ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца цхьаьна ворхI нохчо ву санкцийн тептаршкахь


«Тептарш» дузучу фигуранташа шаьш шек а дац боху

Майорова Юлия, Павлов Андрей, бизнесхо-бозбуунча Шешеня Алексей, хьалхо оццу «Магнитскийн тептара» баьхна кхин нах а санна, бехкебо аудитор Магнитский набахте а кхаьчийна, цигахь валийтарна.

Ткъа важа шиъ, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзанний, Устрада-ГIаларчу полицин буьйранча Катаев Аюббий, кхечу бахьанашца ваьккхина харцонаш лелочу нехан могIара.

Iамеркан Штатийн финансийн министралло ша ГIуран-беттан 20-чу дийнахь и пхи стаг тептаре язвеш бинчу хаамехь довзуьйту хIун даьлла Кадыровгара: «…дуьнено а лоруш йолу адаман бакъонаш луьра хьешарна… шайна юкъахь дин лело, дашца, гуламца хетарг даржо, кхелехь нийсо къовса, маьршша харжамашкахь дакъалаца Оьрсийчоьно елла бакъо а йолуш».

Катаев Аюб «тептара» стенна язвина ца хаийтина, амма цуьнан цIе прессо дуккхаза а яьхна Нохчийчохь Iедалхоша дахначу Iай, еш кхел а йоцуш, кегийнах байина бохуш баржош хиллачу хаамашкахь.

Хьалхарчу кхаанна хетарг дац хууш а, я Оьрсийчоьнан прессин бала болуш а. Ткъа тептаре язвинчу Кадыровс ша а, цуьнан гоно а, агIончаша а Iамерканна деллачу жоьпех дуьззина ду газеташ, телевизионаш.

«Хаам беъна, Кадыров Рамзан – со ву иза – Iамеркан Штатийн санкцийн тептаре язвина аьлла. Оцо хьовзий коьрте, со Флоридан бердашца а лаьтташ, Анлантикера схьахьоькхуш шийла мох болуш санна.

Со муха ца вуху, шовзткъа шарахь Iамерка ваха, цигахь бизнес лело, Манхеттенерчу банкашка ахча дилла хьаьгна Iаш хилча? Амма гур яц-кх Лас-Вегасера казинош а, айса Bank of America-на тешийна сайн миллионаш а. Iамеркан Штатийн финансийн министр кхин дан хIума доцуш ву, мукъалла далла Iарна цхьана метте кIамдар хьаьддачу цицигал башха. Доцца аьлча, суна дихкина Iамерка ваха.

…Хьалха а баьхна, бицбеллачаьрга юха а боху, гIур вацара-кх со Iамеркан Штаташка, вахча, совгIатна оцу ерриг а пачхьалкхера деши делча а-м». Иштта йоза ду Кадыровн цIартIехь йолчу Инстаграмин агIонтIе даьккхина.

Дехха ду Кадыровн жоп. Боху, уггаре бевзаш болу Iамеркара спортхой бу Оьрсийчоьнан паспорт доьхуш, Нохчийчохь хIусамаш езаш. КхидIа даладо инстаграм-агIоно, Iамерканна тIехтухуш, цуьнан къинош гучудохуш ду аьлла, хIара дешнаш: «индейхой», «африкахой», «Херосима», «Нагасаки», «Вьетнаман, «Сонгми», «ОвхIанистан», «Иракъ», «Либи», «Белград».

Шайн хьаькаман сихха агIо лоцуш, къамелаш даржийна Оьрсийчоьнан прессехула пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис а, арахьарчу политикан а, информацин а министра Умаров Жамболата а.

Хьалхарчо бахарехь, боьхна бац хиллачух Кадыров Рамзанан го, я ша Кадыров а «вац Iамеркан Штаташка виза еха лерина». Цунна хетарехь, «дуьнентIехь Кадыровх вон ойла кхолла гIерташ хьийзачийн банне а бац Оьрсийчуьрчу а, я ша схьаэцначу Нохчийн Республикерчу а адамийн бакъонашца бала».

ШолгIачо шеха, пафосехь, боху: «Иза Керла Шо тIекхочучу кху муьрехь вуно дика совгIат ду Кадыров Рамзанна. Оха массара а во иза оцу совгIатца декъал. Госдепан а, Iамеркан Штатийн финансийн министраллан а гIоьнца Кадыров Рамзана тIечIагIдо шена ша таханлерачу Оьрсийчоьнан турпал а, патриот а хилар… санкцешка ехкинчу оьрсийчоьнхойн цIерш, фамилеш дашо элпашца язйина хир ю Оьрсийчоьнан исторе».

Кадыров Iамерко «Магнитскийн тептаре» ваккхар цатайначийн декъахь бу цхьаболу Оьрсийчоьнан лаккхарчу тIегIанашкара политикаш а. Президентан Путинан пресс-гIоьнчас Песковс дIахьедина, Кремло низамца ца йогIуш а, гергарлонашна новкъарлоеш а лору санкцеш, иза царна реза яц, аьлла.

Шега, Iамерканна жоп луш, шен санкцеш Оьрсийчоьно дуьхьалйохуш, Кадыровца вуста мила ву Iамеркахь, журналисташа хаьттича, «кIезиг бу церан ишта нах», аьлла Песковс.

Пачхьалкхан Думин дуьхьалонан, кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочун хьалхара когаметта волчу Клинцевич Франца иштта аьлла: «Веккъа цхьана бIаьрзечунна бен дац Нохчийчоь бусалба дуьненахь паргIатонан гIайре хилар цагойла».

ХIун даьлла "тептаршкарчу" нохчашкара?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG