ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХΙун доьху даймахке болчу безамах?


Къоман идентификаци, карикатура
Къоман идентификаци, карикатура

Оьрсийчоьнан регионаш кхиоран министралло «Оьрсийчуьрчу къаьмнашлахь этнокультура яржор» цΙе йолчу программан лард чуелла Министрийн кабинете деношкахь. Оцу документо гойту Оьрсийчуьрчу халкъах 44 процентой бен ца лорийла шаьш дог-ойланца Оьрсийчоьнан бахархой. Ах гергга нахана хетарехь, цаьрца церан къоман башхалла бахьанехь гома ю пачхьалкх.



Регионаш кхиоран министралло бинчу хеттамаша кхин инзаре сурт а довзуьйту. 62 процент бу Оьрсийчохь шаьш-шаьш дехачу меттигашка кхечу къоман нах ца лелийла луурш. Кхечу дешнашца аьлча, ах сов бахархой бу шайн дагахь я шовинисташ, я къаьмнашка гома хьоьжу националисташ.

Оцу хьоло декхаре йина къаьмнийн, мехкийн тергоъяр шена тΙехь долу министралла Ιедална хьалха къаьмнаш вовшашна герга дуьгу программа хΙоттон.

Ткъа хууш ма-хиллара, программа юхьаръэцар – иза ахчан бохча дастар ду пачхьалкхехь. Нагахь санна 36 миллиард сом оцу 5 шеран программе а диллина, иза кхочушъяхь, регионийн министралло бахарехь, Оьрсийчоьне безам гΙур бу цу чохь бехачу 64 процент бахархойн. Ткъа кхин а дукха – 86 процент бахархой реза хир бу шайх дозаллийца оьрсийчоьнахой баха, нагахь санна программма кхочушъян лундолу ахча 125 миллиарде хьалакхачош хилахь.

Доцца аьлча, ахча мел ло хьажжина пачхьалкхах, цуьнан байракхах дозалла дан реза хир бу Оьрсийчуьра бахархой. И бохург вай дац, вай хьехаен регионийн министралла ю - терахьаш а, ша программин чарх а гойла а ду Маршо Радион хаам беламе бу аьлла хетачунна дуккхаъчу интернет-сайташ тΙехь.

Оьрсийчоьнан бахархошкахь махкалла совдоккху хьалхара гΙулч яьккхира деношкахь ша президента Путин Владимира. Матта тΙера, оьрсийн матта тΙера болош ду нахана Оьрсийчоь езайолуьйту болх. Ненан мотт шарбан беза вай, цуьнан хьашташна лур ду 12 миллиард сом, элира Путина Чиллан-беттан 19-чохь. Ткъа и хΙун мотт бу, 130 къам дехачу пачхьалкхара ненан мотт цо ша билгал а даьккхира.

Путин: «Мехкан цхьаалла чΙагΙъярехь футдаменталан лард ю, шеко а йоцуш, оьрсийн мотт. Билггал цо кхуллу юкъараллин а, культуран а, дешаран а майда. И лаккхарчу кепехь хаа декхаре ву Оьрсийчуьра хΙора а вахархо. Ненан меттан санна, бух шорбан а беза оьрсийн меттан».

Дено-дено вай а, вай санна, Оьрсийчуьрчу кхечу кегий къамнаша а, далхадо ненан меттанаш леш хилар. Цундела хетадала тарлора цхьаволчунна, Путинна дΙахезна вайн гΙайгΙанаш, аьлла. ХΙан-хΙа, хΙинца оьрсийн маттах "ненан мотт" баха декхаре хуьлуьйтуш ву оьрси хьовха, чукча а, гΙезало а, нохчо а, бурят а – массо а Оьрсийчоьнан вахархо.

Путин президент велахь а, ша а ву оьрси, цунна бехк буьллийла а дац шен ненан мотт, оьрсийн мотт, герга хиларна. Ткъа хΙун боху ладугΙур вай оцу хьокъехь, масала, Дагестанера схьаваьллачу лезгийчо Сафаралиев Гаджимета.
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думин къаьмнийн гΙуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо ву иза. ХΙара къамел оха цуьнца дира кху еарий дийнахь.

Сафаралиев: «Президента леррина бохура, лаккхара вайна схьабелла болу оьрсийн мотт вайна, массо а Оьрсийчоьнан бахархошна, ненан мотт хилла дΙахΙотта беза».

Иштта ю, шен ненан мотт кхи болуш велахь а, лезгех схьа а ваьлла, Думехь хьаькам волчу Сафаралиевн ойла.

Амма тамаше ду «Оьрсийчоь – оьрсашна» бохуш хьийзачу националистийн тобанех болчу нехан кхетам, хΙора а къоман шен мотт а бу, шен башхалла а ю, уьш лараме а хила догΙу, аьлла хилар. ГΙезалойн махкара оьрсийн боламан жигархо ву Щеглов Михаил. Цо иштта йовзуьйту шен ойла.

Щеглов: «ХΙора къам ду башха. Шен орамаш, шен эс, шен коьрта Ιалашонаш а йолуш. Иза, цхьа юкъара-махкаллин хΙума а даржийна, дайъа мегаш ма дац. Кхеташ дац, иза стенна до. Цуьнан ойла ян еза-кх, къаьмнаш дΙа а даьхна, къаьмнийн проблемаш кхочушъян а ца гΙерташ».

Регионаш кхиоран министралло бинчу талламаша а, цо къаьмнаш пачхьалкхалкхана тΙекаре деш, кечъен программа а ешча хаало мел гена яьлла проблема ю Оьрсийчоьнан бахархой шайн Ιедалшна, шайн махкана, цуьнан байракхна, шайн дахар-Ιерна, цуьнан хьелашна резабацар.

Деккъа дΙа ахча тесча чΙагΙлуш, деши Ιанийча Оьрсийчоьне хам бар нахехь совдер долуш делахь хьал шийла ду Оьрсийчохь, боху хьакамаша хΙиттаечу программин маьΙна туьдучу тергамхоша. Деккъа дΙа ахчанца оьцу безам, хуьлда и махке я паччахье, и хΙун безам бу, хΙун ларам бу, бохуш цецвуьйлу, масала, Москохара историн Ιилман кандидат Жуков Александр оцу хьокъехь хаамийн гΙирсашкахула.
XS
SM
MD
LG