ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернет гурашка оьцу низам тIечIагIдина Путина


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира куьгтаIийна пачхьалкхера интернет шайоккхучу низамна. Бакъонийн сайто довзуьйту и низам.

Документ низаме доьрзу кхушара, ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь. ТIаьхьо юкъаер ю Оьрсийчоьнан доменашна цIерш тохку система.

Дуьненан интернетах а къаьстина, Оьрсийчуьрчу интернетна автономехь, шакъаьстина яха таро вовшахтоха некъ боккху низамо. Иза кхочушдар тIедужу Оьрсийчуьрчу коммуникацин тергаман хьукматна (Роскомнадзорна). Ткъа дуьненан интернетах Оьрсийчуьраниг дIакъастор а, оцу Iалашонна гIирс вовшахтохар а тIедожийна министрийн кабинетна.

Низаман авторшлахь ву Федерацин Кхеташонан конституцин низамаллин комитетан куьйгалхо Клишас Андрей а, цуьнан хьалхара гIовс Бокова Людмила а, Пачхьалкхан Думин депутат Луговой Андрей а. Цара шаьш динчу къамелашкахь хаийтира, стенца доьзна кечдира и низам – "2018-чу шеран Гезгмашин-баттахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа тIеэцна Къоман Киберкхерамзаллин Стратеги тIех шога хилар юьхьар а оьцуш".

Низамна резабоцу Оьрсийчоьнан бахархой кхоьру шакъаьстина ехар йолу зIе Iедалан куьйгакIел яхарх а, цо пачхьалкхера ериг а интернет цензурина бухаяхьарх а.

Путин Владимир низам тIецачIагIдаре кхойкхура дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматаша. Адамийн бакъонех йолу Европан конвенци а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин гражданан а, политикан а бакъонех йолу пакт а ю Оьрсийчоьно буха куьйгаш яздинчу дуьненаюкъарчу низамашлахь, оцу докуметашна дуьхьал гIулч яккхар нийса дац, бохура шаьш хIоттийначу декларацехь "Дозанаш доцу репортераш" а, Human Rights Watch а юкъарлонаша.

ЦхьамогIа интернет-компанеш а яра низам тIецаэцар доьхучийн могIарахь. Масала, "Яндексан" машанийн инфраструктура кхиоран директоро дIахьедира: низам кхочушдан кечбеш болчу гIирсо "таро лур яц серверашна ма-оьшшу болх дIабахьа". Diphost провайдеран инарла директоро Кулин Филипа бохура, пачхьалкхехь лела "трафик вуно шуьйра ю, цхьа а вац иза ерриг луьсту система кхолла киса долуш, проектан тIаьххьара мах хир бу стигала кхаччал боккха".

Низаман авторш гIиртира резабоцурш тебан, юьхьанца бехира, бюджетера ахча а оьшур дац Iалашо кхочушъян. Амма тIаьхьо Клишас Андрейс, 20 миллиард сом оьшур ду балханна, элира. И терахь а хийцаделла хIинца: прессехула буьйцучу механ барам бу кхин а 10 миллиард сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG