Карара Хан (Настоящее Время)
Коррупцица къуьйсучу Фондо (куьйгалхо Навальный Алексей) Iорадаьхначу кехаташа гойту Оьрсийчохь вевзаш волчу телеэфирлелорхочо Соловьев Владимира Италехь кхин а цхьа вилла эцнийла а, цуьнан долахь уггаре машен - Maybach - юйла а.
Фондо бинчу талламо бахарехь, Комо гIайри тIехь вилла эцна 2013-чу шеран Товбеца-баттахь, 1,021 миллион евро а делла. Иза ю Соловьевн доларчу кхечу цIенна 11 километр юьстах.
Йохк-эцаран кехат а, кадастрера тоьшалла а ду зорбане даьккхинарг.
Фондо дийцарехь, эцначу 37 соти лаьтта тIехь ши цIа лаьтта:
цхьа цIа ду 300 квадрат-метр гергга, 14 чоь ю цуьнан – царалахь ю 5 вуьжу чоь а, 5 луьйчийла а;
шолгIаниг ду хьешан цIа – 90 квадрат-метр, иза 3 чоьнах а, шина луьйчийлах а лаьтта.
Декъа тIехь, стигал кIел, ян йолийна бассейн.
Навальныйс дечу тоьшаллица, йохк-эцаран кехато Соловьев ву боху резидент, меттигера вахархо, "говзалла" цIе йолчу могIанчу яздина "артист".
"Цуьнан ши вилла ю Италехь – иза ду экран тIехь Рудольфыч гича, телехьажархочо дагалаца дезарг", боху политико шен видео чохь.
Иштта, 2018-чу шеран Чиллан-баттахь 15 миллион сом делла Maybach машен а эцна шена Соловьевс, билгалдоккху Навальныйс.
Соловьевн цхьана цIийнах лаьцна Фондо яздира 2017-чу шеран Гезгмашин-баттахь. ХIетахь Навальныйс бовзийтира цуьнан мах – 1 миллиард сом. Иза бакъдеш, долахочун кехаташ а довзийтира цо: Москох - петарш, Москохна гергахь – цIа, Италехь – вилла.
Цунна жоп луш, ша шен бахам цкъа а ца лечкъийна нахах, элира Соловьевс.
"Со-х ваций Iедалан белхахо. Шена луъург дуьйцур ду цо, ткъа ас иза шозза кхело таIзар дина волу къу а, бозбуанча а ву боху. Сан хьал суна тIеяздина ду, цхьаннах а лачкъийна а доцуш, ас ял охьаюьллуш а ду. Официалехь ас алапа оьцу дукха хан ю. Суо вехаш стаг вуйла ас цкъа а ца лечкъийна. ХIун ала гIерта таллам бинарг?" – бохура хIетахь Соловьевс.