ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровхой" лелла Норвегехула герз а карахь


Шпицберген
Гостев Александр, Маршо Радио, Оьрсийн сервис

Норвегерчу дозуш доцчу AldriMer ("Кхин хиндоцург") интернет-газето – пачхьалкхерчу эскарийн хьолах, мохк Iалашбарах, къоман кхерамзаллах лаьцна хуьлу цуьнан артиклаш дукха хьолехь – яздо шайн махка, низам а дохош, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш бахкарх лаьцна. Юьйцург ю къайлах Шпицберген гIайреш тIе йоьссина хилла "Кадыровн тоба". Артикл араялар Оьрсийчоьнан дипломатин хьукмато "шога провокаци" ю аьллехь а, факташа гойту Норвегера журналисташ бакъхилар.

AldriMer-о кIира хьалха араяьккхинчу артиклехь боху, массо а низам а, бина барт а бохош, Оьрсийчоьнан эскархой лелла Шпицбергене биссина. Газето дийцарехь, хIордаца диверсанташ дIасалелабечу жимачу П-750Б субмаринца баьхкина Норвеге Оьрсийчоьнан эскархой. Оцу кеманца уьш кхачар журналисташа дузу царна шайн ларш яйа оьшуш хилла хиларца.

Шпицбергенан гIайрешка хIаваэхула нах биссалуш меттиг яц цхьаъ бен - Норвегин долара Свальбард аэропорт, Лонгйир кIоштан коьрта шахьар. Оьрсийн эскар, герз а карахь, цига доссар – иза дуьненаюкъара хьовзам бу.

Атлантикан альянсехь (НАТО) йолчу еа пачхьалкхерчу хьасташна а, оцу пачхьалкхийн къайлахчу ницкъашна а тIе а тевжаш, AldriMer-о яздарехь, Оьрсийчуьра баьхкина эскархой ца хилла тIеман духарахь, амма хилла цаьргахь герз, тIеман гIирс. ХIорда чуьра гIайри тIе бевлла, Шпицбергенехула а, цул сов, Норвегин къилбаседанерчу кIоштийн латта тIехула а лелла баьхкинарш.

Оьрсийчоьнан беракема Шпицбергенехь
Оьрсийчоьнан беракема Шпицбергенехь

Газетанна хьасташа еллачу информацица а догIуш, Оьрсийчоьнан иччархошлахь хилла "НАТО-н къайлахчу сервисашна дика бевзаш болу ГIирма яьккхина эпсарш". Артиклан авторша дийцарехь, Ослохь а, Норвегин эскаршкахь а хиина Оьрсийчуьра "кхайкхаза хьеший" шайн махка биссинийла. Уьш бахкар цхьа хан хьалха оьрсаша Арктикехь тIеман Iамораш дIадаьхьарца туьдуш хилла Норвегино. Цара лелориг харцо елахь а, дуьхьало ян ийзалуш Iийна Ослора Iедал, яздо AldriMer-о.

1920-чу шарахь хIоттийначу дуьненаюкъарчу Шпицбергенан трактца а догIуш, шех герз хердина меттиг лору гIайрийн аса Шпицберген. Оцу документо ши пачхьалкх йо цунах пайдаэца бакъо йолуш – Норвеги а, Оьрсийчоь а. Амма документо Норвегин дола делла и латта. Оьрсийчоьнна тракто елла бакъо цхьаъ бен яц – Норвегица цхьаьна гIайреш тIерачу маьIданех а, гонахарчу хIордах а пайдаэцар.

1925-чу шарахь Норвегин Iедало официалехь шена тIечIагIйина Шпицберген. Ткъа Дуьненан ШолгIа тIом бирзича Ослора Iедал резахилира гIайрех схьайолу экономикан са Советийн пачхьалкхаца екъа.

Норвегин Шпицбергенера Longyer юрт
Норвегин Шпицбергенера Longyer юрт

1995 шо тIекхаччалц доккхачу декъанна Оьрсийчуьра бара Шпицбергенехь беха нах, кIезиг меттиг юьтура цигахь Кремло норвегашна. Оцу бахьаница ехха гIоьртина лаьттира шина пачхьалкхан юкъаеметтигаш. Хьоло Атлантикан альянсе яла декхарейира Норвеги.

2011-чу шарахь Оьрсийчоьно Шпицбергенах доладар керлачу концепце дерзийра, Баренцбург гIалахь ехкира цхьацца объекташ. 2015-чу шеран бIаьста Шпицбергене вахара официалехь вице-премьер Рогозин Дмитрий – оцу бахьаница кхин а шагъелира юкъаметтигаш. Европан Берто а, Норвегино а "санкцийн тептара" язвира Рогозин. Амма Кремло байбира шен бехк, Оьрсийчоьнан бахархошна Шпицбергене баха виза оьшуш яц, аьлла.

Деношкахь Оьрсийчуьрчу "Новая Газето" ("Керла Газета") арахецна шен таллам. Цо гойту Оьрсийчоьнан эскархой, могIархойн духарш а духий, къайлах лелаш буйла Шпицбергене. Цу тIе, дукхахболучара шаьш цигахь даьхна суьрташ а даржадо интернетехула. Цара таро ло стага билггал сурт даьккхина меттиг йовза.

"Кадровхой" Шпицбергенехь (скриншот)
"Кадровхой" Шпицбергенехь (скриншот)

Масала, "Керлачу Газетан" журналистийн аьтто баьлла 2016-чу шарахь Шпицбергенехь хиллачу "Кадыровн тобан" ларш каро.

Газето билгалдоккху Нохчийчуьра эскархой декъабогIуш хиллачу Росгвардин НАТО-н декъайогIучу цхьана а пачхьалкхан лаьтта тIе ког баккха бакъо яцар. Дихкина ду Росгвардерчу эскархочунна я шен духарахь а, я иза хуьйцуш, туристан хьесапе вирзина а, Шпицбергене ваха. Низам талхийна юьйцучу "Кадыровн тобано".

Цхьаъ бен яц Оьрсийчохь бахархойн долахь ларалуш йолу "Оьрсийчоьнан леринчу ницкъийн университет" – иза ю Нохчийчуьрчу Гуьмсехь. Цигахь Iамабо Кадыровн ницкъаш. Стохка Кадыровс ша дийцира, шен бIаьхоша Арктикехь а, Мурманскехь а, Франц-Иосифан Лаьтта тIехь а Iамораш дIадаьхьина, бохуш. Оцу барамах лаьцна "Университето" леррина агIо кхоьллина шен сайта тIехь. Бакъду, ца дийцира Кадыровс шен эскархой къайлах Норвеге бахана лелларх лаьцна.

AldriMer газето яздинарг сихонца тидаме эцна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. "Оьрсийчоьнах мостагI веш баржийначу белхан дакъа" ду арахецна артикл, фейк ю иза, провокаци ю, аьлла цо.

Стохка, шо чекхдолучу беттанашкахь, Балтикан а, Къилбаседа Атлантикан а хиш тIехь Trident Juncture Iамораш дIадьахьира Атлантикан альянсан декъарчу Норвегино а, Швецино а, Финляндино а. Дакъалаца тIеоьзнера 65 хIордкема, 250 хIаваан кема, 50 эзар эскархо. И Iамораш дIадоьлхучу юкъанна шайн GPS-системаш балхах йохийна, галъяьхна, "оцо хьашт доццу инцидент эккхийта а тарлора", аьлла, Москва бекейира Норвегино.

ТIаьхьо Финляндин дипломатин хьукмато а бехкбиллира Кремлна – Оьрсийчоь шен доцчу гIуллакхна юкъагIоьртина хилар дIагайта йиш йолуш, шегахь тоьшаллаш ду, бохура цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG