ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъ-чIеран шорто


Тохсыров Вадим

Хенара бовла некъ карийна хIирашна – чIерий кхиош доккху цара ахча

ХIирийчоьнах бакъ-чIеран (форель) мохк олу тIаьххьарчу заманахь. Иза кхиабо дуккха а доьзалша. Еккъа цхьана Ардонан кIоштахь ю чIирий лелош массех кооператив. Кхиийна чIара берриг а санна туьпахь бохка дIахьо Москох.

Бекан-ишалшкахь

70 шо хьалха Бекан юьртанна гергахь гидростанци юьллуш баьккхинчу ишална елла изза цIе – Бекан. Тахана а болх беш ю станци, амма тесна лаьттара ишал, аьлча а, ишалийн кочар. Ши шо ду хих пайдаэца болийна – совдегар, чIерийлелорхо Габуев Игорь ву бизнесан да.

Игора, ах-ах миллион сом а луш, хи тIехь лаьтта массех гур ийцира. Лурчах чухецна бакъ-чIеран кIорнеш. 7 бутт баьлча, кхиина девлира чIерий, уьш леца а, дохка а долийра цо.

"БархI бутт оьшу чIеранна кхиа, бохка торучу кепе кхачо. Кийла, кийла сов", дуьйцу Беканерчу чIерийлелорхоша.

ХIора гура чохь шен хан а, цхьабосса йозалла а йолу чIара бу. Ши кийла безаниг а тIехь. Бердашна гена леларш – кегий чIерий ду. Ала деза, сиха кхуьу бакъ-чIара, массех бутт баьлча кийча хуьлу Оьрсийчоьнан гIаланашка дIасабахьа.

Ресторанаша 350-400 грамм долу чIерий оьцу. Ткъа туьканашкахь дика дIадоьлху кийла йозалла ерш – уьш деза эцархочунна.

"Тхаьшка кхиабелларг бен дIабухкийла а ма даций тхан – хуьлда иза 30 я 100 тонна. Тхоьгара туьпахь чIара дIахьо оха телефон дIатуххушехь. Бакъ-чIара сиха дIаоьцу, иза цIен-чIеран тайпанах белахь-м муххале а", элира "Ир фиш" компанин белхахочо Габолоева Индирас.

Беканера бакъ-чIара кхиорхой тешна бу, мел дукха шаьш хиларх, шаьшлахь балхаца доьзна хьагI-гамонаш хуьлийла дацарх – мел дукха чIара цара кхиабарх, иза тоьаш бац, дIаоьцу цу сахьта.

Бакъ-чIара кхиорца беканхойл дуккха а хьалхабовлу Карелера чIерийлелорхой – цара болх бо ерриг а Оьрсийчоьнна. Амма хIирашкахьа ду жил-Iалам. Довха Iа, хиш гIора ца дар, чIара дерриг а шарахь лелон йиш хилар. Ткъа Карелехь 6-7 баттана бен бац и болх. Цу тIе, ишалш чуьрчу кхачанах шайн чIара бузо а йиш ю хIирийн – цIийдаршца, кхечу дийнаташца.

Оьзда бизнес

ДIадахначу кIиранах шозза баьхьина чIара Москох. Хин енашца ю машенийн контейнерш, 2,5 тонн дийна чIерий дIахьо хIораммо. Дакхаьчча, бетта а луш, могуш-маьрша хуьлу чIара.

Де-буьйса долу чIара Москох кхачош. Цигара иза дIасабоккху туьканашка, ресторанашка. Ресторанаша дукха хьолехь шаьш динчу кегий ишалшка хоьцу чIерий, луучийн йиш хуьлу мIарашца уьш леца, ресторанхошка шайна кхарзийта. Кхеташ ду, иштта кечбина, ресторанехь хьалхабиллинчу чIеран мах лакхаболу – 2000 соьме кхаччалц. Москох базара кхаьчнехь – доккху 800 сом. Ткъа Беканехь бакъ-чIара 300 соьмах бухку. Оцу чIеран мах бесториг, вайна ма-гарра, юкъалелаш волу йохк-эцархо ву.

"Тхайн яхь ю оха ларйийриг, кийлан мах цхьаъ бу, цхьа чIара оьцучунна а, эзар чIара оьцучунна а. Иштта йо оха нийсо чIара шена баа оьцучунна а, бохка хьош волчунна а хьалха. Оьзда хила еза бизнес", боху Габолоева Индирас.

Муьлххачу а бизнес-проектна санна, инвестицеш оьшу Беканерчу бизнесна. Делахь а, хила тарлуш долу ирс лардеш ца Iа чIерийкхиорхой, белхан дозанаш, барамаш шорбан ойла ю церан. Амма цкъа юьхьанца цIанбан беза ишалш – дукха IаьIна чохь бецаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG