ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iедалан партин" аьллар чекх ца даьлла - юхахоржур ву губернатор


Губернаторан дарж харжамашкахь къевсина кандидат Ищенко Владивостокерчу гуламехь.
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:29 0:00
Линкана тIе

Оьрсийчоьнан харжамийн Коьртачу комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас, харц лара деза Приморьехь губернатор хоржуш къастаделла жамI, аьлла шен хьукматан кхеташонехь, хаамбо Интерфаксо.

Памфиловас бахарехь, цуьнан урхалло динчу зераша гойту, харжамашкахь "административан ресурсах пайда а оьцуш, йоккха харцо лелийна хилар". Владивостокерчу Советский къоштарчу 13 куьпахь юхадаьхна харжамийн жамIаш. "Мел кхаьжнаш хьангахьа бу хьаьжжина (Тарасенко я Ищенко), хьал хийца таро хилла цигахь", цундела кхо бутт баьлча губернаторан харжамаш юхадIабахьа беза Приморьехь, аьлла цо.

Приморьерчу харжамийн комиссех тешам бац, "дикка ойла а йина, шена оьшшучу жамIе кхачийна цо харжамаш", аьлла Памфилован хьукматан декъашхочо Эбзеев Бориса а. Цунна гарехь, Оьрсийчоьнан харжамийн Коьрта комиссин бакъо ю Приморьерчу комиссин сацам юхабаккха.

"Цхьаааллин Оьрсийчоь" партин цIарах губернатор хоржуш хиллачу кандидато Тарасенко Андрейс дIахьедина, ша дакъалоцур дац керлачу харжамашкахь, аьлла. Иза резахилла харжамийн жамIаш юхадахийта. "Ас а хьоьху ишта. Аьлла ас, тахана ший а агIо ю бехке, хьал нийсонца меттахIотто а деза. Вовшашна бехкаш тIе а бохкуш болош болу болх - болх бац," – аьлла, даржийна ТАСС агенталло Тарасенкос дина къамел.

Орсийчоьнан компартерчу кандидато Ищенко Андрейс ша духьал ву харжамийн жамIаш юхадахарна, аьлла. "Иза стенна деш ду? ХIумма а доцург стенна леладо? Вайн низамаша бахарехь, 25% каппашкара жамIаш хила деза харцдина. Со реза вац. Губернатор хаьржина девлла вай", - къамел дина Приморьехь шен харжамхошна хьалха Ищенко Андрейс. Цо ша реза ву аьлла юха а харжамашка ваха, нагахь санна "партино тешадахь".

Президентан Путинан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс дина дIахьедар ду иштта: ханна губернаторан даржехь вуьсу Тарасенко, ткъа харжамаш юхабаха беза бохург " догIу Путина аьллачуьнца".

Маршо Радион "Сибирь.Реалии" проектан корреспондентна ша еллачу интервьюхь кандидато Ищенкос, шегара "толам лачкъийна дIабаьккхина", цундела ша Владивостокехь протестан акци а гIаттийна, аьлла.

ДIадахначу кIирандийнахь хилларг харжамийн шолгIа тур яра. Кхаьжнаш багарбечу массо а сахьташкахь 5-6 процентна хьалха вогIуш гора коммунистийн кандидат Ищенко. Амма оршоьтан Iуьйранна дIакхайкхийра, толам Тарасенкос баьккхина, аьлла. Ищенкос дIахьедира, 40 эзар кхаьжнаш харжамийн комиссино "шеггара чутесна", аьлла. Оцу дийнахь гIевттина протестан гуламаш тахана а лаьтта Приморьехь.

Кххарийдийнахь Владивостоке кхечира Коьртачу комиссера делегаци. Толлуш ю иза харцонаш лелор. Тарасенкона толам ца богIуш дIабелла аьлла, мацалла лаьцна Приморьерчу компартин декъан лидеро, меттигерчу парламентан депутато Самсонов Артема. Цо ша хан шен машен чохь, мехкан администрацин цIенна хьалха хьо, мацалла кхобур ю лелийна харцо юьззина Iораяккхалц, боху.

Владивостокерчу гуламе лела 1000 сов вахархо. Компартин куьйгалхочо Зюганов Геннадийс дош делла ша тIедогIучу шоьтадийнахь ерриг а Оьрсийчуьра агIончаш бохур бу протестан акцешка, аьлла.

Приморьерчу бахархоша шайн гуламехь даржийначу гатанаш тIера бу хIара кхайкхамаш: "Путин а, цуьнан накъостий а хьашт бац Приморьена!", "Бакъонца дIахьо харжамаш!"

Аьтто хилча деша гIур дарий шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG