ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен бала шега нохчийн маттахь балхабайтар доьху зудчо


Иллюстрацин сурт
Иллюстрацин сурт
Михальченко Лидия

Швецерчу миграцин урхалло оьрсийн мотт буьйцу прокурор шена къасторна реза яц нохчийн мухIажир. Оцу гIулчо низам ца талхийна, боху оппоненташа

Ша бахначу баттахь Стокгольмехь миграцин хьукмате тховкIело йоьхуш, аьллера, шегара тоьшаллаш даха, Оьрсийчуьра ша ядарх дерг тешон шена оьрсийн мотт буьцуш воцу белхахо лахьара, иштта, нохчийн мотт буьйцу гочдархо а кхайкхахьара, амма ца дина кхочуш шина дехарх цхьа а, боху бутт хьалха Нохчийчуьра Швеце еъначу зудчо.

Оьрсийн мотт буьйцу прокурор къастийна мухIажирца къамел дан. Ткъа зудчо, шена хила тарлучу вонах кхоьруш, ма-дарра ца дийцина, стенна едда ша Оьрсийчуьра. Оцо лахъян мега зудчунна Швецино тховкIело яларца йоьзна шансаш.

Шен цIе йовзийта кхоьру иза – цIахь бисинчу гергарчарна хьовзам баккха тарло Iедало. Шен майра хьийзаво Нохчийчуьрчу хьаькамаша, цо дин шаьш ма-бохху цалелорна, дахаре болу хьажам шайнчуьнца богIуш бацарна, дуьйцу зудчо.

Юьхьанца доьзал боьссина хилла Германе, амма ца елла цигахь тховкIело – доьзалан дена депорт йина, ткъа хIара зуда а, кхо бер а диса гIерта хIинца Швецехь.

МухIажирехьа ю Швецера VAYFOND. Оцу нохчийн юкъараллан векал Садулаева Амина тешна ю доьзална тховкIело яла йогIуш хиларх. Инцидентах лаьцна дийцира цо "Кавказ.Реалиин" корреспонденте.

"Зудчунна гIодеш яра со. Мигранташ тIеоьцучаьрга цо элира, шега къамел нохчийн мотт буьйцучу толмажца цхьаьна дойла ца лаьара шена, ша кхоьру. Нагахь шайна нохчийн мотт буьйцург ца каравахь, муьлхачу маттахь хьоьца къамел дан таро ю, хаьттира цуьнга.

Ца хуьлучу далахь, оьрсийн маттахь мегар ду, жоп делира кхо. Амма пхи минот ялале, гочдархо лохуш къа ца хьоьгуш, Ирина цIе йолу оьрсийн мотт буьйцу белхахо ялийра.

Къамел дирзича, хIиттийначу кехаташа бохура, мухIажирна хууш болу мотт беккъа цхьа оьрсийниг а бу, мухIажиро тховкIело йоьхуш яла еза интервью схьаоьцуш Ирина а хир ю. Тхо реза ца хилира оцу хьелашна, дийхира дерриг а юхадолор, къамел мухIажирца нохчийн маттахь дар. Анкетехь белхахоша хийцира, хууш болу мотт нохчийниг бу аьлла, амма оьрсийн маттахь бен зудчуьнца дан къамел доцу белхахо ца хийцира кхечунах.

Цул сов, ассистент реза ца хилира, тховкIело йоьхучу зудчо ма-деххара, кехаташца сох цуьнан верас-адвокат ян. И болх ас дуккхаза а, нах сайна тIе а оьцуш, оццу хьукмато къобал а деш, хьалха дIахьош хиллехь а", - дуьйцу Садулаевас.

Цо тоьшалла дарехь, мухIажиро Иринига ца-яьлла бийцина ша арабаьккхина некъ, довзийтина ша Швецин Iедале доьхург. Амма ца дийцина дерриг. Ца гайтина, масала, ша даймахкахь бакъоларъечу "Мемориал" центрехь болх беш хилла хиларх долу тоьшалла.

Доллучух а лаьцна VAYFOND-о арз яздина Швецин парламентан омбудсмене. Оццу кепарчу орзана дуьхьал жоп деана юстицин омбудсменера Ренфорс Сесилигара. Цо иза шен компетенцехь дац, амма ша орзан копи Швецин миграцин урхалле хьажор ю, аьлла.

Цкъачунна инцидент ерзанза ю, ткъа йирзина лорийла дац, боху Садулаева Аминас, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин низамаша ма-хьеххара, мухIажирна маьршша, цхьаннах а кхера а ца кхоьруш, ша тховкIело стенна йоьху, Оьрсийчохь хIун кхерам лаьтта шена тIехь дIадийца аьтто миграцин белхахоша баллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG