ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кехата тIехь бисира Барятинскиc нохчийн къоме бина кхайкхам


Эла, инарла-фелдмаршал Барятинский Александр Иванович.
Эла, инарла-фелдмаршал Барятинский Александр Иванович.

Кху деношкахь Оьрсийчохь дагалецира эла Барятинский Александр Иванович. Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь 138 шо кхаьчна иза велла (1879).

Оьрсийчоьнан истори схьаэцча, Барятинский вевзаш ву кхиаме буьйранча санна а, политик санна а.

Барятинский вина 1815-чу шарахь Курск кIоштарчу Ивановское олучу меттехь. Элан кIант хиларе терра, цуьнан аьтто хилла Iилманаш Iамо а, лаам белахь политик хила а. Амма Барятинскийс хьаржира эскархочуьнан карьера.

Дуьххьара иза Кавказе хьажаво императоро Николай Хьалхарчо 1835-чу шарахь. Оцу хенахь ГIебартлойн иччархойн полкехь цо дакъалоцу дехьара гIобанхойн чергазошца хиллачу тIемантасадаларехь.

Кхин 25 шо даьлча, 1856-чу шарахь Барятинский Кавказе вогIу императоран Александран ШолагIчуьнан сардал а, Ша лаьттачу Кавказан Корпусан буьйранча а санна (тIаьхьо цу корпусах арми хуьлу).

1859-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь Барятинскийс буьйранчалла дечу эскаро дIалоцу Нохчийчоь. Цу Iалашоне кхача цо Кавказе тIеуьйзира ГIирман тIом (1853-1856 гг.) чекхбаьллачул тIаьхьа мукъадевлла эскарш.

Иттаннаш шерашкахь тIом лаьттинчу Нохчийчохь бисинчу бахархойн терахь дара Оьрсийчоьнан империно чубалийначу эскархойн терахь санна.

Нохчийчоь дIалаьцначул тIаьхьа дIалецира Дагестан. Дагестанан лаьмнашкахь Iуьллу Гуниб схьаяьккхира эла Барятинскийс, имам Шамил йийсаре а лоцуш.

Шамилна тIехь толам баккхарна Барятинскийх инарла-фелдмаршал вира императоро. Нохчийоь а, Дагестан а караерзийначул тIаьхьа ерриг а Къилбаседа-Малхбузен Кавказ дIалаца ийшира оьрсашна кхин а 4 шо.

Амма оцу шерашкахь Барятинский вацара Кавказехь. Могашалла а тоеш, садаIа сацам бира цо, къарлуш ца хилла къаьмнаш карадерзор дIадирзина аьлла.

Барятинский хилла Нохчийчоь дIалаьцначул тIаьхьа цу колонехь мелла а къепе латтор низаме дерзо гIиртинчу кIеззиг хиллачу Оьрсийчоьнан империн Iедалхойх цхьаъ. Нохчийн исторехь Нохчийчоь дIалаьцна инарла хиларал а сов, иза висина нохчийн къоме прокламацин автор санна.

Цу кхайкхамехь Оьрсийчоьнан императоран цIарах юьйцуш яра нохчийн бакъонаш а, декхарш а.

Прокламаци гулбеллачу нохчашна хьалха дIайийшира, амма пачхьалкхан документ санна иза билгал ца яьккхира. И бахьна долуш Оьрсийчоьнан пачхьалкхо кхочуш дан деза аьлла шен Нохчийчохь дIахьочу политикана бухе ца диллира и документ.

Цундела цецвала хIумма а дац, цу прокламацина тIехь яздинарг кехата тIехь дисина хиларна.

XS
SM
MD
LG