Идрисова Барият
2017-чу шеран аьхка ХIинжа-ГIалахь, Киркоров Филиппа концерт лучу меттехь, эккхийтар дан кечлуш хилла аьлла лецначех цхьамма дийцина талламе бахьана – цо бахарехь, артист вен дагахь хилла иза а, цуьнан го а. Шайга Киркоров мехах вер дехнарг Галкин Максим вара, дийцина лаьцначо. Бахарехь, Галкинна ца тайна Киркоровс шен зудчуьнца Пугачева Аллица тIекарло лелош.
Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздира ДАIИШ-ера хила тарло аьлла лецначу нахах лаьцна. Ницкъхоша чIагIдарехь, 2017-чу шеран Товбеца-беттан 6-чохь Дагестане вогIучу Киркоровн концертехь терроран тохар дан бохкура уьш.
Бехк ца карийра юьхьанца, юха – бехкебира
Адвоката Гададов Исрафила дийцарехь, дайначу шеран тIаьххьарчу деношкахь талламчаш кхийтира "Киркоров вен бохкучаьргара" даьлла зулам доцийла, цара сацам бира дов цаайдан.
Амма кху деношкахь юхатIебаьхьна бехктакхам (30-гIачу а, 205-чу а артиклашца дозу зулам). 20 шо долчу Казуев Хидирнебис кечйина бомбанаш яра ХIинжа-ГIаларчу "Хазар" ресторанехь леха езаш, амма "террорхой" говза бацаро а, меттиг полицино ларъеш хиларо а йохийна зуламхойн Iалашо – ресторанна чукхача аьтто ца баьлла церан, боху талламо.
Казуевс иза ишта дац боху. Галкин Максиман дехарца Киркоров вер бен дацара тIехь, цхьа а вацара терроран тохар дан дагахь, чIагIдо цо.
"2017-чу шеран юьххьехь, иза Москва вахана волуш, цунна тIевеъна артист Галкин Максим. Ша 2 миллион сом ло, аьлла, артист Киркоров вен иза реза хилахь. Реза хиллачул тIаьхьа, зулам дина доккхур долуш, 1 миллион сом а , "Нокиа" телефон а, сим-карта а делла цунна Галкина", аьлла хIоттийна талламо бехктакхаман материал.
"Цунна чIогIа халахетта ша оццул вораха вохкар"
ХIинжа-ГIалахь концерт йоьдуш Киркоров вен ца хIоьттина Казуев Хидирнеби, юхаваьлла - дукха нах лийр бара и иза дича. "Стенна лаьара Галкин Максимна Киркоров вейта, Казуевна ца хаьа, амма шега дечу къамелехь иза кхетта, Пугачева Аллица Киркоров тIекаре хиларо хьогIе ваьккхина хилла Галкин", боху документо.
Казуевс доьху талламчашка, шена дуьхьал ховшор Галкин а, Киркоров а, Пугачева а – уьш хьалха а болуш, ша ден дареш тIечIагIдан лаьа цунна. Амма талламчаш реза ца хилла – боху, лаьцначо дуьйцург дац бакъдолчунна герга.
"Материалаш листина тхаьш девлча, оха доьхур ду Галкин а, Киркоров а, Пугачева а кхеле кхайкхар", элира "Кавказ.Реалиига" адвоката Гададовс.
Цо бахарехь, Казуевн верси Инарла прокуратурехула таллийта гIерта адвокаташ. Ткъа шайга телефон тоьхначу Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан пресс-гIоьнчаша ца елира комментари, хаийтира талламчаш бехк теллина бевллийла.
Галкин Михаила, лелачу хабаршна дуьхьал жоп луш, арахецна цхьа забаре видео – доьху журналисташка, телефон етташ, Киркоров карзах цавахар, "цунна чIогIа халахетта ша оццул вораха вохкар".
"Классико Советийн газеташ дукха Iуьрре ма деша баьхнехь а, Iуьйранна газеташ схьадиллича со кхийтира, сов тIаьхьа делахь а, бIаьсте схьакхаьчнийла. Нах самабовлуш бу. Нах хьовха, церан фантазеш а. БIаьстенан карзахалла ю яьржаш. Ас ларамца тIеоьцу журналистийн болх, бехк а бац, ло дIадаьлла, цундела царна гина и тIеевлла фантазеш, царех царна хаам кечбан лиина. Амма цхьа дехар ду сан, хьомсара журналисташ, ма хьевахьара аш Филипп. Цунна чIогIа халахетта ша оццул вораха вохкар", аьлла Галкина.
Киркоровца къамелдан дагахь "Кавказ.Реалиино" тоьхначу телефонна духьал йистхилларг яра артистан цIахь цIано латтош йолу белхало. "Филиппан директоре ден шайн хеттарш", элира цо. Ткъа яц схьаоьцуш шега етта телефон Киркоровн директоро.