ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхин болх бац кхузахь". Дагестанехь йина "Италера мачаш"


Омарова Саида

ХIинжа-ГIаларчу мачийн пхьеро дуьйцу харц-брендех, полици уьш Iорайохуш леларх, мачаш ярца нах хене бийларх лаьцна

Дагестанехь ен мачаш яьржа гонахарчу мехкашкахула, Оьрсийчухула. Амма сиха бац уьш юхку нах царна тIе "made in Dagestan" яздан. Дукха хьолехь доьшийла ду, Туркойчохь я Италехь йина аьлла – мачаш лелочарна товриг ду иза!

Деношкахь "Италера" мачаш ечу ХIинжа-ГIаларчу пхьерийн хIусамашкахула чекхъелира полици, цундела кху деношкахь контрафактца боьзна коьрталазам бу пхьерашкахь.

"Made in Italy" бохуш, аьшпаш цхьаболучу пхьераша стенна буьтту, шайн балхо ша а, ша санна болу пхьераш а муха хене боху, "Кавказ.Реалиина" дийцира мачаш ечу меттиган долахо волчу Хьаьжис (цуьнан дехарца, тайпан цIе ца йоккхуш вуьту иза редакцино).

– Дукхаболучара олу, дика йо дагестанхоша мачаш, мегар дара царех мехкан бренд ян. Хьуна хетий ишта?

– Ас дуьззина къобалдо иза, делахь а дика реклама ен компани оьшу, тхуна супер-пиар еза. Мачаш мел дика хилахь а, царна тIехь "Дагестанехь йина" ма дешнна, уьш шаьш йолччу охьайохкур ю наха, оьцур яц. Ас зийна иза дуккхаза а. 26 шо ду со мачийн бизнесехь волу, оцу хена чохь Оьрсийчуьрчу массо а бахархошна санна мачаш йоьхна оха. Цхьана а туьканахь ца олу нахе, Дагестанехь йина ю мача. Цундела нехан кхетамехь, янне а йойла дац Оьрсийчохь дика мачаш. Со суо лелла, тхайн мачаш юхкуш, ерриг а пачхьалкхехула, теш ву доллучун а.

– Бренд кхоллар – иза беза болх буй-те?

– Дера бу, ша дика хIума яр а санна, хала ду хIуманах бренд ян. Дагестанерчу пхьерийн ахча дац реклама ян, мачаш брендан хьесапе йовлийта. Шаьш доьзалш хенера муха бохур бара ТIехьожучу хьаькамашна хьалха шаьш муха диканаш хир дара, мачаш стенгахь юхкур яра, уьш еза нах муха карор бара – иза ду коьртехь. Даккхий хабарш дийца ца лаьа, амма сайн белхахойн аьтто бар а ду суна коьрта. Оха нахана болх хуьлуьйту, 86 стагна белхан меттиг латтабо ас цхьамма. Соьца къахьоьгучаралахь дукха бу шайн чохь мел верг кхуза къахьега схьалела доьзалш. Ткъа пачхьалкхо дац деш гIо. Дагестанах дозалла дечара дика хир дара шайн махкахь ечу мачийн цIе айича, бренд яржийча, хIунда аьлча, тхан мачаш вуно дика ма ю.

– Суна хаьа, цхьайолчу кIошташкахь мачаш ен меттигаш бен яц, дац нехан кхечу балха боьлхийла.

– Бакъ ду иза. Бац ярташкахь кхин болх, цундела нах цабевлла ирс лаха арабовлу махкара. Сан берриг доьзал бу мачаш еш, сан вешин ши меттиг ю юьртахь мачаш еш. Юьхьанца оха болх юьртахь еса йисинчу тхайн ден-ненан тишачу хIусамехь болийра, ахча дацара бизнес гIала дехьаяккха. ТIаьхьо тхо кхийтира тхаьш юьртанна докках гIо дуйла деш, цундела цигахь сацийра цхьайолу белхан меттигаш, тхаьшна гIалахь гIолехьа доллушехь.

– Иза дерриг а кхеташ ду, делахь а дика дац-кх цхьаммо кхин стаг вацор, ткъа гIазгIумкаша ечу мачех муха хуьлу "Италехь йинарш"?

– Нийса ду, низамехь дац, харцо ю иза, ас сайн мачаш цкъа а ца йоьхкина кхечунхьа йина ю аьлла, нехан брендца. Цхьа зама хьалха данне а дацара мачашна тIе уьш стенгахь йина яздеш. Тхан мачаш Италехь ечарел оьшуш яцахь а, туркойнчел-м муххале а. Эксклюзивехь мачаш йойла а ду тхан, бовлу иштанаш еза нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG