ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисара - Магас: Экстремисташ багар ца бало Евкуровга


Евкуров Юнус-Бек
Евкуров Юнус-Бек

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бахарехь, Мисарахь лецна студенташ цига дай-наношна а ца хууш бахана, ткъа ницкъхойн тидаме эгна "экстремизм хьоьхучу маьждигашка деша леларна".

Гергарчарна ца карош висина Дугиев Хизар тIаме бига нах лехьориг вара, аьлла Евкуровс. Оцу доллучу къамело дарбина вайначу а, лаьцна латточу веа кIентан а гергарнаш.

2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь лийцира КъахIирехь Оьрсийчуьра деша бахана кегийнах. ДIахийцира царех цхьаберш, ткъа пхеа гIалгIачух хилларг къайленехь лаьттира дехха.

ТIаьхьо гучуделира царех виъ - Чемурзиев ИсмаьIал, Аушев Илез, Дзейтов Iела, Плиев Рамзан - КъахIирерчу набахтехь вуйла. Деношкахь, кху беттан 9-чохь, экстремизмах болу бехк тIебаьхьина царна, лаьцна кхобу хан яхйина кхин а 45 денна.

"Тхоьга дац хаьттина а…"

Лецначийн гергарнаш цецбаьхна Евкуровн къамело.

"Тхо дахара иза волчу [Евкуров – редакцин билгалдаккхар] а, Кхерамзаллин Кхеташоне а дайначу шеран ГIура-баттахь. Шега, тхайн бераш цигахь доьшуш дуйла гойту тоьшаллаш ду тхоьгахь, оха аьлча, чуьччадаьккхина хьалха ши куьг а латтош, элира цо, шега иштта аьлла, къинтIера довла. Амма тхуна хуьлуш атто ма яций. Евкуровс юьхьанца аьлларг юха-юха даржадо прессо ", бохура "Кавказ.Реалиин" шеца хиллачу къамелехь Дзейтов Iелин нанас Маликас.

Дзейтов Iелин Ал-Азхар университетан студент хиларх долу кехат
Дзейтов Iелин Ал-Азхар университетан студент хиларх долу кехат

Зудчо бахарехь, дай-наношка церан берех лаьцна хаьттина вац Iедалхойх цхьа а. "Оха тхаьш Мисара даха новкъадаьхна бераш, уьш долчу дахана а лелла тхо, тергалдина церан дешар, царна ахчанаш а хьежийна. Цецдаьхна тхо бераш тхуна а ца хууш махкахдевлла бохучо, элира Дзейтова Маликас.

Цо дийцарехь, Iелина кехаташ гулдеш, иза исламан дуьненаюкъарчу Азхар-университете дIатаса гIерташ лелла цуьнан да ша.

"Оха ишта элира мехкан Кхерамзаллин Кхеташонехь а. Со а, кIентан да а дахара, университете дIахIоттале, воI хаарш гулдеш вехачу Александрия гIала, дас ша дIавигира иза Мисара, ши бутт а баьккхира цигахь цуьнца, чIагIдо Маликас.

Цо бахарехь, Мисарарчу ницкъхоша лоцучу хенахь оцу пачхьалкхехь ваха кехат доцуш хилла цуьнан кIант.

"Iела рогIехь каникулашна цIавеара, ца вахара хеннахь дIа – йоI яра тхан цомгуш, цундела ахча дацара иза дIахьажо [Мисара – редакцин билгалдаккхар]. Гуьйре тIееъча а дацара иза дIавахийта маьIна – 20 кхаьчча доккху паспорт дара схьаэцийта дезаш. Ша цIахьвисар стенна нисделла хиича, деша меттахIоттор ву, олура цо. 2017-чу шарахь дIавахара иза, амма хийцаделлера цигахь низам, меттахIуттийла дацара", боху нанас.

Дзейтов Iела волчу, Мисара, гергарнаш бахча даьккхина сурт
Дзейтов Iела волчу, Мисара, гергарнаш бахча даьккхина сурт

Ши де ду Iелин да Дзейтов Iиса Мисарара цIавеана. ВоI чохь валлочу набахте кхочийла ца хилла, кху беттан 9-чохь еш лаьттачу кхелан ладегIаршка а ца витина. Чу ца ватина я иза а, я цуьнца хилла Оьрсийчоьнан векалтера кхо дипломат а.

"Мисарара схьакхаьчча со ши де хьалха. Адвокато бахарехь, шпионалла а, экстремизм а ю Мисаро гIалгIайн берашна тIехьерчош, Оьрсийчу цхьа хаамаш-м хилла боху цара дIалуш. Авокате ас хаьттича, дов даима а санна кхелехь духучех, лечнарш бакъбечех ду, элира цо. ТIебаьхьина бехк бакъбан дац талламчашкахь цхьа а факташ, кхеташ дац стенна лецна бераш", элира "Кавказ.Реалиига" Дзейтов Iиса.

Меттан дешар чекхдаккхарх долу Дзейтов Iелин тоьшалла
Меттан дешар чекхдаккхарх долу Дзейтов Iелин тоьшалла

Iедале болу тешам байна баьлча

Мисарарчу гIалгIайн векало, шен цIе цаяккхар а доьхуш, элира, бац Оьрсийчуьрчу студенташлахь Мисарарчу низамашца цаларалурш, "тамаше ду" Евкуровс "экстремистийн маьждигаш" дийцар.

"Суна тхайн диаспора дика евза, низамехь деха кхузара вайн бераш. Бакъду, визан низам талхош нисло, кхузарчу Iедало и низам чолхедаккхарца доьзна ду иза. Дац тхо цхьаннах лечкъаш, элира Мисарарчу гIалгIачо.

Шайх болчу студентийн го цецбаьккхина Евкуровс динчу къамело, хIунда аьлча, Мисарахь эскарша тидамехь кхобу маьждигаш, Iедало магийнарш бен данне а дац, хуьлийла а дац пачхьалкхехь, чIагIдо тхоьца къамелдиначо.

Вуно хала ду Ал-Азхаре деша хIотта, шерашкахь къахоьгу цига кхачархьама, боху цо.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун официалерчу сайте дехар хьажийна, "Мисара кегийнах шаьш-шайггара бахана, цигахь уьш экстремистийн маьждигашка деша леларна лецна" Евкуров Юнус-Бека шегахь хIун бух болуш аьлла хаийтар доьхуш. Жоп кхачаза ду цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG