ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь лаьцна кхобучу пхеа гIалгIачуьнгара хьал


КъахIирехь, Оьрсийчоьнан векалтна хьалха
КъахIирехь, Оьрсийчоьнан векалтна хьалха

Шаьш Мисарарчу ницкъхойн карарадовларе сатуьйсу лаьцна кхобучу пхеа гIалгIачо. Ца кхета тутмакхийн гергарнаш: Оьрсийчоьнан дипломатийн бала стенна бац хиллачун?

Стохка аьхка лаьцначу Ал-Азхар университетан пхеа студентах кхааннан да-нана Iа КъахIирехь шайн берашна кхел йина яларе сатуьйсуш. Экстремизмна бехкебо кегийнах.

Визан раж талхораш лоху аьлла, "Диъ ах" цIе йолчу шахьаран агIонехь дIаяьхьначу операцехь лийцира полицино Оьрсийчуьра баьхкина божарий. Хан ялале депорт йира царех цхьаболучарна, ткъа дIа ца хоьцуш, зуламхойн декъавига волийра пхиъ: Чемурзиев ИсмаьIал, Дугиев Хизар, Аушев Илес, Дзейтов Iела, Плиев Рамзан.

Ткъеха шо ду хIораннан а. Цхьа Аушев ву зуда ялийна, кхо бер ду цуьнан. Ах шо делира уьш бахана-бигина меттиг ца карош. Кегийнехан гоно, студенташа, дукха инстанцеш гезйира, дипломаташка орцанаш дехира, шайн бераш лаха баьхкинчу дайшна-наношна гIодеш. Бага хи лаьцна Iийра Мисарара Оьрсийчоьнан векалт а, Мисаран полици а, къайлах сервис а (Мухабарат).

ТIаьххьара а кIера хилира Мисара, цунна тIаьххье Оьрсийчоь а – хаийтира бераш КъахIирехь, Тора-набахтехь дуйла. Консулан департаментан белхахочо Латыпов Наила жоп делла лецначийн цхьаннан дена - Плиев Алисханна.

"2019 шеран Чиллан-бутт болалуш Iаьрбийн Республико Мисаро официалехь хаийтина КъахIирерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьан воI лаьцна латтош хиларх. Иза лецнарш кхобучу Тора-набахтехь ву. Экстремизмца доьзна зулам толлуш бу низамхой.

Мисаран агIоно хаамбарехь, хьан бакъо ю набахтехь лелачу рожехь хьайн воI ган. Оьрсийчоьнан векалто а дехна, шен кхочучу ницкъца, лецна кхобу Плиев шен векалшна гайтар", жоп делла Латыповс.

Цхьа нюанс ю кхузахь: виъ ву карийнарг, ткъа хууш дац стенгахь ву пхоьалгIаниг – Дугиев Хизар.

Плиев Алисхана (лаьцначу Плиев Рамзанан дас) билгалдаккхарца, дай-наношна шайн бераш карийна журналисташ орцахбовлар бахьана долуш. Бакъо елла тIаьхьабахкинчарна шайн кIентий ган.

Мисарарчу Ал-Азхар университетан библиотекехь
Мисарарчу Ал-Азхар университетан библиотекехь

"Чиллан-беттан 14-чохь гира тхуна бераш. Деа сахьтехь Iийра тхо набахтехь рогIе хIиттина, юхьанца мисархой буьтура гергарчарна тIе, царел тIаьхьа – арахьара нах. Деа сахьтехь Iайтира тхо берашца. Сирачу духарахь, азбелла бара уьш. Амма ца бора леткъамаш, шайна цигахь атта дацахь а. Бакъду, парггIат къамелдойла а ца хилира тхан.

ДIадоьлхуш, набахтин белхахочо элира, Оьрсийчоьнан векалтера стаг уллехь а воцуш, шаьш кхин дуьтур дац тхо берашна тIе. Кхеташ дац, стенна ца до тхуна дипломаташа гIо. Доцург тхайн берашна тIехьарчорна кхоьру тхо", - дийцира Плиевс.

Алисхана дечу тоьшаллица, лецначарна ца велла я гочдархо а, я адвокат а. Цундела студенташка жоьпаш а ца даладелла, шаьш бIаьргаш а бихкина, бутт хьалха кхеле бигича. Ца евза берашна Iаьрбийн юридикан терминаш. Прокуроро чохь кхаба кхин а 40 де-буьйса тIетоха аьлла, кхелахо резахилла. Кхеле дипломатех цхьаъ веъна хиллехь, шайн бераш Оьрсийчу дIахьовсийна хила а тарлора, боху дас.

Бакъду, ГIалгIайчохь а буьтур бац кегийрхой маьрша – бегаш бац Мисаро царех "экстремисташ" бар, иза стагна велла дIаваллалц тIаьхьадаьлла лела томмагI ду, Алисханна хетарехь.

Стенна ца до аш гIо, бехке ма дац шайн бераш, олий, хотту КъахIирехь хьал лардеш Iачу гIалгIайн дай-наноша Оьрсийчоьнан векалтерчу дипломаташка. Официалехь доцу жоп цхьаъ ду: тхоьга кIезиг ладугIу Мисаран агIоно. Дипломаташ шаьш а къехка сагатлуш векалте лестачу студентийн гергарчех.

Набахтерчу веанга хIоразза а хоьтту пхоьалгIачух, дех-ненах а къайлаваьккхина латточу Дугиев Хизарх лоций. Плиев Алисханна хетарехь, цхьаьнхьа къайлах чохь валлош ву Iедало иза а. Дугиев, важа виъ санна, виллина Iаш ца хилла Мисарахь – иза Мединера (СаIуда Iаьрбийчоь) студент ву, КъахIире веана хилла, цуьнан нанас бахарехь, могашалла тоян а, мисархочуьнга-шайхе шена мелла а Iаьрбийн мотт шарбайта а.

"Лаьцна латточу веанна тIевоьссина Iийна Мисарахь Дугиев. Иза эсктремист ву, ткъа хIорш цунна гIодеш хьийзина, боху талламо. Ткъа Дугиевн цIарачара дийцарехь, психика дика яц, эпилепси хила тарло цуьнан, аьлла хета царна", дуьйцу Алисхана.

Карарчу хенахь, гергарчара бечу хаамца, меттигера адвокат велла набахтехь латточу гIалгIашна. Кхело къастор ду кхидIа берех хиндерг: депорт я набахти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG