ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун дахьа богIу «беза хьеший» Соьлж-ГIала?


Концертийн директор Шахиди, фигурист Плющенко, продюсер Пригожин, актер Верник, йишлакхархо Валерия, продюсер Рудковская
Концертийн директор Шахиди, фигурист Плющенко, продюсер Пригожин, актер Верник, йишлакхархо Валерия, продюсер Рудковская

Пачхьалкхан коьртачу шахьарара шоу-бизнесхой хехкало Соьлж-ГIала, цигахь «Ахмат-сила!» («Ахмат – ницкъ бу!») маьхьарий бетта, коьрта тIе йовлакх кхосса, нохчийн хелхар дан, «хьомечу ВЕШИЦА» суьрташ даха.

Автор: Гармажапова Александра

«Хууш верг кхетар ву»

Футболан «Ахмат» клубехь, Соьлж-ГIалахь, хьалхара матч хилла («Терек» яра хIинццалц тобан цIе).

Барам комаьршша базбина. Баьхкинера Оьрсийчохь массарна а бевза нах: Рудковская Яна, Плющенко Евгений, Валерия, Пригожин Иосиф, Тимати, Басков Николай, Крутой Игор, Лопырева Виктория, Верник Игор (и тIаьххьара шиъ дара шоу дIахьош).

Массара а шаьш цигара интернетехула даржийна шайн суьрташ билгадаьхна «Ахматсила» хэштегца – хууш дац, тIедожийна дара иштта бухаяздан я дацара. Иштта, даьхна суьрташ мехкан коьрта мехалла ларалуш санна, Кадыровца дIахIиттина а.

Плющенкос машане йиллинчу видеонехь боху, «тхан ламаст ду Соьлж-ГIала а догIий, тхешан доттагIашкахьа хуьлуш – «Ахматехьа».

Фигуристо кхечу суьрта буха яздина: «Хууш верг кхетар ву!» Гарехь, къамело нах хьовсабо гIараяьлла скандал дагалаца – Кадыровс пачхьалкхехь премьер лаьттинчу, хIинца оппозицехь волчу Касьянов Михаилна тесна кхерам.

Цхьа шо ах шо хьалха дара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iедал да лаьттинарг снайперо тоьпан биргIана лаьцна гойту видео яржийча.

«Касьянов Оьрсийчуьрчу оппозицина ахча деха веана Страсбурге. «ЦА КХЕТТАРГ КХЕТАР ВУ!» - яздинера Кадыровс видеона буха.

Шатайпа веза хьаша вара «Ахмат-Аренин» Бразилера буьркаловзорхо Роналдиньо. Кадыровца, «Ахмат- ницкъ бу» баннерна кIел суьрташ дахийтира цо а. Хаьий-те гоьваьллачу бразилхочунна, стенгара даьлла «Ахмат», стенна бу иза «ницкъ», дуьйцуш дац.

Еанера Соьлж-ГIала президентан пресс-гIоьнчин Песков Дмитрийн йоI Елизавета а. «Ахмат» клубан футболан мур схьабоьллуш Кадыровс хIоттийначу массарел исбаьхьчу барамехь» хилла ша, «Баркалла дерг даима а ма-дарра олуш волчу ДОТТАГIЧУННА. АХМАТ – НИЦКЪ БУ», - яздина цо.

Песковас дозаллийца боху шена «лезгинка» Iамо секунда бен а ца ийшира.

Ткъа шолгIачу Iуьйранна йоьIан дас комментари елира Кадыровс Iамеркарчу НВО телевизионан журналистна интервью луш, Оьрсийчоьно «дуьне раком хIоттор ду» аьлла эккхийтинчунна. «Гена даьккхина аьлла хIумма а дац», бохура Песковс.

«Безачу хьешийн» гламур дакъазйолу меттиг

Соьлж-ГIалех дукха хан ю, Оьрсийчоьнан гламур Iора а йоккхуш, ахчанца Кадыровс хьешашкара «безам» оьцу меттиг хилла.

БIаьстенан юьххьехь Кадырова Iайшата лелочу моданийн Firdaws хIусаме баьхкира «Дом-2» шоун декъашхой. Водонаева Аленас, Феофилактова Евгенияс, Бузова Ольгас социалан машанаш буьзира Соьлж-ГIаларчу суьртех.

Феофилактовас «дуьнентIехь уггаре майра, хьекъале, ницкъ болу борша стаг» цIе тиллира хIетахь Кадыровна.

«Дозалла до, доггах лору» - яздира цо.

«Дом-2» хьочу Бузовас «ницкъ болу, бакъволу борша стаг», цунна уллехь «жима хелиг хетало», бохура Кадыровх лаьцна.

Муха аьтто баьлла мехкарийн махкахь оццул йоца хан йоккхуш оццул майра жамI кхайкхон – иза ма-луъу тида дуьсу.

Билгалдаккха догIу, Бузовас инстаграмехь реклама еш хIотточу цхьана постах боккху мах, прессо дийцарехь, 200 000 сом бу. Водонаевана – 100 000 ло.

«Со дуьххьара яханера. ТIех дукха кхочу хIора квадратан метрна блондинкаш а, исбаьхьаллера нах а. Баркалла, Грозный!», - яздира Firdaws-ехь моданаш гайтина евча актрисас Хилькевич Аннас.

«Ницкъаша кеманчу даьхна дигира»

Хуьлуьйтур вай, шайн хан баккъал а ахчанца юстуш болу Москохара шоу-совдегарш Соьлж-ГIала мел баккха лелаш. ТIаккха хаттар кхоллало: стенна ца лела уьш хьошалгIа кхин губернаторш болчу а?

Кадыровна санна, доттIагIалла лело ца хууш ву-те, масала, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхо Коков Юрий я Чукоткин лидер Копин Роман?

Кхеташ дац, «Кадыровн доттагIашна» хьалха ваьлла стенна нисло массо хенахь а концертийн директор Шахиди Табриз. Цо хьеший новкъа бовлуш яздира инстаграмехь, «тахана тхо ду доккхачу адаман барамехь».

Продюсер Пригожин Евгений а, Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам а
Продюсер Пригожин Евгений а, Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам а

Ала ду кхин цхьаъ а, «седарчийн десанто» юьстахвитина вина 55 шо кхачар даздеш волу шайн коллега Лепс Григорий. Видео-даздар хьажийна цуьнга, боху, халахеташ делахь а, шайн аьтто ца бели цуьнан Винчу Дийнехь хила – «тхо массо а ницкъал кеманчу дехира, цундела аьтто ца бели хьан юбилейхь хила»

«Гриша, оха дош ло, ахча вовшах а тоьхна, хьуна доггIу совгIат дан Нохчийчуьра юхадаьхкича. Тхо дуккха а ду, хьайна тIера декхарш дIадохийла а хир хьан!» - боху Басков Николайс, кхаьчначу гонорарах дош а къадош.

Концертийн Disco Star агенталло бахарехь, Басковн концертан мах бу 80 эзар доллар а, кхин сов а. Мел дала деза ахча цо динчу нохчийн хелхарна (хелха а вийлира иза), хоуьйтуш дац.

Самукъане дахар девзина болчу Рудковскаяца а, Пригожинца а дерг кхеташ делахь а (гергарло финансаша чIагIдеш дуйла массарна а хаьа), кхеташ дац 19 шо долчу Пескова Лизех дерг – хIун пайда бер бу цунна «кадыровгIаьрца» тасаделлачу гергарлонах.

Артикл гочйина Чабаев Лоьмас

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG