ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIаьрзе "нийсо"


Титиев Оюб (архивера сурт)
Титиев Оюб (архивера сурт)

Титиев Оюбна полисхоша наркотикаш бухакхийсар толлур дац

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело шинарийдийнахь ши сацам тIеэцна бакъоларъечу "Мемориал" центран махкарчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан девнца доьзна. Талламехь дара ши арз: хьалхарниг – Титиев лоцуш полисхоша лелийначу харцонах лаьцна, шолгIаниг – лаьцнарг изоляторера арахецийтарх.

Межидова Наталья яра кхел дIахьош. Сацам бина хила безачу хенал де тIаьхьа бина – де-буьйса шена мукъадитинера кхелахочо.

Титиев Оюбан агIолоцуш вара кхелехь кхаа адвокатах цхьаъ - Заикин Петр. БехктIебахьархо – прокурор Межидов.

Бехктакхаман процессан кодексерчу 125-чу артиклца дозу арз духхьара дац чулуш, амма хIоразза а новкъарло йо иза луьстуш талламо а, прокуратурано а. Титиевс ша лаьцна ши де даьлча, Дечкен-беттан 11-чохь, официалехь дIахьедира, шена дуьхьал зулам даьккхина полисхоша – шен машен чу наркотикаш цара кхийсина, аьлла.

Бакъоларъярхо сацош, цуьнан машен чохь 200 грамм къомал карийна, аьлла долийна ду ша дов. Ткъа иза полисхоша шена бухакхоьссина, боху Титиевс. Оьрсийчуьра а, дозанал арахьара а бакъоларъярхой тешна бу Титиевна бехк Iедало "кхоьллина" бохучух.

Кхел йолалуш Заикин Петра дийхира керла тоьшаллаш девнан тептаршна юкъадахийтар. Оьрсийчоьнан президентан гонерчу Бакъоларъяран Кхеташонерчу говзанчаша йина экспертиза яра юьйцург. Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила ша даккхийтина документ ду иза. Куьг яздина буха эксперто Поляковас.

Говзанчаша дийцарехь, талламчаша вуно дукха гIалаташ дийлийтина шайгара Титиевн бехках лаьцна бух кечбечу муьрехь. Амма ца оьцу кхелахоша и тайпа тоьшаллаш тидаме.

Эксперташа билгалдоккху, Дечкен-беттан 9-чохь полисхоша Титиев шозза лаьцна хиларх (юхьанца лаьцча, шаьш дитина юридикан гIалаташ дIадохуш, дIа а хецна, шозлагIа а лаьцна иза). Цул совнаха, бакъоларъярхо лацар, полицин цIийне вигар гойту видеотоьшаллаш полицино къайладаьхна, Куьршаларчу полицин кертара видеофиксаторш Титиев лоцучу дийнахь болх беш яцара бохург аьшпаш бу аьлла хета тергамчашна.

Доцца аьлча, бакъоларъярхоша боху, Титиев лаьцначу полисхоша болх "шайгахьа бина, талламчаш а бу цаьргахьа уьйзуш".

Федотовс яйтина экспертиза тидаме ма оьцийла, элира прокуроро, кхелахо резахилира. Заикина, шега дош делча, дагадаийтира Титиевн аьрзнаш дуьззина теллина а дацар. Цунах тоьшалла дийриг ду юьхьанца вовшахтоьхначу талламчийн документашна Титиев лоцучу дийнахь Куьршаларчу полицехь видеорегистраторш болхбеш яцара боху кехат бен тIекхетта дацар.

"Титиев дуьххьара полицино сацор гойту тоьшаллаш талламчас юхьанца дуьйна а долийра юкъарадаха", - боху Заикина.

Цо билгалдаьккхира тешийн дареш вошашца галморзахдуьйлуш хилар. Масала, хьалха яздинна гIалаташ тIеяздеш хIиттийна тешаша шозлагIа динчу дарийн кехаташ а. Ткъа буьйцу тешаш – уьш полисхой бу.

Прокурорна тоаме хета "Титиев Оюбан дIахьедар зуьйш бина таллам". Тешийн цIерш а ягарйира цо. Тоаме лерира оцу наха бохург: наркотикийн тоьрмиг баьккхина полисхоша Титиевн машена чуьра.

"Со ца кхета, стенна йоху тешийн могIарахь сан дIахьедарца доьзна Гараевн, кхечераш цIерш, уьш ас яьхна яц. Видеокамераш хIиттийна лаьттачу массех цIенна уллехула ваьлла вахана со машенахь. Уьш массо стенна хилла йоьхна оцу дийнахь? Сан арз 5%-на теллина дац, суна хетарехь", - элира Титиевс.

Делахь а, я цо а, я адвокаташа а дуьйцург дуьхе ца эцна кхело – ца магийна полисхошна дуьхьал таллам боло.

Кхело кхочуш ца дина Заикина а, кхечу адвокато Дубровина Маринас а дина шолгIа дехар а – ца магийна Титиевна шен дов луьстучу юкъанна изоляторера аравала.

Заикина юха а дира ша хьалха дина дIахьедар: стагехь махкал аравала магош паспорт хиларо ца гойту иза махкара вада воллийла, ца далийна прокуратурано Титиевс тешашна тIеIаткъам бина хиларх долу тоьшалла. Титиев, цIахь а Iаш, кхеле лела торуьйтуш ду цуьнан шераш а (62 шо ду цуьнан), бохура адвокато.

Заикинан далилашна тIе ца тайра прокурор. Цунна хетарехь, Титиевн могашалла а яц сагатдан оьшучу хьолехь. "Могашалло торуьйту цунна изоляторехь Iан. Дала латтайойла цунна иза! – элира бехктIебахьархочо, ша Заикинан дехар дешна а доццушехь.

…Кхело дира прокуроро доьхург. ТIебогIучу беттан 9-гIа де тIехIотталц магийна иза лаьцна кхаба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG