ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нийсо йоцчохь кхуьу радикализм"


please wait

No media source currently available

0:00 0:05:03 0:00
Линкана тIе
Ахмедова Юлия

"Новая Газетан" ("Керла Газета") пресс-центрехь бакъоларъярхоша дийцаредина, Къилбаседа Кавказехь муха эшалур ю радикализм, хIун дан догIу цунна бахьанаш ца кхолладалийта.

Гила берзалой

"Къайлах Iедалх летачу тобанийн хатI хийцаделла. Хьалха оцу тобанашкахь бара тIемаша зеделла нах. Амма царех дукхахберш 2011-20017-чу шерашкахь Малхбалерчу тIаме дIабахана – къайлах къийсабала хуучех мукъаяьлла Къилбаседа Кавказ. "ТIеман аре" йисина Малхбаленца лелла финансийн зIенаш яцарал совнах, шайн могIарш вовшахтоха а де доцчу нахана", дIахьедира гуламехь МГИМО-н (Москох дипломаташ Iамочу институтан). Iилманчас Ярлыкапов Ахьмада.

Цо бахарехь, 2017-чу шарахь дуьйна кхечу феноменца къийсаяла дезаш йисина Оьрсийчоь – "гила берзалошца". Изза террорхойн тобанаш ю уьш, амма – кегий, тоъал маса.

Ахча каракхочу некъаш дIалекънехь а, радикалаш кхиош долу хьелаш дIа ца девлла шена чохь тIемалой бехачу Оьрсийчохь - лаьтташ ю чоьхьара кризис, элира Ярлыкапов Ахьмада.

Радикализмна дуьхьал – политиках тегна къийсам

Анализан а, конфликташ юхаяхаран а Центран директора Сокирянская Екатеринас кечдинчу къамелан цIе яра "Радикализман керла мур ца гIаттийта хIун далур дара Къилбаседа Кавказехь?"

Массо а хIуманал хьалха долу Нохчийчохь Кадыров Рамзан хестор, къона чкъор кхерош, Iедалан кога кIел кхабар

"Массанхьачул а жигара бо радикализмна дуьхьал болх Нохчийчохь. Амма емал бо иза тергамчаша, тIех политикаца боьзна, къизалла гойтуш, моттаргIане бу бохуш. Массо а хIуманал хьалха долу Нохчийчохь Кадыров Рамзан хестор, къона чкъор кхерош, Iедалан кога кIел кхабар", аьлла хета Сокирянскаяна.

Цунна гарехь, кIедо бо радикализм ца естийта бен болх кхийолчу республикашкахь: Дагестанехь идеологи хьалхайоккху, ГIалгIайчохь – маьждигаш, имамаш, "кхетамчохь болу" салафийаш а тIехь, ГIебарта-Балкхаройчохь – Iедалхой-пропагандисташ (оцу цхьана республикехь бен яц радикализацина профилактика яран министралла).

Делахь а, Iедало уггаре хьалха муфтияташна тIебиллина дIахьо и болх, ткъа оцо ца толадо хьал, кегийнах дукха хьолехь кхаьрда Iедалх дIаийна хьийзачу муфтех, имамех, молланех, элира бакъоларъяхочо.

Белхазаллой, коррупциной бух латтабо радикализмна

"Мемориал" Центран "ГIоьртина хьал лаьтта меттигаш" цIе йолчу программин куьйгалхочо Орлов Олега билгалдаьккхира, пачхьалкхехь коьртаниг ду , "юхадахалур дуй вайга радикализм кхиош долу хьелаш, бохург", аьлла.

Цунна хетарехь, уггаре доьхнарг ду пачхьалкхехь нийсо эшна латтар. "Радикализм еста нийсо йоцчохь, иза меттахIотто къастийна некъаш боцчохь. Иштачу хьелашкахь хьоьшу адамийн бакъонаш. Iедалан ницкъхоша нах идочохь, хьийзочохь, боцу бехк адамашна тIехьерчочохь санна дика меттиг яц терроризм мехала яккха, цунна пропаганда ян", элира Орловс.

Пачхьалкха чохь кхиина тоталитаран пачхьалкх ю Нохчийчоь,

Iедало бан тарлучу белхан массех кеп ю, масала, ГIалгIайчохь кхоьллира тIамах юхабевлла кегийнах машаречу дахарх булуьйту комисси – иштаниг пайде го мемориалхочунна.

Пачхьалкха чохь кхиина тоталитаран пачхьалкх ю Нохчийчоь, цигахь хьоьшу адаман ойла а тIехь, теракт хилча жоьпалле ийзабо иза йинчун гергарнаш. Ткъа оцу харцоно террорца бекхамбан арабоху керла-керла кегийнах, Орловс бахарехь.

Цо дийцарехь, резадацар десташ ду нохчашлахь, болх бацаро, гобаьккхина коррупци леларо, хьаькамийн бакъонаш совъяхаро шорйо Нохчийчохь радикализм.

Шемара бераш бен далор дац цIа

"Новая Газетан" лерринчу проектийн декъан редактора Милашина Еленас тидам тIеберзийра Нохчийчохь тIемалойн-радикалхой "къонлуш" хиларна.

2016-чу шарахь Iедална тIелета нах 30-35 шераш долуш хиллехь, 2018-чу шарахь церан меттиг дIалецира 11 шераш долчу бераша

"2016-чу шарахь Iедална тIелета нах 30-35 шераш долуш хиллехь, 2018-чу шарахь церан меттиг дIалецира 11 шераш долчу бераша, иза шашах нисделла дац, 2016-2017-чу шерашкахь берашна а кхаьчна Iедалера юьйлучу къизаллах дакъа", элира журналисто.

Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Human Rights Watch организацин программийн директора Локшина Татьянас хьайира Оьрсийчуьра схьабевлла, Шемахь бисина нах цIаберзабар.

Оьрсийчоьно дика масал гойту шен бахархой Шемара схьабалорца, амма оцу гIуллакхна тIехьажийна хилла программа сацийна, дукха хан йоццуш 30 бер схьадалийра, хIинцачул тIаьхьа шен берашца бен гIуллакх доцчух тера ду Оьрсийчоьнан, цу тIе, кхузахь динарш бен дац дуьйцуш, аьлла къадийра юкъара бала Локшинас.

"Малхбалера цIаберзийнарш сингаттамах паргIатбоху программа яц, ткъа оцу нахехь боккха бала лаьтта. Кадыров Рамзана элира, Шемара цIабалийначу зударшна гIелоян мегар дац. Амма Дагестанехь кхел йина кхаа зудчунна тIехь", элира бакъоларъярхочо.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Европарламенто арахецначу резолюцино бакъдо, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар. Хьашт дуй Нохчийчоь хьехо и санначу инстанцеша?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG