ТIекхочийла долу линкаш

Шинарийдийнахь Москох шена делла «Ника» совгIат схьаоьцуш динчу къамелехь вевзаш волчу оьрсийн кинорежиссеро Сокуров Александра хьахийра пачхьалкхехь хIоьттина хьал. Оьрсийчуьрчу протестан акцешкахь дакъалоцучу кегийрхоша шаййн мехкан бала хилар гойту, цаьрга ладугIучу метта, уьш дIалакъо гIертар харцо ю Iедалан, аьлла цо.

Иштта, хадийна Нохчийчоьнан куьйгалло махкахь дечу урхаллин мах а. Оцу мехкан "вайн пачхьалкхца дозуш хIумма а дац", "…суна депутаташка ала лаьа, тIеэцийша акцешка боьлху зударий, зудабераш хьедан, леца доьхку низам", элира ша кинорежиссурехь даьккхина рогIера совгIат схьаоьцуш Сокуров Александра.

XS
SM
MD
LG