ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Реляцеш - кеп-кепара, болх боцу нах - бу бохучул а дукха


Болх боцчу нехан терахьаш шайн-шайн ду Росстатан а, ВЦИОМ-ан а, Кадыров Рамзанан а

Болх бан а лууш, бан могашалла а йолуш, амма иза ца карош буьсучу нехан дукхалло гойту мехкан экономикера хьал, нехан Iер-дахар муха ду.

Росстато (Оьрсийчоьнан статистикан урхалло) бахарехь, Оьрсийчохь 5,1% бу къахьега гIора а долуш, болх лоьху нах (4,4 млн.).

… Амма гайтинчу терахьо бакъдолчу хьолах ца кхетаво, официалехь "болхбоцург" хьанах олу хууш воцург.

1997-чу шарахь арахецначу "Оьрсийчоьнан бахархойн къинхьегамах" цIе йолчу низамца а догIуш, болхбоцург ву, "къахьега таро а йолуш, я болх я тIедогIуш рицкъ а доцуш, болх беза аьлла Iедалан хьукмате дIа а язвелла, 10 дийнал сов болх ца нислуш вуьсург".

И тайпа "болхбацархой" бу Iедало официалехь къинхьегам боцучийн могIаршкахь гойтурш. Ткъа верриг а, болх бен шераш а, иза бан де а, могашалла а йолуш волчу Оьрсийчуьрчу 73 миллион вахархочух, балха а вахана, къахьоьгуш вац 50 миллион гергга стаг бен.

Цундела нисло пачхьалкхера бакъ хьал ган луучунна Iедало официалехь далочу болх ца карочу нехан декъах болх бан цатуьгурш а тоха безаш – уьш берраш а хуьлу Оьрсийчохь 28-30 миллион.

Делахь а, болх бан а лууш, бан шайн шераш а, де а долуш, иза шайна бан лаьа аьлла, болх лоьхучийн хьуматашка дIаязбелла нах бу статистико юкъараллера хьал гойтуш тергонехь латтораш.

Росстато болхбоцучийн терахь ( цо далийнарг ду 5,1%) шозза муххале а лахдина, боху Юкъараллана хетарг зуьйчу Ерриг-Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ). Цуьнан эксперташа болх лоьху нах 11% бу аьлла кхайкхийна. Хьал ма-дарра ца гойту Росстатан талламийн методолигино, дуьйцу центрерчу говзанчаша.

Деношкахь Росстато довзийтинчу дахначу шеран тIаьххьарчу кхаа беттан терахьашкахь йоккха го башхалла – болх лоьху нах Москох 1,3%, цунна гергахь 3,1% белахь, Кавказехь уьш Оьрсийчоьнан массо а регионашкахьчул дукха бу - 11%. (Ткъа ВЦИОМ-о ма-баххара, шозза эцча, и терахь хуьлу 22%).

Къилбседа Кавказерчу регионехь хьовха, ерриг пачхьалкхехь а уггаре дукха ю болх лоьхучийн процент ГIалгIайчохь – 26,5%. ШолгIачу меттехь ю Нохчийчоь – 13,8%, кхоалгIа – Кхарачой-Чергазийчоь – 13,5%, йоьалгIа – Дагестан – 12,1%. Шозза лахара ю болх лоьхучийн процент Ставрополан а, Кранодаран а мехкашкахь (4,9 а, 5,6 а).

Ши тIом а лайна, цара ерриг экономика а йохийна, юхаденъяла дезначу Нохчийчоьнах ша къастийна аьлча, юкъ-кара, доккхачу декъехь ца хиллехь а, Соьлж-ГIалара шега кхочу терахьаш харц деш меттигаш хилла Росстатан.

Ерриг а Оьрсийчохь Iедало болх лоьхучийн терахь 5 проценте охьакхачош хилча, Нохчийчохь а иза лахдан луучу Кадыров Рамзана Iалашо хIоттийра 2018-гIа шо тIекхачале и терахь 5 проценте кхачор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG