ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пенсе вахале лиэ". Реформина резабоцчийн гуламашкара


Маршо Радио (оьрсийн сервис)

Пенсе воьду хан лакхаяккхийта цалуучийн протесташ лаьтта Оьрсийчохь. Дуьненан футболан чемпионатна стадионаш латточу гIаланийн цкъачунна бакъо яц оцу боламашкахь дакъалаца – цара тIаьхьо ала тарло шайн дош. Кху беттан хьалхарчу дийнахь Навальный Алексейн гоно гуламашка яьккхира 39 гIала. Ткъа Товбеца-беттан 8-чохь профессионалийн юкъараллаша а, коммунисташа а арабехира нах акцешка. Маршо Радион корреспонденташа тергалбира гуламаш Череповец, Орел, Петрозаводск, Барнаул гIаланашкахь.

"Дуьненаюкъара Валютан Фонд, дIадаха куьйгаш Оьрсийчоьнна тIера!"

Петрозаводскехь, гулам тергонехь кхобу полисхоша
Петрозаводскехь, гулам тергонехь кхобу полисхоша

​Волгоград махкарчу Череповец гIалахь 800 вахархо араваьлла гуламе кху беттан 4-чу дийнахь, хаамбина полицино. Пенсе воьду хан хьалаяккхарна, ягочун мах бесторна, туканашкахь оьцучух бахархошкара йоккху ял тIетохарна, хIусамашкахь латточу хин, газан, серлонан мехаш лакхабахарна духьалваьлларг 6 эзар стаг вара, боху нах акцийн хьалханчаша. 300 эзар стаг бен ца вехачу Череповецехь оццул нах арабовлар ян а ю жигаралла.

343 депутатан карахь ду Оьрсийчуьрчу миллионийн дахар

- Тхан аз, суна хетарехь, дIа ца хаза йиш яц. ТIаьххьарчу заманахь тIе мел оьцу низам ду могIарчу бахархошна дуьхьал, - бохура гуламан декъашхочо Маринас.

-Бакъ ду, пачхьалкх декхаре ю шен экономика тоян, амма ца еза иза дебо пекъаршкара рицкъа дIа а доккхуш. Реформех долу жоьпалла Медведевн Iедална тIехь ду. Референдум ян езара, халкъе хатта дезара, ца хаьттина. Тхан алапаш лахара ду – хьаладахийша уьш! Тхо схьаделла алапа ца тоьаш, рогIераниг лардеш Iа, оцу юкъанна пенсех а ду дохуш, - элира Маринас.

Кеп-кепара яра наха Череповецерчу гуламе карахь еъна лозунгаш. Шашах яра цхьаъ: "Дуьненаюкъара Валютан Фонд, дIадаха куьйгаш Оьрсийчоьнна тIера!" Иза лаьцна лаьтта зуда, стенна ю цуьнан лозунг ишта, аьлла, шега хаьттича, реза ца хилира жоп дала.

Череповецера гулам
Череповецера гулам

Гуламо хIоттийначу резолюцино доьху Iедале "пенсин реформа" сацор, ягочун, кхечу дахаран хьелийн мехаш цадестийтар.

Коммунисташа Череповецехь рогIехь хIоттор бу гулам кху беттан 28-чохь.

"Президенто божош бу шега хилла тешам"

Петрозаводскехь Товбеца-беттан 5-чу дийнахь Лососинки-хин йистехь Карелин профессионалийн юкъарлонаша хIоттийначу гуламе веара 500 вахархо.

Республикан дарбан цIийнан профессионалийн юкъарлонан куьйгалхо Михалева Татьяна пенсе яьлла зуда ю, амма 36 шарахь болхбинчул тIаьхьа а сецира иза балхахь, шайн дарбан цIийнан хIусаман библиотекехь. Лучу пенсин 15 эзар соьмо ша ца кхобу, бохура цо.

- Оьрсийчохь галъяьлла экономика баккхийчу наха меттахIотто езаш хилла, бюджетна къахьегначу тхуна кхаьчнарг иза ду, амма чаккхе хила-м еза цуьнан, - элира Михалевас.

- Дуьненна чемпионат хIотто ахча ду церан, ткъа пенсиэцархошна тIехь тоеш ю экономика. Иза харцо ю. Президент ву жоп дала декхаре, иза цунна ца хууш деш дац. Хаьа, цуьнан белш тIера охьа а даьккхина, жоьпалла Медведевн белшашка дерзийна. Дац иза нийса. Президенто божош бу шега болу тешам, - бохура гуламехь республикан дарбан цIийнерчу лоьро Плюхина Иринас.

Череповецерчу гуламехь
Череповецерчу гуламехь

Гуламехь къамелаш диначаралахь бара коммунисташ, "Нийсонан Оьрсийчоь" партин, "РОТ фронт" боламан векалш. Президенте а, Iедалан дайшка а даржаш дита, бохура цара. ТIеэцначу сацамо беккъа цхьана Медведевн гоне бен ца бохура даржаш мукъадаха.

Пикеташ – юьхьиг бен яц

Орел гIалахь кху беттан 6-чу дийнахь пенсин реформина дуьхьал массийтта меттехь пикеташ хIиттийра.

- Пенси – мукъа хан ю, конституцино ян а йогIуш ло иза. Вайгара иза дIаяккха гIерта. Пенсионерех лаьтта тхан ах-коллектив, хазахета ца бо къаноша болх, таро яцарна бо, - бохура Толаман майданахь, лозунг карахь, лаьттачу воккхачу стага. "Реза дац пенсин хан лакхаяккхийта!" аьлла дара цуьнан карарчу лозунга тIера йоза.

Орелерчу гуламехь
Орелерчу гуламехь

Пхийттех стаг лаьттара йозанаш карахь Инарла Горбатовн майданахь. "ТIех ма дийла, пенсин реформина дуьхьал ду шаьш, алий, куьг язде!" – бохуш, нахаца къамеле юьйлура акцина тIехьожуш хьийза зуда. Бахархоша, совций, куьйгаш яздора петицина буха.

Ленинан урамехь а, кхечу майданашкахь а карийра журналисташна изза хьал.

- ГIалара ерриг а профессионалийн юкъарлонийн - 16 ю уьш – векалш арабевлла акце, Iалашо цхьаъ ю: нахана хетарг даржор, вуно дукха бу реформина резабоцурш. Амма юьхь бен яц хIинца а, гурахь шорлур бу хIара болам, - элира Орел гIалин профессионалийн юкъарлонийн лидеро Гладких Елизаветас.

Даржаш дита деза президенто а, Iедалан дайша а

Карелерчу акце 700 стаг веанера. Петрозаводскна юккъерчу Студентийн майдана гулдинера халкъ коммунисташа.

Министрийн кабинето а, президенто а даржаш дита деза, бохура наха багахь а, карарчу лозунгашца а. Карелин парламентан депутат Рогалевич Андрей ваьллера майдана, "И хан кхаччалц вехар а вац" йоза тIехь долу кехат хьалха а латийна.

Рогалевич Андрей
Рогалевич Андрей

-Дарже ша вогIуш, пачхьалкхехь хьал оьшур дац, элира Путина, ткъа беттанашка а валале гойту ша дендерг, дарж дита деза цо, ала деза, ас шу Iехийна, шен Iедал а эцна, цIаваха веза, - дIахьедира Рогалевича.

Бутт бовш реформина дуьхьал рогIера гулам хIоттор бу шаьш, элира Петозаводскерчу жигархоша.

"90 шо кхаьччалц пенсе ца дахийтича кхин а дика хир дацара?! "

Барнаулерчу Советийн майдана гулвелира шоьтадийнахь эзар сов стаг, пенсин реформина духьал гулдира жигархоша 1200 куьг. И терахь хазийна акци вовшахтоьхначу меттигерчу коммунисташа.

"90 шо кхаьччалц пенсе ца дахийтича кхин а дика хир дацара?! ", "Пенси? Цига кхаччалц дехар а дац", "Пенсе вахале лиэ" – иштта яра Барнаулехь лозунгаш.

Петрозаводскерчу гуламехь
Петрозаводскерчу гуламехь

Кхузарчу гуламхоша а далхадора дистина мехаш, кхечу пачхьалкхашкара тIебаьхкинчу наха шайн хьаннаш хьоькхуш, хIаллакъеш хилар, хасстоьмаш молханашна тIехь кхиош хилар.

"Оьрсийчоьнан сатийсам" цIе йолчу зударийн боламан лидеро Идолова Ларисас, ша Iедал емалдеш, элира, 50 шо даьлча, мох а хьоькхуш, жил-Iалам талхош, индустино эккхийтинчу кIуьрала а боьлла, беса лаьттар бу шайн мохк. Леш бацош хилла зама юхайогIуш ю Оьрсийчохь, бохура кхечара.

Футболан чемпионат йирзича айлур бу Оьрсийчохь протестан болам - дуккха гIаланашкахь кху беттан чаккхене, кхидIайолчу замане хьовсийна лаьтта гуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG