ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь "къамел а ца дойту" адвокаташка


Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центран Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан дов луьстуш ю Шелан кIоштара кхел. Шо сов ду кхелахо Зайнетдинова Мадина девнан доладеш йолу. Хийцам боццуш, цхьа сурт латтадо цо кхелехь: тIе ца оьцуш, юхатотту адвокатийн Заикин Петран, Дубровина Миринин, Новиков Ильян хIора дехар, шеконе ца доккхуш, кхочушдо прокурораша Ахматов Жабраила а, Байтаева Миланас а мел эриг.

Муха лехьийра полисхоша "тоьшаллаш"

Массех бутт хьалха дара кхелехь Титиев Оюба шена дуьхьал полисхоша "тоьшаллаш" муха дехира дийцича. Ша лаьцначу шолгIачу дийнахь – стохка, Дечкен-беттан 10-чохь – шена бетах скотч хьарчийра, массийттаза коьртах го а боккхуш; юха иза, коьрта тIера месах буха а йохуш, лаза а веш, оззийна схьаяьккхира, элира цо кхеле.

Деккъа дIа Титиев хьийзорхьама ца лелийнера скотч – Дечкен-беттан 9-чохь цуьнан машен чохь "карийна" кIомал билггал цуьнан юйла гойту "тоьшалла" чIагIдан эшнера полисхошна скотч. Кхеле кхаьчначу тептарша дийцарехь, кIомал полимеран тIоьрмиг чохь карийна, ткъа оцу тIоьрмигах хьарчийначу скотчца хилла "месех тера долу чоьш".

Шен месаш тоьшалле язъярхьама, бетах скотч хьарчийра шена, юха иза дIаяьккхира, цунах пайдаэцна полисхоша, Оюба аьлча, кхелахочо иза тидаме а ца ийцира. ТIе ца дитира, скотч а хьахош, документ хIоттийна эксперт левар дехча а.

Титиев Оюбах наркотикийн тоьрмиг цхьаьнабузуш таханенна и цхьа "тоьшалла" бен а дац – цуьнан месаш тIехь йолу скотч. Яц тоьрмига тIехь ур-атталла куьйгийн лар а.

Наркотик стенна чохь яра, муьлхачу хьолехь, суьртахь карийра – оцу тIехь а ю яккхий галморзахаллаш. Юьхьанца полицино тоьрмиг кхечу тIоьрмига чохь бара бохура, тIаьхьо хьехочуьра баьккхира шолгIа тIоьрмиг. Кхеташ дац, маца баьстина полисхоша "кIомал чохь йолу тIоьрмиг", маца, муха карийна цуьнца Оюбан коьрта тIера чоьш.

" Iалашо цхьаъ ю - бехк тIехьарчор"

Адвокаташа кхин а массех дехар дира кхеле – Титиев лоцуш хIоттийна кехат харцдар, тIаьхьо талламан эксперимент дIахьош куьйгаш хьан, муха яздина таллар (куьйгаш яздинчех массех ву бакъо а йоцуш тоьшалле валийна). Уьш а, кхидолу а дехарш тергамза дитина кхело.

"Мемориалан" куьйгалхойх волчу Орлов Олега кхеташ ду боху кхелахочо лелориг.

"Документашна бухахь хьенан куьйгаш ду къаьсташ дац, ткъа кхел дуьхьал ю графологин экспертиза яйта. Iалашо бехк тIехьарчор ю ", - билгалдоккху Орловс.

"Юьхьанца кхело кеп лелайора, ша низамехь йолуш санна, адвокаташа дуьйцург ша лере ухьуш санна. Амма тIаьхьо низамаш хьеша йолаелира ша кхел а. Билггал гуш ду дов бехкбилларца дерзо иза гIертийла", аьлла хета Орловна.

Адвокаташа кхин а массех дехар дийр ду кхеле тIедогIучу кIиранах, цо "нийсонца уьш тIеоьцур доцийла гуш делахь а, ца дича ца довлу и дехарш", элира мемориалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG