ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цунах "чопа тохар" олу


Европан кхелан цIа, Франци, Страсбург

Оьрсийчоь бакъал а араяла тарло Европан Кхеташонера, делахь а, цо шен дIахьедарш дуьне зерхьама дечух тера ду

Адамийн бакъонех йолчу Европан конвенцех дIакъастаро а, Европан кхел яцаре яро а дакъазайохур ю Оьрсийчуьрчу адамийн бакъонаш, боху эксперташа.

"Мемориал" центран "Кхераме меттигаш" цIе йолчу программин куьйгалхочунна Орлов Олегна хетарехь, Европа шена "дуьхьалъяларх" бахьана а дина, Оьрсийчоьно сахьт дац Страсбургерчу кхелаца болу барт бохо.

"Ишта хила а тарло, цунах "ша-шена катохар" олу. Иза вайн Iедалан амалехь ду, Оьрсийчоьнан бахархошна деш зен ду иза " , - элира бакъоларъярхочо.

Оьрсийчуьрчу Iедало пачхьалкхехь цкъачунна лелаш йолу Европан адамийн бакъонийн конвенци сацорах дийца доллийна, Европан кхелаца бен болх сацо дагахь ю, хаийтира деношкахь РИА "Новости" агенталло, шен хьостанашна тIе а тевжаш.

Иза дан мега, нагахь санна "кхело Оьрсийчоьнна дуьхьал сацамаш арабахар лагI ца дахь", боху агенталло.

Орловс билгалдаккхарца, Оьрсийчоьнан бахархошна бакъо толош, ахчанца зен меттахIоттош хьаьвзачех тIаьххьара инстанци ю Европан кхел. Вуно дукха нисделла, еш кхел а йоцуш, нах байар, идор еккъа цхьана Европан кхело бен жоьпалле ца доккхуш, боху цо.

Ас иштта дагадоуьйту, Нохчийчохь нехан бахам хIаллакбар, Европан кхело бинчу сацамаш тIе а тевжаш, Оьрсийчоьно тидаме оьцуш хийла нисделла. Страсбург бахьанехь, наха шайна йинчу гIелонна дуьхьал гIуданаш охьадахкийтина Iедале.

Ткъа денонсаци яхь, Оьрсийчоьнан кхелашна оьшур дац дуьнено а шега ларъе бохучу адамийн бакъонийн пусар дан, аьлла хета Орловна.

Изза ойла ю "Кавказ-Реалиига" шен цIе цаяккхар дехначу Къилбаседа Кавказехь болх бечу цхьана адвокатан а.

"Балхах тасавелла воллучу муьлххачу а адвокатна хаьа, мел атта ду стаг набахтичу а воьллина, нацкъарваккха – масала, Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 228 артикл (наркотикаш). Иза дика гойту Кутаевна, Гериевна динчу таIзарша, хIинца Титиев…

Кавказехь, тIемалошна гIодина, олий, стаг чуволла санна атта ду наркотикаш бахьанехь набахте хьажо а. Ас сайн балха тIехь зийна, пачхьалкхехь карош йоцу бакъо дуккха адамашна Европан кхелехь карош хилар, элира адвокато.

2015 шарахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастийра Европан кхелан сацамашна блок тоха мегаш хилар.

"Малхбаленан а, шен бахархойн а реакци муха хир ю зуьйш, "чопа тухуш" арахецна хила а тарло Европан кхел Оьрсийчоьно дIатосу боху хаам.

Бакъду, могIархоша оцу кхелехь шена доьттуьйтучу гIуданашна са ца гатдо Iедало (Юкосан а, Бесланан а девнаш къестош Европан кхело дикка ахча шега охьатасийтинехь а). Европан кхело адамашна дуьхьал зуламаш ма леладе, къайллах нах ма байа, ма хьийзабе бахар ца тов Оьрсийчоьнна. Иза ду, кхин хIумма а дац", - аьлла хета Кавказерчу адвокатна.

Орловс а, шаьш гIарабаха ийзалучу адвокаташа а боххург боху дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Агора" тобан куьйгалхочо Чиков Павела шен телеграм-каналехь – иза а ду хьахош РИА Новости" агенталло.

Шуна муха хета, даггара дуй шена зен хиллачу доьзало Iедална хьалха куьгбехкенаш кIелхьарбахар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG