршо Радио: Тахана Нохчийчохь тIемалой бу бохучу нехан а, церан гергарчу нехан а хIусамаш ягош а йолуш наха хоьтту муха хьожу цу гIуллакхе Оьрсийчоьнан куьйгалхой, низамашлардон органийн куьйгалхой. Хьуна хIун аьлла хета?

Нохчийчоь - Нохчий тIемалой бу бохучу нехан дагийна цIенош, Янди-кIотар.
Нохчийчоь - Нохчий тIемалой бу бохучу нехан дагийна цIенош, Янди-кIотар.

Каляпин Игорь: "И дIахьедар, тIемалошна хьажийна хилла ца Iаш, юкъаралле хьажийна ду. Кадыров Рамзана цу тайпа дIахьедарца юкъаралле хоуьйту ша низамаш лардан дагахь цахилар. Нагахь цо аьлларг ала Чайка а, Бастрыкин а кийча велахь, нахана хуур ду цу нахе гIо доьхуш дехарш дар эрна хилар. Цу хаттарехула а, кхечу хаттаршкахула а".

Маршо Радио: Ахьа дехар дина цу нахе Нохчийчохь хуьлучуьнан мах хадабе аьлла. Жоп лур ду аьлла хетий хьуна Чайкас а, Бастрикина а?

Каляпин Игорь: "Господин Бастрыкинна а, господин Чайкина а низамо хIоттийна хан ю жоп дала. И хан 3 де ду. И хан дIататта аьтто бу церан 10 дене кхаччалц. Цу кепара ши кIира даьлча жоп кхача дезаш ду тхоьга. Нагахь и жоп ца хилахь, оха суьде лур ву Чайка а, Бастрыкин а".

Маршо Радио: Делахь а, цхьа а вац Оьрсийчоьнан Iедалшна юкъахь бехк боцу нах хьийзор нийса дац ала хIуттур волуш, тIемалойн гергарнаш бу бохучу нахана юкъахь хила а ма-мега Кадыровс дIахьочу полиикана реза болу нах, Iедалшна реза болу нах, ткъа царна таIзар деш ду?

Каляпин Игорь: "Карарчу хенахь, халахеташ делахь а, хIоьттина хьал иштта ду. Ас сайн дIахьедар дина. Кхана зорбанан конеференци дIаяхьа дагахь ю масийтта бакъонашларъярхойн вовшахтохаралла. Цу хьокъехь цхьацца гIулчаш яха мегаш ю цхьаболчу кхоьруш боцучу Пачхьалкхан Думан депутаташа а. Цунах сатесна ву со".

Маршо Радион хаттаршна жоп делларг вара адамашна ницкъ барна духьал йолчу комитетан куьйгалхочо Каляпин Игорь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG