ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан йиша йилхира дукха хаза хетта"


Гаглоев Алан

2010-чу шарахь Черкесскехь вийначу Шебзуховн а, Жуковн а гергарнаш реза бу сенатор Арашуков лацарна

"Адыгэ-Хасэ" куьйгалхочун гIовс Жуков Аслан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалле ваха кандидат ваьлла хилла Шебзухов Фраль а верца йоьзначу шеконашца Москох, шен белхан меттехь, лаьцна 32 шо долу депутат Арашуков Рауф.

Ламеш тIехула хьалаведдера…

Гиначара дийцина РБК-на Арашуков муха лецира. Пачхьалкхан думин Федерацин Кхеташонера арабаьхна журналисташ, цул тIаьхьа чоьхьаваьлла инарла прокурор Чайка Юрий а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а.

Цара сацам дIабешна, Арашуков зуламаш дарца йолчу шеконна кIел ву, депутат хьаван йишъяцарх болчу аьттонах мукъаваккха догIу, аьлла.

Ша хьехо ваьккхича, ламеш тIехула хьалахьаьдда сенатор, амма спикеро Матвиенко Валентинас шен шогачу озаца хьехамбина, дуьхьало яр эрна дуйла хоуьйтуш.

Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан массех артикл талхорна бехкевина политик. Толлучу зуламашлахь ду нах байар, зуламхойн гIера кхоллар, адамаш карчаме кхайкхар. Иштта цунна бехкедуьллу, Жуков вийча тоьшалла дарна Черкесск-гIалин депутатна Карданов Русланна еттар а.

Лаьцна, Талламан комитете дIавигича, Арашуковс дIахьедина, шена оьрсийн мотт тоъал ца хаьа, талмаж оьшу, аьлла.

Таьхьо Петарбухахь, "Газпроман" цхьана офисехь лаьцна Iедало Арашуков Рауль а – Рауфан да. 30 миллирд соьманна газ лечкъорца динчу зуламан декъахь хила тарло иза, боху низамхоша.


"Тхо хезаш ву тахана Дела"

Сенаторна бехкеден зуламаш дина 2010-чу шарахь. ХIетахь Iедална каравеара политик Жуков вийна киллер, цо йовзийтира стаг вен ша араваьккхинчун цIе, дийцира шена цо мел ахча делла (миллион сом). Байинчийн гергарчара а чIагIдора, зуламан да Арашуков-жимахниг ву бохуш.

Бакъоларъярхошна хетарехь, гIарадевлла и зуламаш цаталлар дозура АрашуковгIарна Кхарачой-Чергазийчоьнан талламан комитето бечу озабезамца. Амма меттахдаьлла и хьал таллам Москох хьалалушшехь.

"Дерриг а карладели суна тахана. Исс шарахь йиттира оха тхаьшна къевлина лаьтта неIарш. Амма тхо хезаш ву тахана Дела. Со теша хIинца дерриг а дIанислур ду бохучух. Бийца мотт боцчу дитташна а тIехь хаьара, сан ваша санна болу нах байар харцо юйла. Бакъдерг тхоьгахьа даьлла тахана", элира "Кавказ. Реалиин" корреспонденте 9 шо хьалха вийначу Жуков Асланан йишас Жукова Аллас.

Жуков вуьйччу муьрехь вийначу Шебзухов Фралан вешица Русланца а хилира къамел "Кавказ.Реалиин". Москох хилларг хезначу хьалхарчу сахьташкахь шега 56 стаго телефон тоьхна, уьш баккхийбе АрашуковгIарна хиллачух, бохура цо.

"Со воккхаве, со чIогIа воккхаве. ТIаьххьара а хили оха сатийсинарг. Ерриг а Адыгейски кIошт ю йоккхаеш. Амма ца тешара нах бакъдерг тоьлур ду аьлча. Церан да а лаьцна боху, иза шозза дезза ду суна. Уггаре луьра таIзар дан догIу царна. Тахана сан йиша йилхира дукха хаза хетта. Оха толам баьккхина!" – элира Шебзухов Руслана.

Цуьнца гергарлонехь а ца хилла, тIе а ца гIиртина, доттагIалла а ца лелийна…

Арашуковс йиттина хиллачу депутатна Карданов Русланна ца лиира хиламах хезча шена дагатеснарг довзийта.

Сенатор Арашуков лацарца доьзна шайна хетарг алаза буьсу цуьнан уллера доттагIий а (олийла дуй царех "доттагIий"?). Вистхилаза ву цкъачунна, масала, цунах "сан хьоме ваша Рауф" баьхна Кадыров Рамзан а – интернет яьккхина ду цушимма цхьаьна хан хьош, сакъоьруш даьхна суьрташ.

Кадыров Рамзан а, Арашуков Рауф а
Кадыров Рамзан а, Арашуков Рауф а

ХIумма а ца хилча санна дIаIа эшарлакхархо Басков Николай – Арашуковца доттагIаллехь вара иза.

Ца аьлча ца Iаелларг ю цхьа Каделаки Тина – журналист. Цо шена, вевзаш хилар доцург, кхин мила ву а ца хаьара Рауф, боху. Амма цхьа хан хьалха-м вара иза цунна "уггаре хаза, къона сенатор".

"Лулахой санна тхо девза денош хилла ца Iара, азлуш, цхьаьна уьдура Iуьйранна. Къамелна тIера, доттагIалла дезаш адам санна вевзара суна иза. Бегаше доцчу зуламашна иза бехкево аьлла хезча, дагахь а доцуш, ирча кхаъ хиллира суна", яздина Канделакис интернетехь.

Лакхарчу Iедалан векалшкара дуьйлу зуламаш емал а деш, "низам долуш а ду, шо шен болх а бо", яздина евзаш йолчу журналисто.

Ден гергарлонаш бахьанехь, 18 шо кхаьчча депутат а, 22 шо кхаьчча министр а хIоьттинчу Арашуковгара даьлларг кIез-кIезиг довзуьйтуш, дийца доккхур ду хIинца.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG