ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хуучуьнга хаттар: Мел дукха зуламхой кхоьллина Нохчийчуьрчу тIемаша?


Ткъа шо сов хан ю Оьрсийчьурчу бакъоларъярхоша (юхьанца шаьш-шаьш юкъахь а доцуш, тIаьхьо – дуккхъчара цхьаьна) Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь Оьрсийчоьнан эскарша байинчу, дIабиггарх байначу нахах, царна динчу зуламашна гонахара тоьшаллаш гулдан долийна.

Массех центр ю хIинца и болх беш, архиваш юзуш. Бакъду, яц Оьрсийчохь дозанал арахьа ю, масала, Норвегехь, Швейцарехь. Оцу центршна герга а волуш, церан архиваш юзуш, динчу зуламийн архив кхиочийн могIарахь ву журналист-бакъоларъярхо Дмитриевский Стас. Цуьнца къамел хилира Маршо Радион корреспондентан

Маршо Радио: Дукхахболучарна хьо вевза, къаьсттина нохчийн тематикаца болхбечарна. Амма дийнна чкъор хьалакхиина хьо мила ву хаийта оьшуш а. Дийцахь хьайх лаций.

«Iазапна дуьхьалояран Комитетан» коьртехь волчу Каляпин Игорца Соьлж-ГIала ваханера со, цигахь гиначо тIекъалдаьккхира сан дерриг дахар".

Дмитриевский: Дукха хан ю ас адамийн бакъонаш ларъярца дахар доьзна. Амма 1995 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчу ваххалц ас сайна болх ца бинера оцу агIонах. Историк ву со, археологехь къахьегна.

1995 шеран Дечкен-баттахь доттагIчуьнца, «Iазапна дуьхьалояран Комитетан» коьртехь волчу Каляпин Игорца Соьлж-ГIала ваханера со, цигахь гиначо тIекIалдаьккхира сан дерриг дахар.

2000-чу шарахь оха «Орсийчоьнан-Нохчийчоьнан доттагIаллин Юкъаралла» кхоьллира. Шатайпа истори яра цуьнан, иза экстремизмна бехке а йина, дIакъевлира. Суна хIетахь арахь такха хан туьйхира. ДIасаваха дихкинчу оцу муьрах ас, мукъа хан дуккха хиларе терра, пайдаийцира. Нохчийчохь эскарша динчу зуламех, царна низамехь бекхам бан оьшучу механизмех лаьцна монографи язйира ас сайн накъосташца цхьаьна.

Бинчу балхо некъ баьккхира Эстемирова Наташин цIарх информацин центр схьаелла. Иза дуьненаюкъара проект ю - документийн центр, болх дуккха а мехкашкахь беш ца хилча лаьттар а йоцуш. Норвегин ХIелсинкин комитето Iуналла до цуьнан.

«Мемориал» центрца, «Iазапна дуьхьалояран комитетца», Human Rights Watch-ца, «Низаман инициативаца», Нохчийчуьрчу кхечу юкъараллашца цхьаьна тхан Iалашо ю Нохчийчохь леллачу тIеман зуламех, адамийн бакъонаш хьешна хиларх долчу тоьшаллех кхузаманан электронан сервер кхолла.

Бакъоларъярхойн тоьшалла хилла ца Iа и документаш, милла а тIекхача торуш, тIеман зуламаш гойту, инарланийн Iалашонаш, мила стенгахь вара, хьан стенах жоп лора хоуьйтуш, кхоллалучу хеттаршна дуккха а жоьпаш луш хьасташ а ду цаьрца, масала, ТIеман министраллан «Красная звезда» газета.

Вайна хIинца а ца хаьа, кхоччуш бина таллам бац, масса вийна, мел зен хилла. Иза къастор а ю тхан Iалашо.

Оцу тхан балханна дискридитаци ян а ма гIерта Оьрсийчуьра Iедал. Ах шо хьалха НТВ-хула кино гайтира сох Британин шпион а кхайкхош, ас Оьрсийчоьнан къайленаш лечкъайо, эскархош сийсаздо, бохура. Иштаниг айса муха тIеэца деза а ца хаьа суна, цхьана а кепара тергал а ца дан деза хир ду-кх.

Маршо Радио: ТIеман зуламех, адамаллина дуьхьал динчу зуламех лаьцна гулар ю-кх иза?

Дмитриевский: Ю, дуьненаюкъарчу низамца а, кепашца а догIушехь, гучудаьхна зуламаш доллушехь, дина таIзар доцийла а гойту оха. …Кхин хIун дийр ду? Тхешан ницкъашца тхоьга хийцалуш дац хьал. Амма тхоьга тоьшаллаш гулдало, цкъа мацца а низам нийсонехьа дирзича, тхаьшкахь уьш хилийтархьама. ГIуллакх деш хила деза, дисинарг Делан карахь ду.

28 эзар туп ю документийн базе яккхинарг, амма оха гулдинчу документийн жима дакъа бен а дац иза."

Маршо Радио: Алсамо дийцахь, хIун документаш ду аш гулдийраш, уьш аш муха гулдо. Йоккха юй аш хIоттийна архив?

Дмитриевский: 28 эзар туп ю документийн базе яккхинарг, амма оха гулдинчу документийн жима дакъа бен а дац иза. Нохчийчохь къахьегначу бакъоларъярхошкара схьа а эцна, терахьашца билгал а даьхна, лаьтта цкъачунна доккхах дакъа.

Масала, оха масийтта шарахь терахье дохуш, кепатоьхна «Мемориал» центро гулдина документаш. Дукха болх бина бакъоларъярхошца, оцо аьтто ло сурт дуьззина ган – цхьана хьастан тоьшаллаш кхечаьрца дуьстича, доллу хьал девзаш ма хуьлий.

Нохчийчохь бакъоларъярхоша болх муха бо? Дера бо боккхачу Iаткъамна кIел а Iаш – хIара вадийний, дIониг виний, кхунна орца кхачо дезий… Церан ца хуьлу цхьана эпизодца бехха, таллам буьзина баллалц болх бойла. Бакъду, «Iазапна дуьхьалояран Комитето» хаьржина долийнарг дуьззина чекхдоккху стратеги.

… оха даима а олура, аш Путинан режимна карт-бланш ло, кхидIа а товрриг дIалело некъ кховдабо"

Маршо Радио: Маситтаза хьахийра-кх ахь, документех дакъа зорбане даьхна, книга арахецна аьлла. Дуьненаюкъарчу институташа, юкъараллаша тидаме эцний уьш?

Дмитриевский: Хетарехь, кхетам хIинцца бен самаболуш а бац. Халахеташ делахь а, наггахь пIелг ластор доцург, дуьненан юкъаралло емал ца дора Нохчийчохь лелориг, иза цигара проблема хетара, хIинца кхеташ лаьтта, Украинехь трагедин боламаш буьйлабелча, ГIирманна анекси йича, тIаккха – Шема.

Хилла Европан кхелехь сацамаш беш… оха даима а олура, аш Путинан режимна карт-бланш ло, кхидIа а товрриг дIалело некъ кховдабо, деш тIазар а доцуш.

ГIирмех катуьйхи, Донбассах, Шемах. Путинанан Оьрсийчоьно шех проблема йина дерриг дуьненна. Ас ца юьйцу арахьара юкъараллаш, дуккхаъчу сан коллегаша, суна дагахь а доцуш, олу, «оха дукха хан йоццуш йийшира хьан книга, хьажахь, иштта хиллийца». ХIинцца кхета гIерта и Iедал мел кхераме ду дерриг дуьненна.

Маршо Радио: Шун документаш доьшийла, гойла дуй могIарчу нахана, журналисташна, юристашна, тIекхочийла дуй царна? ПаргIат хьажалуш, онлайн-база кхолла дагахь-м дац шу церан?

Дмитриевский: Йийр ю оха, шеко яц, онлайн-база, иза еш а дохку кху муьрехь. Тхан политика муха ю аьлча, и архив Нохчийчу кхача езаш ю, иза къоман иэсан дакъа ду. Иза юридикан хаамийн база хилла а ца Iа, Тхан центран дика хиндерг ду – истори Iалашъярхо, архивашка иэс дIагулдархо.

Интервью оьрсийн маттахь:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG