ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со цIера эккхийра, сан йоI дIайоьхкира"


Иллюстрацин сурт
Иллюстрацин сурт
Магомедов Закир

Шайн бераш бахьанехь "гIиллакхах" а, гергарчех а бевллачу нохчийн зударийн дахарх лаьцна

Доьзал боьхча, деца дуьсу бераш – ишта ду нохчийн Iадатехь. Ткъа да ца хилча? Я да кхетамчуьра ваьлла велахь? Доцца аьлча, я Iадато а, я Оьрсийчоьнан низамо а ца бо зудчунна шен бераш кхаба аьтто.

Малика

СемаьIашкара Хамзатова Малика майрачун гергарчара эккхийра цIера 2005-чу шарахь.

"ТIемаш боьлхучу заманахь, 1999-чу шарахь, корта лазийра сан цIийнден: кхетамца галваьлла, харц лоь, тамаше лела иза. Сох лаьцна эладитанаш даржош хьийзачу шен ненехьа вирзина.", дуьйцу Маликас.

Бераш, Iадато ма-хьоьхху, деца а дитина, юьстахъялла зуда. Шен герчарчара бохург деш, ца йигина цо шеца дIа ур-атталла цхьа шо ах шо бен доцу йоI Макка а.

Шо даьлча майрачун дехарца юхаяхана Малика. Амма ца карийна цIахь шен жимахйолу йоI Макка.

"Марнанас а, майрачо а, цуьнан вашас а, кхечу гергарчара а юьхьанца соьга аьлларг цхьаъ дара – Германерчу гергарчаьрга йигина, лоьрашна гайта. Со чуьраяьлла хьавзира, маьхьарахь йоьлхура. ТIаьххьара а хиира суна сайн йоI марзхоша шайн гергарчарна дIаеллийла. ГIалгIайчуьра бу уьш", боху Маликас.

Майрачуьнца цхьаьна ГIалгIайчу яхана хIара, схьакарийна оьшу цIа. Майра машенчохь а витина, керта яхана Малика. Дуьхьалдеана зуда-майра Балаев Мохьмад а, Евлоева Iайшат а.

"Ас Макка хаьттира цаьрга. Со иза дIайига еанийла а кхетта, девнца эккхийра со. Ма-йоддара цигара маьждиге яхара со, моллига дIадийцира дерриг а. Маьждигера массех стаг а валош, юха а яхара со оцу нахе. Моллига ла а ца дуьйгIира Мохьмада, шо ду шаьш Макка кхобу, шаьш миллион соьмах эцна иза, элира. ЙоI йоцуш юхаеара со ГIалгIайчуьра", йоьлху Малика.

Цул тIаьхьа прокуратуре арздина Маликас. Иза ца тайна марвешина.

"Тхо долчу цIа а веана, ша со а, сан бераш а дойур ду, чуделла арз ас схьа ца эцахь, элира. Со чIогIа кхераеллера. Цомгуш волу сан майра гергарчара суна дуьхьалвохура, иза а дара", дагалоьцу Маликас.

ЙоI шеца йоцуш яха ца туьгура нана – прокуратуре арздира цо юха а.

"ХIун хилира? 2007-чу шеран юьххьехь жоп догIу соьга, прокуратурано дерриг а дIатодина, бер соьца ду, олий!" – боху зудчо.

Дуккха а меттигашка аьрзнаш кхехьийтина Маликас, амма кепанна жоьпаш ду массара а делларш. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане яздича а ца хилла гIуллакх.

Маликин йоIарех цхьамма WhatsApp-ехула аз а тIехь даржийна, шайн йиша дехоша йоьхкина, аьлла. Полици еана цаьрга цул тIаьхьа.

Бехктакхаман дов айдойла дац аьлла бинчу сацамехь боху, йоIа дина къамел бух болуш дац: дешишас, девашас харцдо дерриг а, ткъа денана лейойла дац – иза елла ши шо хьалха.

Еллачу йоккха стагах дерг дийцина СемаьIашкарчу юьртдас Абубакаров Адама. Цо бахарехь, Малика майрачуьнца ийгIина шен децIа яхча, хала дара берашка хьажа къеначу денанна, цундела цо жимахйолу йоI Макка дIаелла ГIалгIайчуьрчу шен воьIан йоьIе Iайшате.

Полицино хIоттийначу кехато иштта боху: Маликий, цуьнан майрий, пхи беррий 45 метрах лаьттачу чоьнехь деха, ткъа кхиазхойн комиссино дийцарехь, "кегийчу берашна хьелаш дац парггIат кхиа а, бийша а, садашIа а".

Ца кхета Малика, муха мега, шега а ца хоттуш, шен бер лелон БалаевгIаьрга-ЕвлоевгIаьрга дIадала. Цунна жоп ло Нохчийчоьнан прокуратуро: ГIалгайчохь толлуш ду хилларг, ткъа йоIах дерг аьлча, цунна гIолехьа ду керлачу доьзалехь, цигахь цунна мел оьшург латтадо, ткъа йоI шена юхаяло лаахь, Маликин бакъо ю кхеле яла.

Кхелехула йоI Маликас схьайоьху ду 12 шо. Бац лаам кхочуш хуьлуш.

"Оцу зудчо со нахала яьккхина. Баркалла олучу метта! Сайн дененан дехарца ас иза схьаэцна сайн доьзале. Цомгуш яра – денйина, езаш лелайо, сайн бераш а санна. Еана Малика, дIало боху. Иштта деш хуьлу тIаккха?", езайоь Iайшат.

Ша дуьхьал яц Маккина нана гайта, йоьIан 15 шо ду хIинца, цунна шена ца лаьа нана ган, боху Iайшата.

"Ас цкъа а ца дихкина Маккина ненанца, вежаршца, йижаршца ган. Маликига а аьлла ас, хьайна ма-лиъи йола йоI йолчу. Цкъа-шозза еара иза, дов а дохьуш еара-кх. Цундела Макка кхоьру цуьнца цхьаьнакхета", чIагIдо Iайшата.

"Ца хаа, дIаелла сан йоI, я йоьхкина. Суна бен а дац. Кхелашкахула а лелар яц, аьрзнаш а дийр дац, иза гойла хилчхьана, суо цунна герга хилчхьана", - элира Маликас.

Милана

26 шо долу Вахитова Милана хIинцца бен ца йолаелла шен йоккхахйолу йоI къийса – 3 шо ду йоьIан. Ах шо хьалха едда иза шен жимахйолчу йоьIаца Соьлж-ГIалара, Юккъерчу Оьрсийчохь еха.

Нохчийчохь некъахьовзамехь велла Миланин майра. Иза дIавоьллина бутт баьлча веара марда а, марваша а.

"Сайн да-нана долчу дIайоьду хан ю сан, элира соьга цара. Ишта къамел сайца дийр дуйла хаьара дера суна-м. Делахь а, майрачун хIусамехь зуда йиса мегаш дара-кх, нагахь санна иза мареяха дагахь яцахь. Ас элира, суна сайн бераш а кхобуш, чохь йиса лаьа, со маре яха лерина яц. Амма марда, марнана реза ца хилира со Iадйита", далхадо Миланас.

Вежаршца, деца дагаелира Милана, ткъа уьш дуьхьалхилира, бераш а дитий, цIайола, элира.

"Йоккхахъерг денана йолчу яхана яра, иза соьга схьа ца эцаелира. Iуьйре тIе ма-еъа, со, Зараъ а эцна, жимахъерг, едира махкара. Телефон еттачуьра соцуш яцара. СМС-ца кхерамаш туьйсура сайнчара а, марзхоша а. ЦIа а йолий, Зараъ дIало, бохура соьга, дагалоьцу Миланас.

Оьрсийчуьрчу гIала, шеца университет яьккхина доттагI йолчу ша дIакхоччушехь, телефон чуьра сим-карта дIакхоьссира Миланас. Полице яхара иза а, цуьнан доттагI а. Амма цигахь, дан хIума дац, хилларг Нохчийчохь хилла, цигахь къастаде, цигахь схьаеха хьайн йоккхахйолу йоI а, элира.

Бакъоларъярхошка баьккхина Миланас шен бала. Цара гергарчаьрца къамел дира. Шун бала бац, шу юкъа ма гIерта элира цаьрга.

Хилларг-лелларг дуьйцуш, Мадинин цIарах аьрзнаш инстанцешка дIасахьовсийна адвокато Раджапова Мадинас.

"Тхо жоьпаш лардеш Iа, хаьа уьш моттаргIане хир дуйла, уьш кхеле дахьа оьшу. Оьрсийчоьнан кхел, низаме диллича, тхоьгахьа хила еза. Кхело сацамбийр бу, тIаккха пурстоьпашка дер ду хьал – кхела сацам тIебаккхар. Ткъа пурстоьпаша, къа а ца хьоьгуш, Iаддуьтур дерриг а, тIаккха тхо Европан кхеле девр ду. И некъ ас, сан клиенташца цхьана, дуьххьара беш бац. Кхечу кепара гIуллакх ца хуьлу цкъа а", боху Кавказехь бер-нана вовшахтоха мел хала ду хууш йолчу адвокато.

Миланин марвешица а, цуьнан шен вешица а къамелдан аьтто ца белира. "Иза тхан доьзалера гIуллакх ду, шайн бала боцчу ма гIерта, - элира телефонехула вашас.

Луиза

Тапаев Луиза Хьалха-Мартанара ю, тоьлла дац цуьнгара хьал а. 20I5-чу шарахь, кхунна йиъ йоI а юьтуш, велла майра. Мардас шо далале дIадаьхна цуьнгара бераш.

Меттигерчу инстанцешка литкъина Луиза. Лурчах Хьалха-Мартанарчу гIалин кхело ненаца дита кхачийна бераш. Амма пурстоьпаша ца бина шайн болх – дехошкара схьа а даьхна, дIа ца делла нене бераш. Эрна хилла аьрхнаш дар а.

Дов кхелашка даьлла юха а. Ткъа кхелаш цIеххьана берийн дедегахьа евлла. ТIаьххьара а Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело а аьлла кхечара боххург: бераш дедеца хила деза. И сацам каракхоччушшехь, йиъ йоI а эцна, вайна деда, ца караво Луизина я иза а, я бераш а.

Кхел йирзича, Москвахь, кхелахочо ша аьлла, "Iадат – Iадат ду, хIун дер вай", дагалоьцу Луизас. Европан кхеле кхаьчна дов. Страсбурго дукха хан йоццуш Москох официалехь хаттар а дахьийтина, хилларг-лелларг довзийта шена, аьлла.

Мох бирззинчухьа ю нийсо

Нохчийн Iадатехь, зуда-майра доьхча, ненанца ца дуьсу бераш, нагахь санна дена иза лууш дацахь, дуьйцу этнографо Бараев Мусас.

"Ткъа майра велча, зуда цуьнан хIусамехь йиса тарло, нагахь санна берашлахь, цхьаъ хилла а, кIант велахь. Иза шолгIа маре ца йодахь. Ткъа зудабераш бен дацахь, уьш марзхошна а дитина, шен децIа ян еза зуда. ХIунда аьлча, зудабераш кхечу доьзалшка маре боьлху, ткъа церан ненах жоп лурш, иза кхобурш цуьнан шен нах бу, веллачу майрачун нах бац", билгалдоккху этнографо.

Шен берашца цхьаьна марзхойх а, шен гергарчех а къайлаялар дуьсуш киртиг а хIутту зудачунна тIе
Шен берашца цхьаьна марзхойх а, шен гергарчех а къайлаялар дуьсуш киртиг а хIутту зудачунна тIе

Цо бахарехь, майра кхетамчуьра ваьллехь, зудчун бакъо ю харжам бан: цуьнца йиса я дIаяха.

"Iадатехь иштта ду. Доьзало, тайп-тукхумо шена лаахь, хийцам бан а тарло. Берех жоп луш, дукха хьолехь, дай бу, церан уллеранаш бу", боху Бараевс.

Шен цIе йовзийта ца лиинчу Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочо дечу тоьшаллица, да-нана дIасакъаьсташ бераш даима а санна деца дуьсу.

"Хьалха шайн бераш къовсу зударий кIезиг хуьлура. ХIинца уьш дуккха а бу. Тоьллехь кхелехь, нагахь санна, шен бераш а эцна, махкара ядар бен молха дац. Ненаца кхуьуш долчу берашка хьажар а хуьлу Нохчийчохь цхьа шатайпа, берех ца бешарш хуьлу дукха, къаьсттина кIентех", дуьйцу бакъоларъярхочо.

Нохчийчуьрчу кхелаша наношкахьа бо шайн сацамаш дукха хьолехь. Бакъду, пурстоьпаша и сацамаш даима а санна буьту кхочушбанза.

"Ахь ишта дIа дечу къамелехь пурстоьпаша хоуьйту шайна нехан доьзалийн гIуллакхашна юкъагIерта цалаьийла. Цара кхелан сацаман пусар ца дойла ду гуш. Тапаева Луизина, масала, эшамбина кхело, низамо бераш дийна висинчу дена, я, йисинехь, нанна кхачош ду. Стенна талхадо низам кхело, стенна ца бо кхелан сацам кхочуш пурстоьпаша? – цецъюьлу "Правовая инициатива" юкъараллера юрист Гнездилова Ольга.

Нохчийчоьнан пурстоьпийн урхаллерчу пресс-гIоьнчас Магомадова Рашана бакъ дац боху кхелан сацамаш пурстоьпаша чекх ца боху бохург. "Тхуна уггаре коьрта ду кхело аьлларг чекхдаккхар. Хуьлу, кхеле ца бовлуш, къаношкахула берех дерг къастош берш. Амма сацам бинехь кхело, оха уьш кхочушбойту нахе", чIагIдо Магомадовас.

***

Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело Тапаева Луизин арз листа долоро, берех а баьхна, церан дехошца къийсалуш хьийзачу наношка дегайовхо йоссайо.

"Тапаевана тIекхаччалц листина девнаш Европан кхело массо а девнаш санна, дахарехь хIун ца лела доьзалшкахь, олий луьстура. Ткъа Тапаеван девно гойту Европан кхеланна, цIийнах йоьхна, я цIийнда велла йисина зуда пачхьалкхо а лорийла ах-адам", билгалдоккху Гнездиловас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG