ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьне стенна "бицбайтина" 20 шо хьалха болабелла тIом?


Кремлна луучу хьесапе яккха гIерта шайн къоман истори Нохчийчуьра хьаькамаш

Нохчийчоьнан, Оьрсийчоьнан президенташа Масхадов Аслана а, Ельцин Бориса а 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь Москвахь бина машаран барт а бохош, 1999-чу шеран Гезгмашин-беттан 30-чохь Невран а, Шелковскан а къоштийн дозанаш а хедош, Нохчийчу девлира Оьрсийчоьнан танканийн дакъош.

ТIаьхьо даьхкира махка эскарш Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а дозанашкара, "Кавказ" некъатIехула. Оццу хенахь мохк баккха дуьйладелира эскарш гIалгIайн лаьмнашкара дIа а – гуьржийн дозанца лаьтта нохчийн дакъош республикан дозанашна чу а тоьттуш.

Амма "ШолгIа тIом" 1999-чу шеран Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь болабелла официалехь бахар а дац деккъа дIа алар бен – цул бутт хьалха йолийра Оьрсийчоьнан кеманаша Соьлж-ГIалина а, цунна гонахарчу ярташна а тIе бомбанаш етта. Нохчийчоьнан лаьмнийн Гуьржийчоьнца а, Дагестанца а долу дозанаш цхьацца меттигашкахь оцу дийнал дуккха а хьалха дIалеца гIиртира Оьрсийчоьнан эскарш.

"Дош лой ахь, Нохчийчохь тIом хир бац аьлла?"

Танканаш чуйогIучу дийнахь Мосвкахь журналисташа хаттар дира премьер-министре Путине: "Дош лой ахь, Нохчийчохь тIом хир бац аьлла?"

"Ло", - жоп делира Путина: "Ондда дош ло."

Амма Путина "дош лучу" хенахь махка чубаржош бара Оьрсийчоьно тIом. ТIех беха а лаьттира иза: контртерроран операци юхаяккхарца сецира 10 шо даьлча – 2009-чу шеран Охан-беттан 16-чу дийнахь.

Тахана Нохчийчоьнах урхалла дечу хьакамашна "дицделла" и де. Гезгмашин-беттан 30-чохь шен Instagram агIонехь Кремло къобалъечу парламентан спикеро Даудов Мохьмада яздо футболан "Ахмат" клубан тренер Рахимов Рашид даржера дIаваларх лаьцна, цхьа дош а ца яздо тIом болабеллачу дийнан хьокъехь. Бац цо хьахош шех а, шен гонерчу накъостех а "Оьрсийчоьнан турпалхой" а, регионан политикаш а дина болу тIом.

"Контртеррор йирзина де" хIора шарахь а даздеш хуьлучу Кадыров Рамзана а ца хьахийна Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а истори бIостанехьа ерзийна тIом, иза болабелла де.

Вевзаш волчу нохчийн политика, "Кавказан къаьмнийн ассамблеян" куьйгалхочо Кутаев Руслана тидарехь, Нохчийчуьрчу хьаькамашна ца деза махкахь хилла ШолгIа тIом хьахош.

"Цара иза буьйцуш хилча, уьш декхаре хуьлу, хьан, стенна, муха лелхийтира Москвахь, Волгодонскехь, Буйнакскехь цIенош хьахо. ТIом болабар дуьйцуш хилча, церан яккха еза Масхадовн цIе. И тIом буьйцуш белахь, цара дийца дезар ду Соьлж-ГIалахь тахана дагалоцуш а доцу хIуманаш. Ткъа тахана дийца маьIна дерг цхьаъ ду -хьан баьккхира тIом, хьан иза болийра", - боху Кутаевс.

Нохчийн журналиста Д. Халида а элира, ца лаьа Соьлж-ГIалина ШолгIа тIом болабалар хьехо.

"Оцу тIамо массеран а кхолламаш хьаьшна: цхьаьннан - цхьаъ, я дуккха а доьзалхой байина, вукхуьнан – кхерч, бахам хIаллакбина, кхоалгIаниг 20 шо а сов воьлхуш лела шен чуьра дIавигина, доза вайначу вешина я дена. Цхьаберш махках боьхна, дIабахана, паналлехь даймахках хьоьгуш Iа. Кхиберш – заьIапхой… Наггахь а вац оцу тIамо дог, са хьашаза висина. Делахь а, и къематде дицдан лаьа-кх нахана", - элира "Кавказ.Реалиига" шен цIеяккхар тахана а кхераме хетачу журналиста Халида.

Таханлерчу Нохчийчоьнан дайшна шайн кепехь хийца лаьа истори. Дуьххьара нислуш дац нохчийн къомо дагалоьцу деза, я къаьхьа денош, хилла а доцуш санна, Нохчийчоьнан администрацина "дицдалар". ХIара а санна, хьахоза тIехдалийтира Хьалхара тIом болийна де а, вайнах махкабаьхна де а. Иштта хьахоза дIадохуьйту махкахь нохчийн къомо, бIешераш хьалха, ша Оьрсийчоьно хьийзочу муьрехь, цуьнан эскарш эшош, толамаш баьхна 18-19-чу бIешерашкара денош а, оцу хенахь Къилбаседа Кавказан маршо къуьйсуш летта къонахий-турпалхой бина я эгна денош а.

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG