ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь 2013


Оьрсийчоь -- Стенга сатуьйсийла ю Оьрсийчура бахархойн 2013-чу шарахь?
Оьрсийчоь -- Стенга сатуьйсийла ю Оьрсийчура бахархойн 2013-чу шарахь?

2012-чу шарахь дуккха а хIума хийцаделира кху дуьнентIехь. Амма хIумма а ца хийцаделла Оьрсийчохь. Ткъа стенга сатуьйсийла ю цу махкарчу бахархойн кху 2013-чу шарахь?

Оьрсийчохь гIаьттина дуьхьалонан болам дIатийна. Амма цигахь дакъалаьцна болчу ницкъаша билгалдоккхур ду кху шара Оьрсийчохь хиндерг.
Карарчу хенахь Кремлан аьтто бац кхоччуш оппозици охьатаIо. Ткъа шен агIор оппозицин ницкъашка дIа ца ваккхало Путин Владимир.

Путинан хан чекхйолуш яц, амма иза чекхъяла йолаелла аьлла, хета, масала, Оьрсийчура хьал шен тидамехь латточу Британерчу "The Economist" журналан дуьненаюькъара редактор волчу Лукас Эдвардана. Иза автор ву дукха хан йоцуш зорбане яьллачу «Iехор» цIе йолчу книгин.

Нагахь 2012-гIа шо политикан шо хиллехь, 2013-гIа шо экономикех лаьцна хир ду. Оьрсийчоьнан экономика коьртачу декъана тIеттоьвжуш ю мехкадаьттана а, газана а. Цу шиммо а Iаткъам ловр бу кху шарахь. Карарчу хенахь мехкадаьттан мехаш ду 90$, 100$ цхьана черманах. Гергарчу хенахь и мах охьабера бу аьлла хета говзанчашна. Ткъа и тайпаниг хилахь, иза ондда тохар хир ду Оьрсийчоьнан экономикана.

Экономисташа а, энергетикехула болчу эксперташа а дIахьедарш до, Оьрсийчоьнан бюджет кхочуш ян мехкадаьттан мехаш хила деза 100-110 $ цхьана черманах бохуш.

Цу хеннахь Оьрсийчоь а йитина, кхечу кепара энерги лоьхуш ю цуьнгара газ оьцуш йолу пачхьалкхаш.

Гвоздев Николас профессор ву Iамеркарчу тIеман-хIурдан колледжехь. Цунна хетарехь, и гIуллакх дукха гена тIаьхьалонаш йолуш хила мега Оьрсийчоьнна.

Гвоздев Николас: «1980-чу шерашкахь Сауди Iаьрбийн пачхьалкх санна Оьосийчоь а йиса мегаш ю мехкадаьттан а, газанан а мехаш охьа а девлла».

ЦIеххьана мехкадаьттан мехаш охьадовларо шен чакхене кхачо мегаш ю цара хьан еш йолу Путинан политикан машен.

Ткъа муха тIеоьцур бу и хийцамаш цу махкарчу политикан системо бохург коьрта хаттар ду 2013-чу шеран.

2000-чу шарахь Iедале веана волу 40 шаре ваьлла хилла волу хилла волу шпион Путин тера вара хьуьнар долчу жимчу лидерах, къаьсттина цул хьалха хиллачу Ельцин Борисца иза вуьстича.

Амма 10 шо даьллачул тIаьхьа иза а, цуьнан тоба а къанлуш ю. Дукхах болчерна хетарехь, и нах Iедалехь биса дагахь бу 2018 шо, я 2024 шо тIекхаччалц. Цу хенахь цера хир ду 70 шераш.

Кхузахь дагавогIу халла лелаш хилла волу Брежнев Леонид. Цу гIуллакхо конфликт кхуллу цу махкарчу чIорашна юкъахь.

Iедал хийца а ца хуьйцуш Iойла дац. Нагахь иза хилахь халкъ ша хийца гIорта там иза. Ткъа иза кхераме ду.

Ша президент волуш Медведев Дмитрий гIоьртира кегийра нах Кремле бало. Амма шира элитан декъашхой реза бацара цу гIуллакхана. Уьш гонах бевлира Путинна. Ткъа кегийрахой Медведевна гIортор еш бара, иза кхин цкъа а президент хир ву моьттуш. Медведвца Iедале баьхкина болу нах мелла а плюрализм езаш бара. Цара оппозицина ахчанца гIо деш хилла бохуш, хабарш а хеза тахана Кремлан коридорашкахь.

Масийтта дуьхьалонан акци дIаяьхначул тIаьхьа Оьрсийчура оппозици ойланашка йоьжна. 2011-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2012-чу шеран Дечкен-баттахь а оппозицин декъашхошна хетта долу шаьш ницкъ болуш хилар дицлуш ду.

Цул сов, Стигалкъекъа-баттахь Путин Кремле юхавирзинчул тIаьхьа, оппозицина ша халкъана хетарг дуьйцуш ю моьтту хан а дIаяьлла. Оппозицин лидерш хууш боцучух тера ду кхин дIа хIу дан деза.

Цара юьхьар лаьцна лелош дерг ду шаьш сийлахь хиллачу «революцин» деношкахь хилларг. Амма царах цхьа а ойла еш вац, хIун хилла Стигалкъекъа-баттахь церан карар урхаш дIаевллачу хенахь бохучуьнан, бохуш дуьйцу Питтсбургерчу университетан Iилманчо Гиллори Шона. Хууш дац муха дагахь бу уьш хьал шайн караэца а, юкъараллица керла уьйраш дIатаса аьлла, хета Гиллорина.

Оьрсийчура оппозици цхьатера яц. Цу юкъахь бу националисташ а, аьрроагIор ойланаш йолу нах а, либералаш а. Уьш цхьаьнатухург ду уьш Путинна оппозицехь хилар.

Хир вуй те церан цхьа лидер? Мел кхиаме хир ю карарчу хенахь болх беш йолу оппозицин Координацин кхеташо?

Цхьаболчу аналитикашна, шайна юкъахь Нью-Йоркерчу Университетан профессор Галеотти Марк а волуш, хетарехь оппозици кху шарахь кхин а екъалур ю. Иза хIинцале а хуьлуш ду.

Галеотти Марк: "И процесс вайна гуш ю. Оппозици цхьацца дакъошка екъалуш ю. Вайна гур ду идеологин блокашка иза екъалуш. Уьш баккъалла а болу оппозицин боламаш хир бу, «Путин а воцуш Оьрсийчоь» бохуш, лелаш болу нах хилла ца Iаш. Иза лазаме процесс хир ю».

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG