ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Титиев Аюб бакъ ву"


Нерозникова Екатерина

Юкъаралло нохчийн бакъоларъярхочун дов тергоне эцар доьху пачхьалкхан куьйгалхошка

Москох еарийдийнахь шаьш еллачу пресс-конференцехь Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокаташа Новиков Ильяс а, Заикин Петра а дийцира бакъоларъярхочунна дуьхьалбаьккхинчу бехктакхамах лаьцна, довзийтира иза муха кхуллу Iедалхоша.

Новиковс дагадаийтира журналисташна, маца, муха лецира Титиев. Керлачу шеран 9-чу дийнахь Куьрчалара, машенахь балха ваха араваьлла иза шен цIенна генавалале сацийна некъан инспекторша. Ткъа хууш ду, полисхоша Титиев цкъа сацийна ца Iаш, полице вигинчуьра юха а валийна, шозлагIа а лаьцнийла. Амма и сурт тидаме а ца оьцу кхело.

"Дечкен-беттан 18-чохь шен къамелехь Кадыров Рамзана массарна а хезаш къобалдина полисхоша динарг", - элира Новиковс.

Тидаме эца йогIу хиламан шолгIа эпизод а: Чиллан-беттан 2-чу дийнахь омбудсмено Москалькова Татьянас Титиевн дов таллар Къилбаседа Кавказан федералан гоне дIадала деза, элира. "Оцо мелла а дов нийса талла аьтто бийр бара", - аьлла хета Новиковна. Амма Кадыровс Москальковал тIаьхьа, де даьлча, ша резавоцийла хаийтира омбудсмено аьллачунна - полицин белхахойх чекх са гойту дов махканна цатешоро, элира цо.

Новиковс бахарехь, дукха хьолехь наркотикаш бухакхийсина хилар къасто хала хуьлу. Амма Аюбца дерг кхин ду, адвокатна гарехь.

"Тхан таро ю Титиевна полисхоша наркотикаш бухакхийсина хилар Iорадаккха. Оха бакъвийриг билггал бехках цIена стаг ву. Титиев Аюб бакъ ву", - чIагIдира Новиковс.

Пресс-конференци йоьдучу юкъанна хиира Титиев кхидIа лаьцна латторца дерг къастош кхел юйла еш Охан-беттан 25-чу дийнахь, аьлча а, кху, адвокаташ Москох болчу, дийнахь.

"Тарло девна юкъа талламчаша къастийна адвокат ваийта а, гуш ду иза динарг талламча Хадукаев воцийла, цуьнан яц ишта бакъонаш – тешна а, Нохчийчуьрxe Талламан комитетан куьйгалло бина сацам", - элира Заикин Петра.

Адвокаташа биглагдаьккхира, "талламо даима а до дерриг а адвокатийн таронаш гIелъян", аьлла. Масала, бохура цара, шаьш дийхира Куьрчаларчу новкъахь Титиев лоцу мур шайн видеорегистратошна чуязйинчу машенашлелорхошка яьхна видеош ялар, ткъа полици лийлира цаьргара и видео-тоьшаллаш дIадохуш.

"Талламан комитетна цагойла дац и дерриг а. Нохчийчохь тIом бу маьршачу нахаца беш", - тешна ву Заикин Петр.

Нохчийчоьхь низамах жоп лучу хьукматашка Iалаш ца дало хьакамех низам. Титиев хIаллакварх къелхьарваьккхинчу адвокатан Телхиговн (бакъоларъярхо лоццушехь, вигина меттиг а евзина, иза ша-шена тIелуьйчуьра ваьккхина цо) ма-хуьллу сиха вада дезна махкара, - дийцира Заикина.

Цунна хетарехь, дуьхьаллаьтта Iедалхой "бац, харцонах кхерабелла, юхабовлучех". "Иштта лела цаьрга Кадыров Рамзана дуккхаза а баьхна шен къамелашкахь", - элира юристо.

Кхаарийдийнахь Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кхело Титиев лаьцна кхаба магийна Мангал-беттан 9-чу дийне кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG