ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президент хила яздина йоцу кандидат


Гаджиева Зульфия

Бусалба политикаш хьашт бац Оьрсийчоьнан Iедална

Орсийчоьннан Харжамийн Коьртачу комиссино тIе ца чIагIйина Дагестанан муфтин цIийннана, цуьнан хьехамча Гамзатова Iайнаъ президентан харжамашка кандидат хIоттаяйта араяьлла хилла инициативан тоба.

Цунна кхо бахьана карийна комиссина – Гамзатован доьзало мел хьал дебийна тIаьххьарчу шерашкахь гойту кехат чуцадалар а, кандидат хьалхатоттуш инициаторша шаьш бечу гуламах лаьцна комиссина, пхи де хьалха хоуьйтучу метта, диъ де хьалха бен хаийтина цахилар а, оцу гуламе баьхкинчу нехан эханнанний бен белхан меттигаш йовзийтина яцар а.

Йинчу дуьхьалонца инциативан тоба яц къовса лерина. Ткъа хIинца-м арздан елла хан а яьлла чекх. Латкъам бечу меттана, инициаторийн хьалханчас Микаилов Микаила социалан машанашкахула видео яржийна, шайгахьа хиллачарна баркалла а олуш, нах хиллачу цатаманна къинтIера а бохуш, "дерриг а рицкъ, дика а, вон а Делера ду", аьлла.

Фейсбукехь "Расиева Алина" ник лелочу зудчо – цхьаболчу тергамчашна хетарехь, иза ша Гамзатова Iайнаъ ю – яздина регистраци цаярх лаьцна:

"Лелийнарг, Далла хьалха, ваьшгара хьал хийцархьама дара, харжамийн комисси яц къастам бинарг – Веза Воккхачо бахьана делла царна дуьхьалбовла… Йина ишар вай кхетайо-кх). Вай баккъал а Делах тешаш бусалбанаш ма дуй, дац къам бусалбачех ду аьлла бусалба хилларш".

Дагестанехь дукха нах Iа, Гамзатова Iайнаан кандидатура хьалхататта араяьлла тоба стенна тIе ца чIагIйи бохург туьдуш.

Чиллан-беттан 5-гIа де тIекхаччалц, "мегаш дуй муфтин зудчунна президенталле гIерта" боху хаттар леллехь нахалахь, хIинца, "Гамзатова ха а хууш кхачийний-те комиссино а, Москох адвокаташа а гIалатлоне, цуьнан кандидатура юхаяккхархьама" бохуш хоьтту цара вовшашка. Муфтин зудчо хьовзийнарг пиар-кампани яра, боху кхечара.

Инициаторийн тобанах волчу цхьамма – цунна ца лаьа шен цIейоккхийла – "Кавказ. Реалиига" дийцира, Гамзатован кандидатура йийцареян нах гулбелира Керла Шо тIекхача цхьа де дуьсуш, мел оьшу документ цигахь тIе а чIагIдира, аьлла. Оцу гуламехь хилла ша Дагестанан харжамийн коьртачу комиссин куьйгалхо Дибиров Мохьмад а.

"Кавказ.Реалиица" къамелдинарг тешна ву: Гамзатован кандидатурана регистраци цаяр юридикан орамера дац, кхечу бахьанех ду. Оьрсийчоьнан Iедал кхоьру бусалбанех волчу, наха баккъал а шегахьа кхаьжнаш тосур болчу кандидатах, аьлла хета цунна.

Изза ойла ю политологан Курбанов Русланан а.

"Ислам халкъанна гергахь политикан тIегIане кхочийла ца лаьа Оьрсийчоьнан Iедална. Цунна оьшуш дац пачхьалкхан ораме кховда тарлуш йолу политикан проект кхоллаялийта, цунах халкъ долийта", - элира "Кавказ.Реалига" Курбановс.

Иштачех цхьа проект йолуш ю, иза тоаме а ю, боху цо - ша-тайпа, пачхьалкхалле дерзийначу бусалба динан кеп, Нохчийчоьнан куьйгаллера Кадыров Рамзан. Цкъачунна цхьаъ бен йоцу прецедент. Ткъа цунна дуьхьал а латтайо йоккха критика – ницкъхоша, либералаша, Оьрсийчоьнан юкъараллин доккхачу декъо.

Курбановна хетарехь, и тайпа кхин а цхьа проект хьашт яц Москох. Стенна? Нохчийн проект ши луьра тIом берзош кхоллина, нохчийн маршонан болам шайн, нохчийн, куьйгацша дIалакъорхьама. Ткъа Дагестанехь оццул кIаргъелла, яхъелла яц конфликт, Москохна цундела ца оьшу цигахь исламах пачхьалкъан мукъ бан.

"Цундела со цецвер вара Оьрсийчоьнан Харжамийн Коьртачу комиссино, Кремло къобал а еш, Гамзатова Iайнаан кандидатура тIечIагIйинехь" – боху Курбанов Руслана.

Бакъду, Гамзатован кандидатура инициаторийн тобано кечдина кехаташ чулучу муьрехь дIалакъор ю, иштта доьхкур ду бусалбанийн тобанна политикан майдана яла, аьлла хетара экспертна. "Амма комиссино хадийна дерриг а, кхин а гена гIулч яккхарца", - элира Курбановс.

Цунна гарехь, бусалба кандидат президентан харжамашка вита пачхьалкхерчу оьрсийн а, либералийн а, ницкъхойн а хила тарлучу реакцех кхоьру Москох.

Кхин цхьа хIума а дара Дагестанехь хаалуш. Оьрсийчоьнан Харжамийн Коьртачу комиссино Гамзатова хьалхатоттуш хьийзачу иницаторийн тобанах дерг дIалаккъолц, нахана хетара Гамзатова Кремло хьажош ю харжамашка аьлла. Амма хIинца массо а кхетта иза иштта цахиллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG