ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна хьахош ца тов Iедална


Оьрсийчоь -- Политковская Анна яьхначу а, йийначу а цIенна тIетоьхначу дагалецаман уьна уллехула волуш ву меттигера вахархо, Москох, 07ГIа2011
Оьрсийчоь -- Политковская Анна яьхначу а, йийначу а цIенна тIетоьхначу дагалецаман уьна уллехула волуш ву меттигера вахархо, Москох, 07ГIа2011

Оьрсийчуьрчу демократаша а, адамаллин мах мел бевзачу Европерчу а, Ιаьмеркарчу а юкъараллаша а билгалдаьккхира 6 шо хьалха Политковская Анна а, тΙаьхьо цуьнан санна кхетам болу кхин а маситта бакъоларъярхо а вер. Массара а тΙедожадо Кремлна и нах байъинарш схьа а карийна, царна таΙзар даре. Амма нохчех шен лозу дог делхийна а, ма-дарра аьлча, уьш бахьанехь елла а йолчу Политковская Аннин цΙе официалехь хьаха а ца йира Нохчийчохь.



И доьналле, майра дешан говзанча дагалоцу цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Оьрсийчоьнан цхьамогIа гIаланашкахь. Цу къонах зудчо, бIокъажор,озаялар хIун ду ца хууш, Нохчийчуьра хьал ма-дарра гойтуш, хийлазза ирташ зорбане яьхнехь а, дуккха а вайнахана орцах юьйлуш, "мохь –цIогIа" цо диттанехьа а, Политковская йийна ялх шо кхачар, вонна а, диканна а багах ца доккхуш, ишта доьналле адам Iаламехь кхоьллина хила а ца хилча санна, тергамза дитина Нохчийчохь: официалан хьостанаша а, цхьацца юкъараллин болам-цхьаьнакхетараллаша а.

Иза данне дац могIарерчу нахалахь Политковская Анна лераме яц, царна и дага а ца йогIу бохург. Амма церан тахана таро яц цунах а, и ерца боьзна а болу шайн дегаIийжам, шайна хетта хала, мохь туххуш, дIадалхош, Iорадаккха а, вовшашка дийцина, гIайгIанех дегнаш дасса а дина, шайна хьаам бан.

Официалан тIегIанахь цуьнан цIарна гонаха тийналлин «зов» латтахь а, бахархошна дукха дика дагайогIу Политковская Анна а, цунах масал эцча санна, цуьнан лорх, нахана орцахъюьйлуш чекхьяьлла нохчийн майра зуда-бакъонашларьярхо Эстемирова Наталья а.

«Иза, суна гергахь, хIоллам хIотто а мегар долуш, шен са ца кхоош, мискачу нахана тIехIиттина, цаьрга гIоьналлин куьг кхийдина стаг ю", - бохура. Политковскех Новр кIоштарчу вахархочо Увайса. «Цхьа зама йогIур цунах мохь тоьхна дийца маьрша долуш», - бохура Увайса кхин дIа а. Иза бакъонан, нийсонан да хилла, вайнахана орцах яьлла стаг-юьхьша яра, аьлла, тешна ву иза.

Увайс: «Мискачу нахана оьшуш яцара цуьнан Iожалла. Нохчийн къам ца дезачара бен и йийна а яц. Нохчех бакъдерг бен цо яздеш хилла а ма дац. Оьрсийчоьнан эскархоша кхузахь лелийна харцонаш, къизаллаш Iораяьхна цо. Цунна ца езаш хилла хир ю-кх иза, цо бакъдерг дийцарна. И аьлла хетта суна-м».

Нохчийчохь Политковская Анна а, Эстемирова Наталья а хьехош цахилар шатайпа туьдучех ву Соьлжа-гIалара тергамхо Мухтар а. Цо чIагIдарца, уьш дийна цахилар кхаъ бу цхьаболчарна.

Мухтар: «Политковская Анна уггаре хьалха могIарера яхаръхо яр-кх Оьрсийчуьра, хьо а, со а, кхиверг а санна. ТIаккха яра иза журналист а, бакъонашларьярхо а. И ер багах ца доккху, и шайна хаза хета дела. Цуьнан Iожаллах шайна кхаъ хилла дела. Со цунах цец а ца волу.

И саннарш дуьххьал бойъуш бац Оьрсийчохь. Уьш байъа а бойъуш, бийца а ца буьйцуш, схьадогIуш ду кхузахь. Тоххара чубоьхкина хила беза нах хеста а беш, схьадогIуш ду 1991-чу шарахь дуьйна. Кегаделла. Нийса дерг а, болх бийриг а, нийса дIалеларг а емал а веш, схьадогIуш ду. Уьш ца бийцарх цец ца волу со-м. Кху чохь хила ма деззара Iедал, низам дIа а хIоттийна, хIара дIадахийта ца лууш болу нах коьртехь болу дела ца буьйцу, аьлла хета-кх суна".

Маршо Радионо, хьуна гергахь муьлш хилла Политковская Анна а, Эстемирова Наталья а, хIун ца тоьуш, хьанна орцахбевлла лелара уьш, аьлла хаьттича, Мухтара иштта дийцира кхин дIа а.

Мухтар: "Политковская Анна а, Эстемирова Наталья а, кхиберш а, нехан барт хилийта гIерташ, харцо чекх ца ялийта гIерташ, нийсо ян гIерташ, мискачу нахана орцахбевлла бара, аьлла, хета-кх суна. Суна даггара новкъа догIу и саннарш дIабохуш, амма дан хIума-м дац сан а, кхечуьнан а. Стенна? Совнаха дош аьлча, хIара сан муха доьрзур ду-те, бохуш, цхьа хан яллалц ладегIамехь веха-кх со а, кхиберш а. И санна болу нах алсам мел хили а, дахар тодаларехь, бакъонан хорша дерзарехь сихо хир яра, аьлла-м хета суна".

Политковская Анна йийна кхо шо сов зама яьлча, 2009-чу шеран аьхка, Товбецан-беттан 15-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалахь лачкъа а йина, ГIалгIайн махкахь къиза йийна карийра Эстемирова Наталья. Ондда бух болуш хIума лору дукхахболчу тергамхоша Политковская Аннин цIарх дуьххьарлера ахчан совгIат, и хьуьнаре зуда-журналист йийна шо кхочуш, Эстемирова Натальяна далар.
XS
SM
MD
LG